[1] ДӀахьаьжначу Якъубана гира, шеца виъ бӀе стаг а валош, вогӀу Ӏесав. Леиний, Рахьалний, шина ялхочунний юкъахь бераш дӀасадийкъира Якъуба.
[2] Ялхой-зударий а, церан бераш а хьалха хӀиттийра цо, Леа а, цуьнан бераш а царна тӀехьа хӀиттийра, ткъа Рахьал а, Юсуп а массарна а тӀехьа даьккхира.
[3] Хьалхаваьлла дӀа а волавелла, шен вешина тӀекхочуш, ворхӀазза лаьтта тӀекхаччалц охьатаьӀира иза.
[4] Амма Ӏесав, Якъубана дуьхьал а ведда, иза мара а воьллина, барташ даха хӀоьттира. И шиъ вилхира.
[5] Зударий а, бераш а гина, Ӏесава хаьттира: «ХӀорш муьлш бу хьоьца берш?» Якъуба элира: «Дела соьца дика а хилла, Цо хьан ялхочунна делла бераш ду уьш».
[6] Ялхой, шайн берашца тӀебаьхкина, охьатаьӀира Ӏесавана хьалха.
[7] Юха Леа а, цуьнан бераш а тӀедаьхкина охьатаьӀира. Массарал тӀаьхьа тӀедеана Юсуп а, Рахьал а охьатаьӀира.
[8] Ӏесава хаьттира Якъубе: «И дерриг а даьхни суна дуьхьал хӀунда даийтира ахь?» «Хьо резаван лаьара суна, сан эла», – аьлла, жоп делира Якъуба.
[9] Ӏесава элира: «Сан дерриг а долуш ду, сан ваша. Хьайниг хьайна дита».
[10] «ХӀан-хӀа, ас доьху хьоьга! – элира Якъуба. – Нагахь хьо суна резавелахь, дӀаэцахьа соьгара совгӀат. Хьан юьхь гар – Делан юьхь гар санна ду, сел дика со тӀеийци ахь.
[11] Доьху хьоьга, дӀаэца соьгара и совгӀаташ, хӀунда аьлча, Дела соьца дика а хилла, оьшург дерриг а сан долуш ду». Якъуба чӀогӀа дехарна Ӏесава схьаийцира цуьнан совгӀаташ.
[12] Юха Ӏесава элира: «ХӀинца дӀагӀур ду вай, со хьуна уллохь хир ву».
[13] Амма Якъуба элира: «Хьуна гуш ду бераш гӀелделла хилар, цул сов, уьстагӀий а, хьелий а къона а, оза дезаш а ду сан. Нагахь цхьана дийнахь а лаьллина дигахь, даьхни хӀаллакьхир ду.
[14] Хьо хьалха дӀагӀо, со хьуна тӀаьххье дӀавогӀур ву, сих а ца луш, даьхни а, бераш а схьадахкадаларе хьаьжжина. ТӀаккха сан эла волчу, СеӀир-махка, кхочур ву со».
[15] Ӏесава элира: «Пурба ло суна хьайца масех сайн стаг вита». «Иза оьшуш дац, – элира Якъуба. – Хьо соьца дика хилар гичхьана тоьур ду суна».
[16] Ӏесав оццу дийнахь СеӀир-махка юхавахара,
[17] ткъа Якъуб Сакхат цӀе йолчу метте вахара (иза «кхалораш» бохург ду). Цигахь чохь Ӏан цӀа а, бежанашна кӀел хӀитта кхалораш а йира цо. Цундела аьлла цу меттигах Сакхат.
[18] Падан-Арамера араваьллачхьана дуьйна, кхин хьовзам боцуш КанаӀан-махкарчу Шехем-гӀала схьакхечира Якъуб. ГӀалина хьалха арахь сецира иза.
[19] БӀе дато ахча а делла, Шехеман дегара, Хьамуран доьзалера латта ийцира Якъуба. Цу тӀехь шен четар дӀахӀоттийра цо.
[20] Цигахь сагӀа доккху меттиг а кечйина, цу меттигах «Эл» цӀе йолу Исраилан Дела аьлла, цӀе тиллира цо.