[1] Якъубана хезира Лабанан кӀенташа олуш: «Вайн ден долахь дерг дӀа а эцна, шена бахам гулбина Якъуба».
[2] Цул тӀаьхьа Якъуба тидам бира Лабан шеца хьалха санна ца хилар.
[3] Везачу Эло элира Якъубе: «Хьайн дайн лаьтта тӀе, хьайн гергарнаш болчу юхаверза. Со хьоьца хир ву».
[4] Якъуба Рахьале а, Леига а алийтира, шен жаш долчу араяла аьлла.
[5] Цо элира цаьрга: «Суна го шун да хьалха санна сайца ца хилар, амма сан ден Дела соьца ву.
[6] Шуна хаьа, ас сайн ницкъ ма-кхоччу шун дена болх бинийла,
[7] амма цо левора со, иттазза суна бала беза мах хуьйцуш. Делахь а, Дала Ӏалашвора со цо лелочу вочу хӀуманех.
[8] Нагахь Лабана: „Хьуна луш болу мах къорза даьхни хир ду“, – аьлча, дерриг а дохкана къорза хуьлура, ткъа нагахь цо: „Хьан мах махарчий йолу даьхни хир ду“, – аьлча, дерриг а дохкана махарчий йолуш хуьлура.
[9] Иштта Дала шун дегара даьхни, схьа а даьккхина, суна схьаделира.
[10] Цкъа даьхни вовшахкхетачу хенахь суна гӀан гира: гезарий оре лаьцна бежалой къорза а, махарчий я томмагӀаш долуш а яра.
[11] Делан малико элира соьга гӀенах: „Якъуб“. Ас жоп делира: „Со кхузахь ву“, – аьлла.
[12] Цо элира: „ДӀахьажал: гезаршца цхьаьнакхетта ерриг а бежалой къорза а, махарчий я томмагӀаш долуш а ю, хӀунда аьлча Суна гина Лабана хьуна бина тешнабехк.
[13] Со Беталахь хьуна дуьхьал хӀоьттина волу Дела ву, ахьа тӀулга тӀе даьтта а доьттина, Суна чӀагӀо йинчу меттигехь. ХӀара латта Ӏадда а дитий, хьо винчу махка сиха дӀагӀо“».
[14] Рахьала а, Леас а элира: «Тхан ден бахамехь тхуна дакъа дан а дуй?
[15] Гуш дац цунна тхо хийра хетар? Тхо дохка а доьхкина, тхох даьккхинарг дайина ваьлла иза.
[16] Дала тхан дегара схьабаьккхина бахам вайн а, вайн берийн а бу, цундела Дала хьайга ма-бохху де ахь».
[17] Бераш а, зударий а эмкалш тӀе а ховшийна,
[18] дерриг а даьхни хьалха а лаьллина, Падан-Арамехь вовшахтоьхна бахам схьа а эцна, шен да Исхьакх волчу, КанаӀан-махка дӀаваха новкъа велира Якъуб.
[19] Лабан уьстагӀий ларга вахача, Рахьала цуьнан цӀахь болу цӀуш лачкъийра.
[20] Якъуба левира арамхо Лабан, ша дӀавоьдий а ца хаийтина.
[21] Иза ведира, шен долахь дерг схьа а эцна. Эпрат-хил дехьа а ваьлла, ГалӀад-лам болчухьа дӀавахара иза.
[22] КхозлагӀчу дийнахь Лабане хаийтира, Якъуб ведда аьлла.
[23] Шеца гергара нах а эцна, Якъубана тӀаьхьавелира иза. ВорхӀ де даьлча, ГалӀад-лома тӀехь иза цунна тӀекхечира.
[24] ГӀенах веанчу Дала арамхочуьнга Лабане элира: «Ларлолахь, айхьа Якъубе олург, ойла а еш, алалахь».
[25] Лабан Якъубана тӀаьхьакхиира. ГалӀад-ломахь шен четарш дӀахӀиттийнера Якъуба, Лабан а сецира цигахь шен гергарчу нахаца.
[26] Лабана элира Якъубе: «И хӀун ду ахь динарг? Со ле а вина, сан йоӀарий, йийсархой санна, дӀа ма биги ахь.
[27] Хьо хӀунда ведда къайлаха? Соьга хӀунда ца элира ахь? Ас самукъанечу эшаршца, вотанашца, дечиг-пондаршца новкъа воккхур ма вара хьо.
[28] ДӀасакъаьсташ, йоӀаршна а, церан берашна а барт баккха аьтто а ца хилийти ахь. Ойла ца еш дина ахь и хӀума.
[29] Сан ницкъ бара хьуна вон болх бан, амма сийсара буьйсанна хьан ден Дала аьлла соьга: „Ларлолахь, айхьа Якъубе олург, ойла а еш, алалахь“.
[30] Хьо хьайн ден цӀа кхача сихвелла дела дӀавахана хуьлуьйтур вай, амма сан цӀуш хӀунда лачкъийна ахь?»
[31] Якъуба жоп делира Лабанна: «Со ведира, хӀунда аьлча со кхоьрура, ахь нуьцкъала хьайн йоӀарий сайгара дӀабахарна.
