[1] Дукха хан ялале Юсупе элира, цуьнан да чӀогӀа цомгуш ву аьлла. Шен ши кӀант, Маннаш а, Эпрам а, эцна, цунна тӀе вахара иза.
[2] Якъубе хаам бира: «Хьо волчу хьан кӀант Юсуп веана», – аьлла. Шен берриг а ницкъ гулбина, метта охьахиира Исраил.
[3] Якъуба элира Юсупе: «КанаӀан-махкарчу Луз олучу меттехь Ша гайтинчу Нуьцкъалчу Дала декъалвира со.
[4] Цо элира соьга: „Ас дебор бу хьан доьзал, хьан дуккха а бераш хуьлуьйтур ду, хьох халкъийн доьзал схьабер бу. ХӀара латта хьан тӀаьхьенна гуттаренна а дӀалур ду Ас“.
[5] Со Мисара вале кхузахь хьуна вина волу ши кӀант хӀинца дуьйна сан хир ву. Эпрам а, Маннаш а сан хир ву, Раабан а, ШимӀа а санна.
[6] Кхарал тӀаьхьа хьуна дина бераш хьан хир ду. Церан дола даьллачу лаьтта тӀехь шайн вежарийн кӀентий болуш санна Ӏийр бу уьш.
[7] Со Падан-Арамера схьавогӀуш, КанаӀан-махкахь Эпрати цӀе йолчу гӀалина тӀекхачале, новкъахь, хьан нана Рахьал елира. Цигахь Эпрате (Байтлахаме) боьдучу новкъа йистехь дӀайоьллира ас иза».
[8] ТӀаккха, Юсупан кӀентий а гина, Исраила хаьттира: «Уьш муьлш бу?»
[9] Юсупа дена жоп делира: «Уьш Дала суна кхузахь белла кӀентий бу». ТӀаккха Исраила элира: «Суна тӀе валаве и шиъ соьга декъалвайта».
[10] Иза дукха къена волуш цуьнан бӀаьргашна са дика ца гора. Юсупа ши кӀант цунна тӀе валийра. Цо, мара а бухкуш, барташ дехира царна.
[11] Исраила элира Юсупе: «Суна ца моьттура сайна хьо юха гур ву, ткъа Дала хьан бераш ган а аьтто би сан».
[12] Ши кӀант Исраилан голашна уллора дӀа а хилийна, цунна хьалха лохха охьатаьӀира Юсуп.
[13] Цул тӀаьхьа, дена улло ши кӀант схьа а валийна, Эпрам шена аьтту агӀор Исраилна аьрру агӀор хӀоттийра цо, ткъа Маннаш шена аьрру агӀор Исраилна аьтту агӀор хӀоттийра.
[14] Амма Исраила шен аьтту куьг Эпраман коьрта тӀе диллира, иза жима велахь а, ткъа аьрру куьг, аьттучунна тӀехула а даьккхина, Маннашан коьрта тӀе диллира. Цхьа Ӏалашо йолуш дира цо иштта, Маннаш дуьххьарниг воллушехь.
[15] Юха, цаьргахула Юсуп декъал а веш, цо элира: «Шена кӀелахь сан дай ИбрахӀим а, Исхьакх а лелла Дела, таханлера де кхаччалц дерриг а сан дахарехь со Шена тӀаьхьа хӀоттийна лелла волу Дела,
[16] муьлххачу а вочух со ларвина Малик, декъалдехьа хӀара бераш. Кхаьргахь дӀахьойла сан а, сан дайн ИбрахӀиман а, Исхьакхан а цӀераш. Деба а дебна, даккхий халкъаш схьадовлийла кхарах дуьнен чохь».
[17] Шен дас аьтту куьг Эпраман коьрта тӀе диллина гича, Юсупна халахийтира. Цо ден куьг схьалецира, Эпраман коьрта тӀера Маннашан коьрта тӀе дилла дагахь.
[18] Юсупа элира цуьнга: «ХӀан-хӀан, дада, хьалхарниг хӀара ву, аьтту куьг цуьнан коьрта тӀе дилла».
[19] Амма да реза ца хилира: «Суна хаьа, сан кӀант, суна хаьа. Кхунах а халкъ схьадер ду, и халкъ а доккха, сийлахь хир ду. Амма жимаха волу ваша цул лакхара хир ву, цуьнан тӀаьхьенах дукха халкъаш схьадевр ду».
[20] Цу дийнахь, уьш декъал а беш, цо элира: «Шун цӀерашца Исраилан халкъо вовшийн декъалбийр бу: „Эпрам а, Маннаш а санна войла хьо Дала“, – бохуш». Иштта Эпрам Маннашал лакхара хӀоттийра цо.
[21] Юха Исраила элира Юсупе: «Со леш ву, амма Дела шуьца хир ву. Цо шайн дайн лаьтта тӀе юхадуьгур ду шу.
[22] Хьайн вежарел хьо лакхара хиларна, айса эмархошкара туьраца а, Ӏодаца а баьккхина Шехем-мохк дӀало ас хьуна».