Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀаккха Юсупа, ялхой болчохь кхин са а ца тохаделла, мохь туьйхира: «ДӀадовла суна гучуьра!» Царах цхьа а чохь вацара, Юсупа ша вежаршна вовзийтича.

[2] Иза чӀогӀа вилхира, мисархошна а, пирӀунан цӀенна а хезара цуьнан белхар.

[3] Юсупа элира шен вежаршка: «Со Юсуп ву! Дийна вуй сан да?» Амма инзарбевлла а, кхерабелла а болчу вежаршка дуьхьал жоп ца далалора.

[4] ТӀаккха Юсупа элира: «Суна тӀедуьйлийша». Уьш тӀебаьхкича, цо элира: «Со аша Мисар-махка воьхкина шун ваша Юсуп ву!

[5] Амма дохий а ма хьийза, шайна оьгӀаз а ма эха шаьш со Мисар-махка вохкарна. Адамаш кӀелхьардахархьама, шул хьалха со кхачийтира Дала кхуза.

[6] Ши шо ду кху махкахь мацалла йолу, кхин пхеа шарахь а хир дац ялта дуьйш а, дерзош а.

[7] Амма Дала ваийтина со шул хьалха, кху лаьтта тӀехь шун тӀаьхье хилийта а, шун дахар инзаре кӀелхьардаккха а.

[8] Аша ца ваийтина со кхуза, Дала ваийтина. Цо сох пирӀунан да вина, цуьнан цӀийна тӀехь эла а, берриг а Мисар-махка тӀехь куьйгалхо а вина.

[9] Сихо яй, сан дена тӀе а кхачий, ала цуьнга: „Хьан кӀанта Юсупа хабар доуьйту хьоьга: ‘Дала со Мисар-махкахь куьйгалхо вина. Со волчу схьавола, хан ца йолуьйтуш.

[10] ГӀашан цӀе йолчу меттехь Ӏийр ву хьо, суна уллохь. Хьан бераш а, берийн бераш а, берриг а бахам а, дерриг а даьхни а схьадаладе.

[11] ГӀашанехь хьо а, хьан доьзал а кхобур бу ас, хӀунда аьлча тӀедогӀуш мацаллин пхи шо ду. Иза ца дахь, хьо а, хьан цӀа а, хьан долахь дерг дерриг а эшамехь хир ду’“.

[12] Шуна а, сан вешина Бен-Яманна а шайн бӀаьргашна гуш ду шайца къамел дийриг со хилар.

[13] Сан дега со Мисар-махкахь сийлахь хилар а, шайна кхузахь мел гинарг а дийца. Иза сиха кхуза схьа а валаве».

[14] Шен ваша Бен-Яман, мара а воьллина, вилхира иза, Бен-Яман а вилхира цуьнца.

[15] Массо а ваша мара а вуллуш, царна барташ а дохуш, воьлхура Юсуп. Цул тӀаьхьа вежарша цуьнца къамел дира.

[16] Юсупан вежарий баьхкина аьлла, хабар пирӀунна тӀекхечира. ПирӀун а, цунна уллорнаш а хазахеташ бара.

[17] ПирӀуно Юсупе элира: «ДӀаала хьайн вежаршка, шайна оьшшучул даа хӀума КанаӀан-махка дӀа а хьо.

[18] Шайн да а, доьзалш а кхуза схьа а балабе. Ас Мисарахь тоьлла долу латта лур ду шуна, цунах схьадаьллачух дехар ду шу, алий».

[19] Кхин а элира пирӀуно: «Хьуна тӀедуьллу ас, Юсуп, хьайн вежаршка дӀаалар: „Мисар-махкара гӀудалкхаш йига шайн бераш а, зударий а схьабало, шайн да а валош, шаьш а схьадуьйла.

[20] Шайн салпална са ма гатде, Мисарахь тоьлла дерг шун хир ду“».

[21] Исраилан кӀенташа цо ма-бохху дира. ПирӀуно деллачу омрица Юсупа царна гӀудалкхаш а, некъана кхача а белира.

[22] ХӀоранна а керла духар делира, ткъа Бен-Яманна кхо бӀе шекхал дети а, пхеа тайпана тӀеюху хӀуманаш а елира.

[23] Юсупа шен дена а дахьийтира совгӀаташ: Мисар-махкара тоьлла долу хӀума тӀехь долуш итт вир а яра, кӀа а, бепиг а, некъана лерина тайп-тайпана даарш тӀехь долуш итт виркхел а яра.

[24] Цул тӀаьхьа, вежарий новкъа а баьхна, уьш дӀабоьлхуш, цо элира: «Новкъахь девнаш ма дахалаш!»

[25] Мисарара ара а бевлла, шайн да Якъуб волчу КанаӀан-махка баьхкира уьш.

[26] Цара элира цуьнга: «Юсуп дийна ву! Юсуп берриг а Мисар-мехкан куьйгалхо ву!» Якъуб хӀун эр ду а ца хууш висира, цкъа хьалха иза ца тийшира царах.

[27] Амма Юсупа даийтина хабар а хезча, цо шена яийтина гӀудалкхаш а гича, Якъубан дог хазахетта тохаделира.

[28] Исраила элира: «Тоьар ду! Сан кӀант Юсуп дийна ву. Со валале и ган гӀур ву со».

Дуьненан доладалар — Chapters