[1] Цу хенахь шен вежарий болчуьра дӀа а вахана, Ӏадулам олучу меттера волу Хьира цӀе йолу стаг волчохь Ӏаш вара ЯхӀуд.
[2] Цигахь ЯхӀудана ШуӀа цӀе йолчу канаӀанхочун йоӀ евзира. Яла а йина, цунах кхийтира иза.
[3] Зудчо кӀант вича, цуьнан цӀе Ӏаьр тиллира.
[4] Юха а доьзалхочух а хилла, кӀант вира ЯхӀудан зудчо. КӀентан цӀе Онан тиллира цо.
[5] Кезаб олучу меттехь шена кхин цхьа кӀант а вича, цуьнан цӀе Шейла тиллира цо.
[6] Шен дуьххьарлерачу кӀантана Ӏаьрана Тамара цӀе йолуш зуда ялийра ЯхӀуда.
[7] Амма Шена хьалха Ӏаьр къиношца Ӏарна, Везачу Эло са ийцира цуьнан.
[8] ТӀаккха ЯхӀуда элира Онане: «Хьайн вешех йисинчуьнца дӀа а вижна, марвешин декхар кхочушдан деза ахь вешин тӀаьхье хилийта».
[9] Амма Онанна хаьара оцу тӀаьхьенан да ша хир воций, цундела хӀоразза а вешин зудчуьнца дӀавижча, бер ца хуьлу агӀо лелайора цо.
[10] Везачу Элана хьалха къилахь дара Онана лелош дерг, цундела Цо цуьнан а са дӀаийцира.
[11] ТӀаккха оцу шинна хилларг жимаха волчу кӀантана Шейлана хиларна кхоьруш, ЯхӀуда элира шен несе Тамаре: «Сан кӀант Шейла воккха хиллалц, хьайн да волчу дӀа а гӀой, йисина Ӏаш йолу зуда Ӏа ма-еззара Ӏе». Тамара шен ден цӀа дӀаяхара.
[12] Дикка хан яьлча, ЯхӀудан зуда, ШуӀин йоӀ, елира. Шен са тийначул тӀаьхьа ЯхӀуд шен уьстагӀий лоргуш болу нах болчу Тамне вахара. Ӏадулам-гӀалара цуьнан доттагӀа Хьира а вахара цуьнца.
[13] Тамаре элира: «Хьан марда Тамне уьстагӀий ларга воьдуш ву».
[14] Йисина Ӏачу зудчун духар дӀа а даьккхина, юьхь къайлайоккхуш тӀе хӀума а кхоьллина, Тамне боьдучу новкъахь йолчу Ӏенаим-гӀалех чувулучу меттехь охьахиира иза. Цунна гора, Шейла воккха хиллехь а, ша цуьнга маре дӀа ца ялар.
[15] Тамара шена гича, цуьнан юьхь дӀакъевлина хиларна цунах нахаца лела зуда таръелира ЯхӀудана.
[16] Зудчунна тӀе а вахана, цо элира: «Ялохьа, хьайца дӀавижийтахьа со». Цунна ца хаьара иза шен нус юйла. Зудчо хаьттира: «Ахь хӀун лур ю суна хьо сайца дӀавуьжуьйтург?»
[17] ЯхӀуда жоп делира: «Ас сайн жена юкъара буьхьиг йоуьйтур ю хьуна». Зудчо юха а хаьттира: «Закъалтана хӀума лур юй ахь, буьхьиг схьаяийтталц?»
[18] ЯхӀуда хаьттира: «ХӀун закъалт ло хьуна?» Зудчо жоп делира: «Хьан мухӀар а, цу тӀера тӀийриг а, хьан карара Ӏаса а оьшу суна». Цо йоьхург дӀа а елла, цуьнца дӀавижира ЯхӀуд. Тамара доьзалхочух хилира цунах.
[19] Цигара дӀа а яхана, ша тӀеоьхкина хӀуманаш дӀа а яьхна, йисина Ӏачу зудчун духар тӀедуьйхира цо.
[20] Цу хенахь ЯхӀуда шен доттагӀа Ӏадуламхо Хьира вахийтира, буьхьиг а эцна, ша закъалтана елла хӀуманаш цу зудчуьнгара схьаэца. Амма доттагӀчунна и зуда ца карийра.
[21] Цо хаьттира цигарчу нахе: «Ӏенаим уллохула болучу некъан йистехь Ӏийна, цӀуйн дуьхьа нахаца лелаш йолу еза зуда мичахь ю?» – аьлла. Цара жоп делира: «Кхузахь-м ца хилла цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда».
[22] ЯхӀуд волчу юха а веана, Хьирас элира: «Суна иза ца карий, цигарчу наха: „Кхузахь-м яц цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда“, – боху».
[23] ЯхӀуда элира: «Делахь шегахь йисинарг шена юьтур цо, вайх нах белийта ца лаьа суна. Ас цунна буьхьиг яхьийтира, амма хьуна и зуда ца карийна».
[24] Кхо бутт баьлча, ЯхӀуде элира: «Нахаца а лелла, доьзалхочух хилла хьан нус Тамара!» ЯхӀуда элира: «Ара а яккхий, ягае иза!»
[25] Амма ша дӀаюьгучу хенахь мардена тӀе стаг вахийтира Тамарас: «ХӀара хӀуманаш йолчу стагах доьзалхочух ю со. ДӀахьажал, хьенан ду хаьий хьуна хӀара мухӀар а, тӀийриг а, Ӏаса а», – аьлла.
[26] ЯхӀудана евзира и хӀуманаш, цо элира: «Сан болчул а бехк бац цуьнан, хӀунда аьлча ас сайн кӀанте Шейле иза дӀа ца елира». Кхин цуьнца дӀа ца вижира ЯхӀуд.
[27] Доьзалхо хуьлу хан тӀекхаьчча, Тамарин кийрахь шала бераш дуйла хиира.
[28] Бер хуьлучу хенахь хьалхарчу доьзалхочун куьг гучудаьлча, бер схьаоьцучу зудчо, цуьнан куьйгах цӀен тай а дихкина, элира: «ХӀара хьалхара ву».
[29] Амма кӀанта куьг юха а даьккхина, хьалха цуьнан ваша велира дуьнен чу. Бер схьаоьцучу зудчо элира: «Хьо муха чекхвели, Парас?!» Цу кӀентан цӀе Парас тиллира (иза «чекхвалар» бохург ду).
[30] Юха куьйга тӀехь цӀен тай дерг а велира гучу. Цуьнан цӀе Зерахь тиллира (иза «сатасар» бохучух тера ду).