[1] ИбрахӀим дийна волчу хенахь хилларг санна, мацалла хӀоьттира цу махкахь. Исхьакх ГӀарар-гӀала пӀелаштамхойн паччахьна Абу-Маликана тӀе вахара.
[2] Везачу Эло элира Исхьакхе: «Мисар-махка ма гӀо, Ас хьайга Ӏе аьллачу лаьтта тӀехь Ӏе.
[3] Цу лаьтта тӀехь Ӏе, Со хьоьца хир ву, Ас хьо декъалвийр ву. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан дена ИбрахӀимна Айса йина чӀагӀо кхочуш а йийр ю.
[4] Хьан тӀаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду.
[5] Ас иза дийр ду хьан ден ИбрахӀиман дуьхьа, хӀунда аьлча иза вара Ас аьлларг деш а, Сан хьехамаш а, весеташ а, омранаш а кхочушдеш а».
[6] Исхьакх ГӀарар-гӀалахь ваха хиира.
[7] Цуьнан зуда Ребикха хаза яра. Цигара божарий цунах лаьцна Исхьакхе хетта буьйлабелча, цо элира: «Иза сан йиша ю». Ребикха шайна йитархьама цара ша верна кхоьрура Исхьакх.
[8] Дуккха а хан яьллера Исхьакх цигахь Ӏаш волу. Цкъа корехула чухьаьжначу Абу-Маликана гира Исхьакха шен зуда Ребикха хьоьстуш.
[9] Исхьакх тӀе а кхайкхина, Абу-Малика элира: «Иза хьан зуда ю, тхоьга йиша ю хӀунда аьлла ахь?» Исхьакха жоп делира: «Со кхоьрура цуьнан дуьхьа ахь со верна».
[10] «И хӀун ду ахь тхуна динарг? – хаьттира Абу-Малика. – Масала, тхох цхьаъ хьан зудчух кхеттехь, тхо бехке хуьлуьйтур ма дара ахь».
[11] Абу-Малика шен халкъе омра дира: «ХӀокху стагах а, кхуьнан зудчух а куьг Ӏоьттинарг къинхетам боцуш вуьйр ву», – аьлла.
[12] Исхьакха, цу лаьтта тӀехь къа а хьегна, дӀадийначул бӀозза сов ялта гулдира цу шарахь, хӀунда аьлча Везачу Эло декъалвина вара иза.
[13] Цуьнан дуккха а хьал вовшахкхийтира. Бахам тӀаьхь-тӀаьхьа алсамболуш, иза чӀогӀа вехаш стаг хилира.
[14] Цуьнан дуккха а даьхни а, ялхой а бара, цундела пӀелаштамхой хьоьгура цунах.
[15] Хьалха ИбрахӀима шен ялхошца яьхна ерриг а гӀунаш, тӀе латта а хьоькхуш, дӀаюкъура цара.
[16] Абу-Малика элира Исхьакхе: «Тхо долчуьра дӀагӀо, хӀунда аьлча тхол дуккха а нуьцкъала хилла дӀахӀоьттина хьо».
[17] Цигара дӀа а вахана, ГӀарар-гӀала лаьттачу тогӀи чохь шен четарш а хӀиттийна, ваха хиира Исхьакх.
[18] Дуккха а шераш хьалха ИбрахӀима алссам гӀунаш яьхнера, амма иза веллачул тӀаьхьа пӀелаштамхоша дӀаюькънера уьш, тӀе латта а тесна. Исхьакха, уьш схьа а яьстина, шен дас хьалха яьхна цӀераш техкира царна.
[19] Исхьакхан ялхоша тогӀи чохь а яьккхира гӀу, цу чуьра арадолуш жима татол дара.
[20] Амма ГӀарар-арахь даьхни дажочу Ӏуша Исхьакхан ялхошца къевсира: «ХӀара хи тхан ду», – аьлла. Цундела Исхьакха Ӏейсекх (иза «къовсар» бохург ду) аьлла, цӀе тиллира цу гӀунах, хӀунда аьлча цара къийсинера цу меттехь.
[21] Цул тӀаьхьа Исхьакхан ялхоша кхин цхьа гӀу яьккхира, амма оццу Ӏуша цунна тӀехула а къовсам баьккхира. ТӀаккха Исхьакха цу гӀунан цӀе Ситна (иза «мостагӀалла» бохург ду) тиллира.
[22] Цигара дӀа а вахана, кхин цхьа гӀу яьккхира Исхьакха. Иза къуьйсуш цхьа а вацара, цундела Рехьабат (иза «паргӀат» бохург ду) аьлла, цӀе тиллира цунна Исхьакха. Цо элира: «Эххар а Везачу Эло вайна меттиган паргӀато елла, цундела вай цу лаьтта тӀехь дебар ду».
[23] ТӀаккха цигара а Беар-ШабаӀе дӀавахара Исхьакх.
[24] Цу буссехь дуьхьал хӀоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахӀиман Дела ву. Цхьана а хӀуманах ма кхера, хӀунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тӀаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахӀиман дуьхьа дийр ду Ас иза».
[25] Цигахь сагӀа доккху меттиг а кечйина, Везачу Эле кхайкхира Исхьакх. Шен четарш хӀиттийра цо цигахь, ткъа цуьнан ялхоша гӀу яьккхира.
[26] ТӀаккха Исхьакх волчу ГӀарар-гӀалара Абу-Малик веара, шеца шен хьехамча Ахьузат а, тӀеман хьаькам Пихал а валош.
[27] «Шу хӀунда даьхкина? – аьлла, хаьттира Исхьакха. – Хьалха-м мостагӀалла ма дара шун соьца, со шайн махкара ара ма ваьккхира аша?»
[28] «ХӀинца тхуна билггала го Веза Эла хьоьца хилар, – элира цара. – Тхуна хьоьца бартбан лаьа. Ахь тхуна дуй баа беза,
[29] тхуна вон болх бийр бац аьлла, хӀунда аьлча оха хьуна а ца дира цхьа а вониг. Оха хьо маьрша дӀахийцира. ХӀинца тхуна го Везачу Эло хьо декъалвина хилар».
[30] Исхьакха той а хӀоттийна, массара а яа а йиира, мала а мелира.
[31] Ткъа Ӏуьйранна хьалххе цара вовшашна дуй биира, цул тӀаьхьа Исхьакха хьеший новкъа бехира. Уьш и волчуьра маьрша дӀабахара.
[32] Цу дийнахь схьабаьхкинчу ялхоша Исхьакхе элира, шаьш яьккхинчу гӀуна чохь хи карийна шайна аьлла.
[33] Исхьакха цу гӀунан цӀе ШабаӀ (иза «дуй» бохург ду) тиллира, ткъа гӀалех хӀинца а олу Беар-ШабаӀ.
[34] Шен шовзткъа шо кхаьчча, Ӏесава хьетахойн ши зуда ялийра: Беарин йоӀ ЯхӀудит а, Эйлонан йоӀ Басамат а.
[35] Цу захалонаша Исхьакхан а, Ребикхин а дегнаш тӀехь сингаттам латтабора.