[1] НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренгахьа дӀа а вахана, Кхадеш-гӀалина а, Шур-гӀалина а юккъехь ваха хиира ИбрахӀим. Цул тӀаьхьа ГӀарар-гӀалахь Ӏийра иза.
[2] Цигарчу нахе Сарат шен йиша ю элира цо. ГӀарар-гӀаларчу паччахьо Абу-Малика иза шена хезча, ялхой бахийтира Сарат шена схьаяло.
[3] Цкъа буьйсанна Абу-Маликана гӀенах веанчу Дала элира: «Хьо валарна кхерам бу, хӀунда аьлча ахь схьаялаяйтина зуда марехь ю».
[4] Амма Абу-Малик Саратах кхетаза вара, цундела цо элира: «Хьалдолу Эла, со бехке вац. Бехк боцу со а, сан халкъ а хӀаллакдийр ду Ахь ткъа?
[5] ИбрахӀима ша элира соьга: „И зуда сан йиша ю“, – аьлла. Ткъа зудчо а элира: „И стаг сан ваша ву“, – аьлла. Дог а цӀена ду сан, куьйгашца хьарамло а ца йина ас».
[6] ТӀаккха Дала оццу гӀенах элира Абу-Малике: «ХӀаъ, Суна хаьа, ахь деш дерг цӀенчу дагца хиллий. Цундела цу зудчух куьг а тоьхна, Сайна дуьхьал хьоьга къа ца даладайта Ас саций хьо.
[7] ИбрахӀимна цуьнан зуда дӀало, хӀунда аьлча иза пайхамар ву, цо хьох лаьцна доӀа дича, хьо дийна вуьсур ву. Нагахь ахь Сарат ИбрахӀимна юха ца лахь, хьо а, берриг а хьан доьзал а лийр бу».
[8] ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, массо а шен ялхо схьакхайкхира Абу-Малика. Цо хилларг дерриг а дийцира царна – ялхой чӀогӀа кхерабелира.
[9] Юха, ИбрахӀиме схьа а кхайкхина, элира Абу-Малика: «И хӀун ду ахь тхуна динарг? Ас хӀун вон динера хьуна? Сан пачхьалкх бехке хуьлуьйтур-кх ахь. Соьца ахь динарг деш ма ца хуьлу».
[10] Абу-Малика хаьттира ИбрахӀиме: «ХӀун дара хьан дагахь ахь иза дечу хенахь?»
[11] ТӀаккха ИбрахӀима элира: «Суна моьттура, кхузахь цхьа а Делах ца кхоьру, Сарат шена йитархьама цхьаммо со вуьйр ву.
[12] Иза билггала сан йиша ю, тхан дена кхечу нанас йина йолу, амма ас ялийна сан зуда а ю.
[13] Ден цӀера дӀавигна, дуьнен чухула лела Дала со дӀахьажийча, ас элира Сарате: „Цхьа диканиг дехьа сан дуьхьа: вай миччанхьа кхаьчча а, хьо сан йиша ю алахь“».
[14] ТӀаккха Абу-Малика Сарат юхаелира ИбрахӀимна, цул сов цо цунна уьстагӀий а, бежанаш а, леш а белира.
[15] «Хьажал гонах, хӀара дерриг а сан латта ду, хьайна луъучохь Ӏе», – элира цо ИбрахӀиме.
[16] Юха Сарате элира: «Ас хьан вешина ИбрахӀимна цхьа эзар дато шекхал цӀе йолу ахча делла, вайна хилла дегабаам дӀабаккхархьама. Хьо массарна а хьалха бехказа ю».
[17] ИбрахӀима Деле доӀа дира, Абу-Маликана а, цуьнан зудчунна а, гӀарбашашна а дарба де аьлла. Массарна а дарба а хилла, церан доьзалхой хилира.
[18] ХӀунда аьлча Сарат бахьана долуш хьалха Абу-Маликан цӀийнах болу массо а зударий доьзалхо ца хуьлуьйтуш бинера Везачу Эло.