[1] Исраил, шен долахь дерг дерриг схьа а эцна, новкъа велира. ВогӀуш, Беар-ШабаӀе ша кхаьчча, шен ден Исхьакхан Далла лерина сагӀанаш дехира цо.
[2] Буьйсанна самах веанчу Дала Исраиле элира: «Якъуб!» «Со кхузахь ву», – жоп делира Якъуба.
[3] Дала элира: «Со Дела ву, хьан ден Дела. Кхера а ца кхоьруш, Мисар-махка гӀо, цигахь Ас хьох доккха халкъ схьадолуьйтур ду.
[4] Со хьоьца Мисар-махка дӀа а вогӀур ву, цигара Ас хьо юха а валор ву. Хьан ши бӀаьрг Юсупа дӀакъовлур бу».
[5] Беар-ШабаӀера кхин дӀа а вахара Якъуб. Исраилан кӀенташа шайн да а, бераш а, зударий а пирӀуно яийтинчу гӀудалкхаш чу ховшийра цига дӀабига.
[6] КанаӀан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тӀаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб.
[7] Цо шеца шен бераш а, берийн бераш а – ерриг а тӀаьхье дӀайигира.
[8] ХӀорш ю Мисар-махка баьхкинчу Исраилан кӀентийн цӀераш (Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а): Якъубан хьалхара кӀант Раабан.
[9] Раабанан кӀентий: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.
[10] ШимӀин кӀентий: Емуал, Ямин, АхӀад, Якин, ЦӀохьар, канаӀанхочо вина Шаул а.
[11] Левин кӀентий: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.
[12] ЯхӀудан кӀентий: Ӏаьр, Онан, Шейла, Парас, Зерахь. (Ӏаьр а, Онан а КанаӀан-махкахь кхелхинера). Парасан кӀентий: Хьацрани, Хьамал.
[13] Иссарханан кӀентий: ТовлаӀ, Пува, Яшаб, Шимрон.
[14] Забулан кӀентий: Серад, Элон, Яхьлаал.
[15] Уьш Леас Якъубана Падан-Арамехь бина кӀентий бара. Цо йина Дина цӀе йолуш йоӀ а яра. Дерриг а кӀант а, йоӀ а ткъе кхойтта дара.
[16] Гадин кӀентий: Цепон, Хьаги, Шуни, Эцбон, Ӏера, Ароди, Ариэли.
[17] Ашаран кӀентий: Имани, Ишва, Ишви, БериӀ. Серахь цӀе йолуш йиша а яра церан. БериӀан кӀентий: Хьебар а, Малкиал а.
[18] Лабана шен йоӀана Леина еллачу ялхочо Залпаа Якъубана дина бераш дара уьш, верриг а ялхитта стаг.
[19] Якъубан зудчо Рахьала бина кӀентий бара: Юсуп а, Бен-Яман а.
[20] Мисар-махкахь Ана цӀе йолчу гӀалин динан да волчу ПатипараӀан йоӀа Асната Юсупна ши кӀант вира. Церан цӀераш яра Маннаш а, Эпрам а.
[21] Бен-Яманан кӀентий бара: БулаӀ, Бахри, Ашбели, Гери, НаӀаман, Аьхьи, Рош, Мупим, Хьупим, Арди.
[22] Рахьала Якъубана бина кӀентий бара уьш, верриг а вейтта стаг.
[23] Данан кӀант вара: Хьушим.
[24] Напталан кӀентий: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шилам.
[25] Лабана шен йоӀана Рахьална еллачу ялхочо Балхьата бина кӀентий бара уьш, верриг а ворхӀ стаг.
[26] Якъубца Мисар-махка веанарг цуьнан тӀаьхьенах верг, кӀентийн зударий ца лерича, кхузткъе ялх стаг вара.
[27] Мисарахь Юсупна вина ши кӀант а цхьаьна верриг а Якъубан доьзалх Мисарахь ваха охьахиънарг кхузткъе итт стаг вара.
[28] Юсуп волчу воьдуш, шел хьалха ЯхӀуд вахийтира Якъуба, ГӀашане боьду некъ хаархьама. Уьш цига дӀакхаьчча,
[29] Юсуп, шен гӀудалкх дӀа а йожийтина, ГӀашане шен дена Исраилна дуьхьал веара. Исраил ган ма-гинна, тӀеведда, иза мара а воьллина, вехха вилхира иза.
[30] Исраила элира Юсупе: «ХӀинца-м вала а хала дацара, хӀунда аьлча сайн бӀаьргашца хьо дийна хилар гина суна».
[31] Юсупа вежаршка а, шен ден цӀийнах болчу нахе а элира: «Ас, вахана, пирӀуне эр ду: „КанаӀан-махкахь Ӏийна сан вежарий а, ден цӀийнах берш а со волчу схьабаьхкина.
[32] И нах жаӀуй бу. Цара даьхни леладо. Шайца кегий а, даккхий, а даьхни а, шайн долахь долу хӀума дерриг а схьадеана цара“.
[33] ПирӀуно, тӀе а кхайкхина, шайга хаттахь: „Шун хӀун корматалла ю?“
[34] аш ала деза: „Тхайн дайша санна, кегий долуш дуьйна даьхни лелош ду тхо!“ ТӀаккха ГӀашан цӀе йолчу махкахь даха охьаховша бакъо лур ю шуна, хӀунда аьлча мисархошна Ӏуй ца беза».