Skip to content
Opens in a new window

[1] Лаьтта тӀера адамаш алсамдовлуш хилла. Церан хуьлуш хилла йоӀарий а.

[2] Делах дӀакъаьстина болчу божаршна и адамийн йоӀарий хаза хилар гора. Царех шаьш къастийнарш ялош хилла цара.

[3] ТӀаккха Везачу Эло элира: «Могуьйтур дац Аса адамашна гуттар а Сан са даа, уьш дилха бен доцу дела. Церан дахаран шераш бӀе ткъа шо бен хир дац».

[4] Цу хенахь а, цул тӀаьхьа а наьрташ хилла Лаьтта тӀехь. Делах дӀакъаьстина болу божарий адамийн йоӀарех кхетий, оцу зударша бераш дан долийна. Уьш дара майра а, ницкъ болуш а, дикка хенахь дуьйна гӀарадевлла а адамаш.

[5] ТӀаккха лаьттара адамаш чӀогӀа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана.

[6] Веза Эла дохковелира Ша лаьтта тӀехь адамаш кхолларна. Цуьнан дог лозуш дара.

[7] ТӀаккха Везачу Эло элира: «Со дохковаьлла, Айса Лаьттахь адам кхолларна а, массо дийна мел йолу хӀума кхолларна а: Лаьттара дийнаташ а, текхаргаш а, хӀаваэра олхазарш а, – и дерриге а хӀаллакдийр ду Ас».

[8] Цхьана Нохьина резахилла Веза Эла.

[9] ХӀара ду Нохьин тӀаьхьенах хилларг. Нохьа хилла шен тайпанехь лела хууш а, Далла гергахь бакъахьара а, цӀена а стаг. Иза Дела даг чохь волуш лелаш вара.

[10] Кхо кӀант хилла Нохьин: Шима, Хьама, Япат цӀераш йолуш.

[11] Ткъа Лаьттара адамаш Далла гергахь чӀогӀа бехделлера, латта зуламех дуьзнера.

[12] Дела Лаьтта охьахьаьжча, Цунна гира латта бехделла хилар, хӀора Лаьттара стаг нийсачу новкъара дӀаваьлла дела.

[13] ТӀаккха Дала Нохье элира: «Адамаша латта зуламех а, таӀзарех а дуьзна, иза бехдина хӀаллакдо дела, Ас, хӀаллак а дина, дӀадоккхур ду и латта а, цу тӀехь мел йолу садолу хӀума а.

[14] Ткъа ахьа, хьайна зоьзан-дечигах доккха хинкема а де, цу чохь къаьстина чоьнаш а е, тӀаккха кемана чухула а, тӀехула а силам а хьакха.

[15] Ткъа кема иштта де: кеманан йохалла кхо бӀе дол барамехь, цуьнан шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол хила еза.

[16] Кеманан тховх кор а даккха цхьа дол барамехь, ткъа агӀо тӀехь неӀ а яккха. Цу кеман чохь тӀех-тӀехула а долуш кхо дакъа де.

[17] Ткъа Аса хи доуьйтур ду лаьтта тӀе, стигалш бухара чохь са мел долу хӀума а хӀаллакьярхьама. Лаьтта тӀехь мел долу хӀума хӀаллакьхир ду.

[18] Ткъа хьоьца Аса Сайн барт бийр бу. Хьо а, хьан кӀентий а, хьан зуда а, хьан кӀентийн зударий а хьоьца цу хинкеманна чу бевр бу.

[19] Иштта кеманна чу даккха массо а тайпана дийнатех боьрша а, стен а шишша хӀума. Уьш а шуьца дийна йисийтархьама.

[20] Ша-ша тайпана олхазарех а, тайп-тайпана даьхнех а, шайн тайпанашца массо а лаьттан текхаргех а, царех массарех а шишша, боьрша а, стен а, чуевр ю хьоьца, дийна йисархьама.

[21] Ткъа ахьа, массо тайпана даар схьа а эций, кеман чу дилла, хьуна а, царна а юучунна».

[22] Нохьас и дерриге, шега Далла ма-бохху, кхочушдира.

Дуьненан доладалар — Chapters