[1] Везачу Эло Сарат декъалйира, цуьнга Ша аьлларг кхочуш а дина.
[2] ИбрахӀим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кӀант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира.
[3] Сарата винчу кӀентан цӀе Исхьакх (иза Ӏебархойн маттахь «диэлар» бохург ду) тиллира ИбрахӀима.
[4] Исхьакхан бархӀ де кхаьчча, ИбрахӀима иза сунтвира, Дала шена тӀе ма-диллара.
[5] ИбрахӀиман бӀе шо дара, цунна Исхьакх вича.
[6] Сарата элира: «Дала суна елар делла, хӀора а, кхунах лаьцна хезнарг, соьца воьлуш хир ву».
[7] Кхин а цо элира: «Хьан эр дара ИбрахӀиме: „Сарата бер дакхор ду“, – аьлла? Амма ас ИбрахӀимна, иза къена воллушехь, кӀант вина».
[8] Исхьакх воккха хуьлуш вара. Иза вакхочуьра дӀавоккху хан тӀекхаьчча, ИбрахӀима доккха той хӀоттийра.
[9] Саратна арахь, ца вешаш, воьлуш ИсмаьӀал гира. Иза гӀарбаш йолчу мисархочо ХӀажара ИбрахӀимна вина кӀант вара.
[10] Сарата элира ИбрахӀиме: «Эккхае и гӀарбаш а, цуьнан кӀант а, хӀунда аьлча гӀарбашо винчу кӀанта сан кӀантаца Исхьакхаца тӀаьхьадисинарг доькъур дац!»
[11] ИбрахӀим дог доьхна вара, шен кӀантана ИсмаьӀална сагатдеш.
[12] Амма Дала элира цуьнга: «Са ма гатде хьайн кӀантана а, гӀарбашна а! Саратна мел луъург де! Хьан тӀаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю,
[13] амма Ас оцу гӀарбашан кӀантах а халкъ схьадолуьйтур ду, иза хьан кӀант волу дела».
[14] Ӏуьйранна гӀаьттинчу ИбрахӀима, бепиг а, пӀаьлдиг чохь хи а делла, кӀантаца ХӀажар дӀахьажийра. ДӀайоьдуш, Беар-ШабаӀ цӀе йолчу яьссачу арахь тилаелира иза.
[15] Кестта хи кхачийра. Цхьана кулла кӀел кӀант охьахаийра ХӀажара.
[16] Ӏодан чӀу кхуссучул гена а яьлла, сецна, охьахиира иза. Хи а доцуш висина шен кӀант леш ган ца лаьара цунна, цундела, охьа а хиина, йоьлхуш Ӏара иза.
[17] Далла хезира кӀант ша Ӏуьллучохь воьлхуш. Делан малико стигалара элира ХӀажаре: «ХӀун хилла, ХӀажар! Ма кхера! Везачу Элана хезна кӀант воьлхуш.
[18] Яха а гӀой, куьг а лаций, дӀавига иза. Ас доккхачу халкъан да вийр ву цунах».
[19] Дала ХӀажаран бӀаьргаш схьадиллира, тӀаккха цунна чохь хи долу гӀу гира. Цо, тӀеяхана, пӀаьлдиг хьала а буьзна, кӀантана хи делира.
[20] КӀант воккха хуьлуш вара, цуьнца Дела вара. Яьссачу арахь Ӏаш волу ИсмаьӀал, говза Ӏад лелош волу таллархо хилира.
[21] Нанас цунна Мисар-махкара зуда ялийра. Паран цӀе йолчу яьссачу арахь Ӏаш бара уьш.
[22] Абу-Малика а, цуьнан тӀеман хьаькам волчу Пихала а элира ИбрахӀиме: «Ахь дечу массо а хӀуманна тӀехь хьоьца Дела ву.
[23] Далла хьалха суна чӀагӀо е, хьо соьца а, сан берашца а, сан тӀаьхьенца а ямартло лелош хир вац алий. Со хьайца ма-хиллара, хьо соьца а, хӀокху хьо тӀевеанчу махкаца а къинхетаме хир ву алий».
[24] ИбрахӀима жоп делира: «ЧӀагӀо йо ас».
[25] ТӀаккха ИбрахӀима Абу-Малике бехк баьккхира, цуьнан ялхоша хи чохь долу гӀу дӀалаьцна аьлла.
[26] Абу-Малика элира: «Ахь соьга иза ца аьлла, ткъа таханлера де тӀекхаччалц суна и ца хезна!»
[27] ТӀаккха ИбрахӀима, уьстагӀий а, бежанаш а далийна, Абу-Маликана делира. Иштта ИбрахӀима а, Абу-Малика а барт бира.
[28] Кхин ворхӀ жий жа юкъара дӀакъастийра цо.
[29] «ВорхӀ жий дӀакъасторан хӀун маьӀна ду хьан?» – аьлла, хаьттира Абу-Малика.
[30] ИбрахӀима жоп делира: «Нагахь ахь хӀара ворхӀ уьстагӀ дӀаэцахь, ас и гӀу яккхаран тоьшалла хир ду иза».
[31] Цундела тиллина цу гӀунан цӀе Беар-ШабаӀ («чӀагӀонан гӀу» бохург ду иза) аьлла, цу шиммо оцу меттехь шайна юкъахь чӀагӀо йина дела.
[32] Беар-ШабаӀна уллохь барт бина чул тӀаьхьа, Абу-Малик а, цуьнан тӀеман хьаькам Пихал а ПӀелаштам-махка юхавеара.
[33] Беар-ШабаӀна гена доццуш тамариск цӀе йолу дитт а доьгӀна, цу меттигана уллохь Везачу Эле, гуттар а волчу Деле кхайкхира ИбрахӀима.
[34] ПӀелаштам-махкахь, тӀевеана стаг а хилла, дуккха а йолчу хенахь Ӏийра иза.