[32] Нагахь хьуна кхузахь цхьаьнгахь хьайн цӀуш карабахь, иза вехар вац. Хьайн гергарчу нахана а гуш хьажа, хьан долахь йолу хӀума юй соьгахь. Нагахь елахь, юханехьа дӀаэца». Якъубана ца хаьара Рахьала цӀуш лачкъийнийла.
[33] Якъубан а, Леин а, шина ялхочун а четарш кӀелахь Лабанна хӀумма а ца карийра. Юха Рахьалан четар кӀел веара иза.
[34] Рахьал, цӀуш эмкалан нуьйра кӀел дӀа а лачкъийна, царна тӀе хиънера. Четар кӀелахь леррина лехча, хӀумма а ца карийра Лабанна.
[35] Рахьала элира шен дега: «ОьгӀаз ма гӀолахь, дада, хьуна хьалха со хьала ца гӀаттарна, зударийн лазар долуш ю со». Мел чӀогӀа лехарх Лабанна ца карийра цӀуш.
[36] ОьгӀазвахана волу Якъуб Лабанна тӀевирзира: «ХӀун ду соьгара даьлларг? Хьо суна тӀаьхьавала сан хӀун бехк бу?
[37] Сан долахь дерг дерриг а кегий ахь, хьайн салпалах хӀумма а карийн хьуна? Хьайна карийнарг хьан а, сан а гергарчу нахана хьалха охьадилла, цаьрга кхел йойтур ю вайшиммо.
[38] Ткъа шарахь хьо волчохь Ӏийна со. Цу хенахь хьан уьстагӀий а, гезарий а оста а ца евлла, хьан жаш юкъара кой а ца диъна ас.
[39] Акхароша цистина даьхни хьуна тӀе ца деана ас, зен сайна хилийтина. Ткъа ахь соьга дийнахь а, буса а лачкъийначунна тӀера мах токхуьйтура.
[40] Дийнахь малхо воттуш, буьйсанна шелонна бала хьоьгуш, наб а яйна лелла со.
[41] Иштта ткъа шарахь Ӏийна со хьан хӀусамехь. Дейтта шарахь хьан шина йоӀах а, ялх шарахь даьхнех а болх бина ас, ткъа ахь суна луш болу мах иттазза хийцира.
[42] Нагахь санна соьца Исхьакх шех кхоьруш волу, сан деден ИбрахӀиман Дела а ца хиллехь, ахь со хӀумма а ца луш дӀавохуьйтур вара. Амма Далла гина сан халонаш а, ас хьегна къа а, сийсара буса Цо бехказваьккхина со».
[43] Лабана Якъубана жоп делира: «ХӀара зударий сан йоӀарий бу, церан бераш а сан ду. Хьуна гуш долу даьхни а, бахам а сан бу. Амма хӀун дийр ду ас сайн йоӀаршна а, цара динчу берашна а?
[44] Барт бан беза вайшиммо, иза вайна юкъахь тоьшалла хилла дӀахӀуттур бу».
[45] Шайн хилла барт дагахь латто, схьа а эцна, цхьа тӀулг дӀахӀоттийра Якъуба.
[46] Шен гергарчаьрга а элира цо: «ТӀулгаш гулде». Цара, тӀулгаш а гулдина, йоккха оьла йира. Юха цу оьланна улло хӀума яа охьахевшира уьш.
[47] Лабана цу меттиган цӀе ЕгӀар-СахӀадута тиллира, ткъа Якъуба цунах ГалӀад элира.
[48] Лабана элира: «ХӀара тӀулгийн оьла тахана вайшинна юкъахь болчу бертан теш ю». Цундела аьлла цунах ГалӀад (иза «тоьшаллин оьла» бохург ду).
[49] «Вай барт бинчул тӀаьхьа дӀасадевлча, Везачу Эло терго йойла вайна тӀехь», – элира Лабана. Иштта цу меттигах МицӀпа аьлла, цӀе тиллира цо (иза «терго» бохург ду).
[50] «Нагахь санна хьо сан йоӀаршца вон хилахь я ахь царна тӀе зударий балабахь, вайна юкъахь цхьа а вацахь а, хаалахь: Дела Теш ву хьуна а, суна а юкъахь».
[51] Кхин а элира Лабана Якъубе: «ХӀара тӀулгийн оьла а, хӀара боккха тӀулг а бу ас вайшинна юкъахь хӀоттийна.
[52] И тӀулгийн оьла а, и боккха тӀулг а тоьшалла ду со оцу тӀулгел дехьа – хьан агӀор вериг ца хилар хьуна зен дан. Хьо а вер вац цу тӀулгел сехьа суна зен дан.
[53] ИбрахӀиман а, Нахьиран а, церан ден а Дала кхел йойла вайна». Шен дас Исхьакха ма-аллара, Кхерамечу Делах чӀагӀо йира Якъуба.
[54] Цу лам тӀехь сагӀа а даьккхина, массо а гергара стаг хӀума яа кхайкхира цо. Кхачанах а кхетта, цигахь буьйса яьккхира цара.
[55] Ӏуьйранна хьалххе йоӀарийн берашна а, йоӀаршна а барташ а даьхна, уьш декъал а бина, цӀа вахара Лабан.