Skip to content
Opens in a new window

[1] Якъубана Леас йина йоӀ Дина яхара меттигера зударий болчу.

[2] Цу мехкан куьйгалхочун хьаьвихочун Хьамуран кӀантана Шехемна гира иза. Цо, схьа а лаьцна, хьийзийра йоӀ.

[3] Дина даггара езаелла, цуьнца эсала къамел дира цо.

[4] Шен дега Хьамуре элира Шехема: «И йоӀ суна ялаехьа».

[5] Якъубана хиира шен йоӀ Дина хьийзийнийла, амма цуьнан кӀентий даьхни дажош арахь бара, цундела хӀумма а ца олуш Ӏара иза уьш цӀа бахккалц.

[6] Шехеман да Хьамур веара Якъубца къамел дан.

[7] Хилларг шайна хиъча, Якъубан кӀентий сихха арара цӀа баьхкира. Уьш чӀогӀа оьгӀазбахана бара, хӀунда аьлча Исраилан тӀаьхьенна юкъахь чӀогӀа эхье гӀуллакх дара Шехема динарг, Якъубан йоӀ а хьийзийна, ткъа и саннарг могуьйтийла дацара.

[8] Хьамура элира цаьрга: «Даггара шун йоӀ езаелла сан кӀантана. Доьху шуьга, иза цуьнга маре яийтахьара аш.

[9] Тхоьца захалонаш леладе: шайн йоӀарий тхоьга а бахкийта, тхайнаш шайна а бига.

[10] Тхуна юккъехь даха ховша – латта шуна хьалха ду. Цу тӀехь Ӏан а Ӏе, мах а бе, хьал а гулде».

[11] Шехема элира Динин дега а, вежаршка а: «Шу сайца дика хилийта хӀуъа а дийр дара ас, аш боххург лур а дара ас шуна.

[12] Нускалх муьлхха а там а, совгӀаташ а деха, ас дӀалур ду шуна, аша иза сайга яийтачхьана».

[13] Шайн йишин Динин сий дайина дела, Якъубан кӀентийн ойла хилира Шехем а, цуьнан да Хьамур а леван.

[14] Цара элира: «И дойла яц тхан: сунтвазчу стаге тхайн йиша яхийтар эхье ду тхуна.

[15] Тхо резахир ду, нагахь аш цхьа хӀума дахь: шаьш сунт а дина, тхо санна шу хилахь.

[16] ТӀаккха оха шуьга тхайн йоӀарий а лур бу, шуниш а балор бу. Шуна юкъахь даха а хевшина, шуьца цхьа къам а хилла Ӏийр ду тхо.

[17] Амма шу сунтдан реза ца хилахь, тхайн йиша схьа а эцна, тхо дӀагӀур ду».

[18] Цу къамелана резахилира Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а.

[19] Жимачу стага кхин хан ца йолуьйтуш кхочушдира цара аьлларг, хӀунда аьлча Якъубан йоӀ долаяккха лаьара цунна, ткъа Шехем шен ден хӀусамехь уггар лоруш верг вара.

[20] Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а, адам гуллучу метте, шайн гӀалин кевне а веана, нахе вистхилира.

[21] «И нах вайца дика бу, – элира цара. – Вайн лаьтта тӀехь Ӏойла уьш, мах а беш – кху лаьтта тӀехь царна тоъал меттиг ю. Вай церан йоӀарий балор бу, ткъа цара вайнаш буьгур бу.

[22] Цхьа халкъ а хилла, вайца Ӏан реза бу уьш, цхьа хӀума дича: нагахь вайн божарий, церанаш санна, сунтбина хилахь.

[23] Церан жаш а, бахам а, дерриг а даьхни а вайн хир дац тӀаккха? Резахила деза вай, тӀаккха уьш вайна юкъахь баха ховшур бу».

[24] ГӀалин кевне гулбелларш Хьамура а, цуьнан кӀанта Шехема а бохучунна резахилира. ГӀалин кевнах арабевлла берриг а божарий сунтбира.

[25] КхозлагӀчу дийнахь, уьш массо а лазаро хьийзош Ӏохкучу хенахь, гӀалара нах шаьш кхерамехь бац моьттуш бара. Ткъа Якъубан ши кӀант – ШимӀа а, Леви а, Динин вежарий, тарраш а эцна, гӀалина тӀелетира. Цара массо а божарий хӀаллакбира.

[26] Тур тоьхна Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а вийна, церан цӀа чуьра Дина схьа а эцна, дӀабахара уьш.

[27] Байина нах болчу чу а оьхуш, Якъубан кӀенташа гӀали чуьра хӀума дӀадаьхьира, шайн йиша цигахь хьийзийна дела.

[28] Цара жаш а, бажа а, варраш а дӀадигира, гӀалахь а, арахь а дерг дӀадаьхьира.

[29] ГӀалин бахархойн хьал а, бераш а, зударий а, цӀенош чохь дерг а схьаийцира Якъубан кӀенташа.

[30] ТӀаккха Якъуба элира ШимӀе а, Левига а: «Аш суна тӀе бохам баийтина, кху лаьтта тӀехь Ӏаш болчу канаӀанхошна а, перезахошна а со бӀаьрга ван везар вац. Вай дукха дац, нагахь уьш, вовшах а кхетта, суна тӀелатахь, цара со а, вай массо а хӀаллаквийр ву».

[31] Амма цара жоп делира: «Цу стагана, нахаца лела зуда санна, хета мегар ду ткъа тхан йиша?»

Дуьненан доладалар — Chapters