Skip to content
Opens in a new window

[1] Юсупа элира шен цӀийнан куьйгалхочуьнга: «Цу нехан галеш чу яхьа мел ло яа хӀума а йилла, церан дети юха галеш чу а дилла.

[2] Сан дато кад жимаха волчун гали чу билла цо кӀенах дала деанчу ахчанца цхьаьна». Цо ма-бохху гӀуллакх кхочушдира ялхочо.

[3] Са ма-хилла, вежарий шайн варрашца новкъа бехира.

[4] Уьш гӀалина гена ца бевллера, Юсупа шен цӀийнан куьйгалхочуьнга аьлча: «Сихха оцу нахана тӀаьхьа а гӀой, тӀекхаьчча, ала цаьрга: „Шайна динчу диканна дуьхьал вон хӀунда дина аш?

[5] Сан элан дато кад хӀунда лачкъийна аш? Цо чуьра молуш а, пал тосуш лелош а кад ма бу иза! Аш динарг вон хӀума ду!“»

[6] ТӀаьхьа а кхиъна, ялхочо элира цаьрга и дешнаш.

[7] Вежарша жоп делира: «Иштта хӀунда боху ахь? И санна долу хӀума оха цкъа а дийр дацара.

[8] КанаӀан-махкара дуьйна тхайн галеш чохь карийна дети юхадеана оха. Хьан элан цӀа чуьра дети я деши оха хӀунда лачкъор ду?

[9] Нагахь и кад цхьаннан гали чохь хьуна карабахь, и стаг лийр ву, ткъа тхо хьан леш хир ду».

[10] Ялхочо элира: «Дика ду, аш ма-бохху дийр ду вай: цхьаьнгахь кад карабахь, иза сан лай хир ву, ткъа биснарш маьрша хир бу».

[11] Вежарша шайн галеш, лаьтта охьа а дехкина, схьадаьстира.

[12] Воккхачунна тӀера жимачунна тӀекхаччалц кад лаха волавелира Юсупан цӀийнан куьйгалхо. Кад Бен-Яманан гали чохь карийра.

[13] Холчу хӀиттина, шайна тӀера хӀуманаш этӀийра вежарша. Юха, шайн варраш тӀе маххьаш а дехкина, гӀала юхабаьхкира уьш.

[14] Юсупан цӀа чу схьабаьхкира ЯхӀуд а, цуьнан вежарий а. Иза дӀавахаза цӀахь вара. Цунна хьалха гораийгира уьш.

[15] Юсупа элира цаьрга: «И хӀун ду аш динарг? Со санна волчу стагана муьлхха а хӀума, пал тесча, хуур дуй ца хаьа шуна?»

[16] ЯхӀуда жоп делира: «Тхан ала хӀума дац хьоьга, эла. Тхайн бехк ца хилар муха хоуьйтур ду оха? Далла хиъна, шен ялхойн бехк буйла. ХӀинца тхо а, кад шегахь карийнарг а хьан леш ду-кх, эла».

[17] Юсупа элира: «И саннарг дийр дац ас! Шегахь сан кад карийнарг хир ву сан лай, ткъа шу шайн да волчу маьрша дӀагӀо».

[18] ТӀаккха ЯхӀуда, тӀе а вахана, элира цуьнга: «Сан эла, доьху хьоьга цхьа дош алийтар. Хьо пирӀуне кхоччуш велахь а, хьайн ялхочунна оьгӀаз ма гӀолахь.

[19] Тхо хьалха кхузахь долуш ахьа хаьттира тхоьга: „Шун да а, ваша а вуй?“ – аьлла.

[20] Оха жоп делира: „Къена да а ву, иза воккха волчу хенахь хилла жима ваша а ву“, – аьлла. Тхан дена къаьсттана дукхавеза и жимаха волу кӀант. Цу кӀентан нанас вина ваша вала а велла, ша цхьаъ висна иза.

[21] ТӀаккха ахьа элира тхоьга: „Схьавалаве иза кхуза, со цуьнга хьажийта“.

[22] Оха хьуна жоп делира: „Да а витина вогӀийла дац цу кӀентан. Нагахь иза вагӀахь, да лийр ву“.

[23] Амма ахьа тхоьга элира: „Шун ваша шуьца кхуза схьаваллалц, шуна сан юьхь гур яц“.

[24] Тхайн да волчу а дахана, ахьа аьлларг дӀадийцира оха.

[25] Дас элира тхоьга: „Юха а гӀой, жимма ялта эца“, – аьлла.

[26] Амма оха жоп делира: „Жимаха волу ваша а эцна бен гӀойла дац тхан цига. Цу стеган юьхь гойла хир дац, тхоьца жимаха волу ваша ца хилахь“.

[27] ТӀаккха дас тхоьга элира: „Шуна хаьа сан зудчо суна ши кӀант винийла.

[28] Цу шиннах цхьаъ цӀера ваьлча, ас элира: ‘Иза акхароша цистина хир ву’, – цул тӀаьхьа суна иза ган а ца гира.

[29] ХӀинца аша важа а дӀа а вигна, цунна вон болх хилахь, соьга иза лалур дац. Баланехь болу сан къоьжа корта эхарте кхочуьйтур бу аша“.

[30] И кӀант къаьсттина дукхавезаш, цунна чу са диллина ву тхан да. Цундела иза а воцуш тхо цӀа гӀахь,

[31] тхан дена иза тхоьца воцийла хаахь, иза лийр ву. Хьан лейн бехкенна баланехь волчу тхан ден къоьжа корта эхарте кхочур бу.

[32] Ас дош деллера цунна, кӀант ларвийр ву аьлла. „Нагахь ас хьуна иза схьа ца валавахь, велла дӀаваллалц хьуна хьалха бехке хир ву со, дада“, – аьлла ас.

[33] Цундела ас доьху хьоьга, эла, кӀант вежаршца дӀа а вахийтий, цуьнан метта кхузахь хьайн лай со витахь.

[34] Со муха гӀур ву дена хьалха, сайца кӀант а воцуш? Сайн дена хиндолчу вочунна теш хила ца лаьа суна».

Дуьненан доладалар — Chapters