Skip to content
Opens in a new window

[1] Дийнна ши шо чекхдаьлча, пирӀунна гӀан гира: ша Нил цӀе йолчу хина йистехь лаьтташ,

[2] хи чуьра берстана а, хаза а ворхӀ етт, хьала а баьлла, эрзашкахь бажа хӀоьттира.

[3] Царна тӀаьххье кхин ворхӀ етт схьабелира Нил чуьра. И бежанаш гӀийла а, ирча а дара. Берда тӀехь вукхарна юххе дӀахӀиттира уьш.

[4] ГӀийлачу бежанаша дерстанаш диира. Эццахь пирӀун самавелира.

[5] Юха иза дӀавижча, кхин гӀан гира цунна: цхьана гӀода тӀехь буьззина а, хаза а ворхӀ кан бара.

[6] Юха царна тӀаьххье хьалабелира кхин ворхӀ кан. Уьш гӀийла а, малхбалерчу мохо багийна а бара.

[7] ГӀийлачу кенаша дуьззина долу кенаш дӀадиира. Самаваьллачу пирӀунна иза гӀан дуйла хиира.

[8] Ӏуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гӀенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьӀна дан ца хиира.

[9] ТӀаккха коьртачу чагӀардуттучо элира пирӀуне: «ХӀинца суна дагадеа со бехке хилар.

[10] Цхьана хенахь пирӀун оьгӀазвахнера шен ялхошна. Со а, коьрта бепигдоттург а пирӀунан гӀаролан хьаькаман цӀенца йолчу набахти чу воллийтира.

[11] Суна а, сан накъостана а набахтехь цхьана буса гӀан гира. ХӀора гӀан шен маьӀна долуш дара.

[12] Тхоьца чувоьллина гӀаролан хьаькаман ялхо волу къона Ӏебархо вара. Оха цунна тхешан гӀенаш дийцира, цо церан маьӀна дира.

[13] Цо ма-дийццара нисделира дерриг а: со сайн балха схьавеара, соьца чувоьллина хилларг хьалаоьллира».

[14] ПирӀуно Юсупна тӀаьхьа нах бахийтира, цара иза сихонца набахтера схьавалийра. Маж а яьшна, тӀе цӀена хӀума а юьйхина, пирӀунна тӀевахара Юсуп.

[15] ПирӀуно элира Юсупе: «Суна гӀан гина, амма цхьаьнгге а цуьнан маьӀна ца дало. Суна хезнера хьох лаьцна, хьо гӀенех дерг девзаш а, церан маьӀна дан хууш а ву бохуш».

[16] Юсупа жоп делира: «Соьга далалур дац, Дала лур ду пирӀунна дика жоп».

[17] ПирӀуно дийцира Юсупна: «Суна гӀенах со Нилан берда тӀехь лаьтташ гира.

[18] ЦӀеххьана, хи чуьра хьала а баьлла, хаза а, берстана а ворхӀ етт эрзашкахь бажа хӀоьттира.

[19] Царна тӀаьххье цкъа а суна Мисар-махкахь гина боцу, чӀогӀа ирча а, оза а ворхӀ етт хьалабелира.

[20] Хьалха хьаладевлла, хаза а, нисделла а бежанаш цу гӀийлачу, ирчачу бежанаша диира.

[21] Амма цаьрга хьаьжча, цхьаммо а эр дацара цара уьш диъна: шаьш хьалха ма-дарра ирча дара и бежанаш. Эццахь со самавелира.

[22] Юха суна гӀенах цхьана гӀад тӀехь хьалабаьлла хаза а, буьззина а ворхӀ кан гира.

[23] Царна тӀаьххье хьалабелира бекъа а, гӀийла а, малхбалерчу мохо чахчийна а ворхӀ кан.

[24] ГӀийлачу кенаша дуьззина дерш дӀадиира. Ас бозбунчашка дийцира иза, амма цхьанна а маьӀна дан ца хиира цуьнан».

[25] Юсупа элира пирӀуне: «И ший а гӀан цхьана хӀуманах лаьцна ду. Дала хьуна схьадиллина Ша дан воллург.

[26] ВорхӀ дика етт а, ворхӀ дика кан а – иза ворхӀ шо ду. И ший а гӀан цхьаннах лаьцна ду.

[27] Ткъа вукхарал тӀаьхьа хьалабаьлла болу ворхӀ гӀийла а, ирча а етт а, ворхӀ гӀийла а, малхбалерчу мохо чахчийна кан а – иза ворхӀ шо ду. Мацалла хӀоьттина ворхӀ шо.

[28] Дала пирӀунна Ша дан воллург схьадиллина аьлла, ас бохург хӀара дара.

[29] Мисар-махкахь шорто йолуш, токхе ворхӀ шо тӀекхочуш ду.

[30] Юха тӀедогӀу ворхӀ шо мацалла йолуш хир ду. Шорто хилла хилар дицлур ду – мацалло дерриг а латта дассор ду.

[31] Шорто йицлур ю цунна тӀаьххье йогӀун йолу мацалла бахьана долуш, хӀунда аьлча мацалла луьра хир ю.

