[1] ХӀара ду Адаман тӀаьхьенах хиллачун тептар. Дала адам Шен вастехь кхоьллинера.
[2] Стаггий, зудий кхоьллинера Цо. Уьш декъал а бина, Ша уьш кхоьллинчу дийнахь царех «адамаш» элира Дала.
[3] Адаман цхьа бӀе ткъе итт шо кхаьчнера, цуьнан кхин а цхьа кӀант хилча. Иза веккъа цуьнан аматехь а, вастехь а вара. Шен кӀантана ШатӀа аьлла цӀе тиллира Адама.
[4] ШатӀа хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Адам. Оцу заман чохь цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.
[5] Адам, исс бӀе ткъе итт шарахь ваьхна, дӀакхелхира.
[6] ШатӀа цхьа бӀе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Энош.
[7] Энош хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ворхӀ шарахь вехира ШатӀа. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
[8] ШатӀа, исс бӀе шийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
[9] Энош дезткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Къаим.
[10] Къаим хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе пхийтта шарахь вехира Энош. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
[11] Энош, исс бӀе пхеа шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
[12] Къаим кхузткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Махьаллал.
[13] Махьаллал хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шовзткъа шарахь вехира Къаим. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
[14] Къаим, исс бӀе итт шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
[15] Махьаллал кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Ярад.
[16] Ярад хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ткъе итт шарахь вехира Махьаллал. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
[17] Махьаллал, бархӀ бӀе дезткъе пхийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
[18] Ярад цхьа бӀе кхузткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ХӀанох.
[19] ХӀанох хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Ярад. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
[20] Ярад, исс бӀе кхузткъе шина шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
[21] ХӀанох кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Матушалахь.
[22] Матушалахь хиллачул тӀаьхьа кхин кхаа бӀе шарахь, Дела даг чохь а волуш, вехира ХӀанох. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
[23] ХӀанох кхаа бӀе кхузткъе пхеа шарахь вехира.
[24] ХӀанох, Дела даг чохь а волуш, лелаш вара. Цхьана дийнахь иза къайлавелира, Дала иза дӀавигна дела.
[25] Матушалахь цхьа бӀе дезткъе ворхӀ шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ЛемакӀ.
[26] ЛемакӀ хиллачул тӀаьхьа кхин ворхӀ бӀе дезткъе шина шарахь вехира Матушалахь. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
[27] Матушалахь, исс бӀе кхузткъе исс шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
[28] ЛемакӀ цхьа бӀе дезткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан кӀант хилира.
[29] ЛемакӀа шен кӀантана Нохьа аьлла цӀе тиллира (иза ду Ӏебархойн маттахь «синтем» бохург). ЛемакӀа элира: «Вай дукха къахьоьгуш ду, Везачу Эло неӀалт кхайкхийначу лаьтта тӀехь. Ткъа Нохьас синтем бохьур бу вайна».
[30] Нохьа хиллачул тӀаьхьа кхин пхи бӀе дезткъе пхийтта шарахь вехира ЛемакӀ. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
[31] ЛемакӀ, ворхӀ бӀе кхузткъе вуьрхӀитта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
[32] Нохьа пхеа бӀе шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀентий Шима, Хьама, Япат.