[1] Якъубца Мисар-махка шайн доьзалшца баьхкинчу Исраилан кӀентийн цӀераш хӀорш ю:
[2] Раабан, ШимӀа, Леви, ЯхӀуд,
[3] Иссархан, Забул, Бен-Яман,
[4] Дан, Наптал, Гада, Ашар.
[5] Верриг а Якъубах схьаваьлларг кхузткъе итт вара, ткъа Юсуп цу хенахь Мисарахь вара.
[6] Юсуп а, цуьнан вежарий а, церан нах а, кхелхина, дӀабевллера.
[7] Ткъа Исраилан тӀаьхьенах болу нах, деба а дебаш, алсамбуьйлуш бара. Берриг а мохк буьзнера цара.
[8] Юха Мисар-махкахь керла пирӀун хӀоьттира, цунна Юсупах лаьцна хӀумма а ца хаьара.
[9] Цо элира шен халкъе: «Исраилан халкъ доккха хилла, иза вайна кхераме хила мегаш ду.
[10] Исраилхой ца дебийта хьовса деза вай. Нагахь тӀом балахь, уьш вайн мостагӀех дӀа а кхетта, вайх лата а летта, кху махкара дӀагӀур бу».
[11] Мисархоша шайн хьаькамаш хӀиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаӀамсас а цӀераш йолу гӀаланаш йира исраилхоша пирӀунна, шайна чохь тӀаьхьалонна хӀума латто.
[12] Амма оцу халкъана тӀехь гӀело мел йо а, иза тӀеттӀа дебара, цу махкахула дӀасадаьржара. Мисархой кхоьрура исраилхойх.
[13] Цундела кхин а чӀогӀа беза а, хала а белхаш бойтура цара исраилхошка.
[14] Мисархоша къахьдинера исраилхойн дахар, поппарца а, кибарчигашца а болу а, аренашкахь болу а беза белхаш бойтуш. Муьлхха а болх бойтура цара исраилхошка, къинхетам боцуш.
[15] Ӏебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь царна гӀо деш яра Шапарат а, ПуӀа а цӀераш йолу ши зуда. ПирӀуно омра дира цаьрга:
[16] «Ӏебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь йоӀ дийна йита, кӀант ве!», – аьлла.
[17] Амма Делах кхоьруш йолчу шина зудчо пирӀуно бохург ца дора, цара кӀентий дийна буьтура.
[18] ПирӀуно, тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «И хӀун ду аша деш дерг? КӀентий дийна хӀунда буьту аша?»
[19] Шина зудчо пирӀуне элира: «Ӏебархойн зударий мисархойчарал могуш а, онда а бу. Тхо тӀекхачале бер дуьнен чу даьлла хуьлу церан».
[20] Дала диканиг дора цу шина зудчунна. Ткъа Ӏебархойн халкъ тӀеттӀа алсамдолуш дара.
[21] Шех кхоьруш и ши зуда хиларна, Дала церан шайн а доьзалш хилийтира.
[22] ТӀаккха пирӀуно дерриге а шен халкъе омра дира: «Дуьнен чу ваьлла Ӏебархойн кӀант Нил-хи чу кхосса, ткъа йоӀ дийна йита», – аьлла.