[32] ПирӀунна гӀан шозза гаран маьӀна ду Делан сацам хилла чекхбалар а, Цо иза кестта кхочушбийриг хилар а.

[33] ХӀума хууш а, хьекъал долу а стаг а лехна, Мисар-махкахь куьйгалла дан иза хӀотто веза ахь.

[34] Шорто йолчу ворхӀ шарахь Мисар-махкахь кхиъначу ялтин пхоьалгӀа дакъа схьагулдеш, нах арабаха беза.

[35] Оцу дикачу шерашкахь цара ялта гул а деш, пирӀунан омрица гӀаланашкахь кӀа Ӏалашдан деза.

[36] Гулдина ялта дӀадиллина хир ду, мацалла тӀееанчу ворхӀ шарахь Мисар-махкара адам хӀаллак ца хилийта».

[37] ПирӀуно а, цунна гонах болчу элаша а, реза а хилла, тӀетодира Юсупа аьлларг.

[38] Шен элашка пирӀуно хаьттира: «ХӀара стаг санна верг вайна кхин мила карор ву, шена чохь Делан Са а долуш?»

[39] ТӀаккха пирӀуно Юсупе элира: «Дала и дерриг а хьуна схьадиллина хилча, хьол хьекъал долуш а, хӀуманах кхеташ а стаг вац.

[40] Ас сайн цӀенна тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво хьо, дерриг а сан халкъ хьан омранаш кхочушдеш хир ду. Паччахьан дарже хьаьжна бен, со хьол лакхара хир вац».

[41] ПирӀуно элира Юсупе: «Хьажалахь, ас берриг а Мисар-махка тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво хьо».

[42] Цо шен пӀелга тӀера схьадаьккхина мухӀар Юсупан пӀелга тӀе доьллира, дуткъачу кӀадинах дина духар цунна тӀе а дуьйхина, цуьнан коча дашо зӀе оьллира.

[43] Шен шолгӀа гӀудалкха чохь лелаве иза аьлла, омра дира пирӀуно. Юсупна хьалха боьлхучу ялхоша, цунна некъ бита бохуш, маьхьарий деттара. Иштта пирӀуно Мисар-махка тӀехь куьйгалхо хӀоттийра Юсуп.

[44] ПирӀуно элира Юсупе: «Со пирӀун ву, амма берриг а Мисар-махкахь хьан бакъо йоцуш цхьа а меттахвала а ваьхьар вац».

[45] Цо Юсупна керла цӀе елира – Цапнат-ПаӀнахь аьлла. Ана цӀе йолчу гӀалин динан да волчу ПатипараӀан йоӀ Аснат ялийра пирӀуно Юсупна. Иштта Юсуп берриг а Мисар-махкана тӀехь урхалла деш хилира.

[46] Юсупан ткъе итт шо дара, Мисаран паччахьна гӀуллакх дан иза вахача. ПирӀун волчуьра араваьлла, берриг а Мисар-махкахула чекхвелира иза.

[47] Шорто йолчу ворхӀ шарахь лаьтто дуккха а ялта делира.

[48] Оцу ворхӀ шарахь кхиъна ялта, гул а деш, гӀаланашкахь охьадуьллура Юсупа. Луларчу аренашкахь кхиъна ялта хӀора гӀалахь охьадуьллура цо.

[49] ХӀордан гӀум санна, дукха дара Юсупа гулдина кӀа. Цо иза, дагар а ца деш, дитира, хӀунда аьлча дагар ца даллал иза дукха хиларна.

[50] Мацалла хӀутту шераш тӀекхачале Ана цӀе йолчу гӀалин динан ден ПатипараӀан йоӀа Асната ши кӀант вира Юсупна.

[51] Дуьххьарлерачу кӀентан цӀе Маннаш тиллира Юсупа (иза «дицдайтар» бохучух тера ду). Цо бохура: «Дала сайна хилла халонаш а, ден цӀа а дицдайтина соьга».

[52] ШолгӀачу кӀентан цӀе Эпрам тиллира цо (иза «дебийтар» бохург ду). Юсупа бохура: «Ас бала хьегначу махкахь Дала дебийтина со».

[53] Мисарахь шорто йолу ворхӀ шо чекхделира.

[54] Юсупа ма-аллара, мацалла еана ворхӀ шо дӀадоладелира. Вукху мехкашкахь а яра мацалла, Мисарахь бен яа хӀума яцара.

[55] Амма ерриг а Мисарахь мацалла хӀоьттича, адам пирӀунна тӀедахара ялта доьхуш. Цо элира мисархошка: «Юсупна тӀе а гӀой, цо бохург де».

[56] Берриг а махкахь мацалла яра. Юсупа мисархошна кӀа доьхкира, иза дӀадиллина меттигаш схьа а йиллина, хӀунда аьлча Мисарахь чӀогӀа мацалла хӀоьттинера.

[57] Гонах болчу массо а махкара нах Мисара Юсупера кӀа эца богӀура, хӀунда аьлча массанхьа а луьра мацалла яра.

Дуьненан доладалар — Chapters