[1] ТӀаккха Нохьа а, цуьнан кӀентий а декъалбеш, Дала элира цаьрга: «ТӀаьхье стам а луш, деба а дебаш, латта дузийла аш.
[2] Шух кхера а кхоьруш, шуна хьалха ега а еш, хуьлийла лаьтта тӀехь мел йолу акхарой а, стигалахь мел долу олхазарш а, кху лаьттахь лелаш мел йолу текхаргаш а, хӀорда чохь мел долу чӀерий а. Шун кара дӀаделла Ас и дерриге а.
[3] Массо а ораматаш еллера Ас шуна, ткъа хӀинца дерриге а дийнаташ хир ду шуна юучунна. Лаьттара са мел долу хӀума а дӀало Ас шуна юучунна.
[4] Амма цхьа хӀума тӀедуьллу ас шуна: шена чохь са долу, шех цӀий дӀадалаза долу жижиг ма даалаш.
[5] Адаман цӀий Ӏанорна Соьга жоп дала деза, цу цӀийна чохь са долу дела. ХӀора стага а жоп дала деза ша адаман Ӏанийначу цӀийнах, муьлххачу акхароша а жоп дала деза, шаьш адаман цӀий Ӏанийча.
[6] Цхьана стага адаман цӀий Ӏанийнехь, цуьнан цӀий а Ӏанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цӀий Ӏанийна дела.
[7] Ткъа шу деба а деба, шайн тӀаьхье стам а е, дӀаса а даржа лаьтта тӀехь, алссам а довла цу тӀехь».
[8] Дала элира Нохье а, цуьнан кӀенташка а:
[9] «Ткъа Ас барт бо шуьца а, ерриге а шул тӀаьхьа хир йолчу шун тӀаьхьенца а,
[10] массо олхазаршца а, мел долчу дийнаташца а, массо а акхарошца, шуьца хинкеман чуьра араяьллачу, лаьттара са мел долчу хӀуманца а.
[11] Иштта барт бо Ас шуьца: лаьттара йисина дийна мел йолу хӀума хица хӀаллакйина яра, амма ишттаниг кхин цкъа а юха хир дац аьлла. Кхин цкъа а латта хи тӀедаларца хӀаллакдийр дац».
[12] ТӀаккха Дала элира: «Шуьца бинчу бертан тоьшалла дуьту Ас. Оцу тоьшалло чӀагӀдийр ду Ас шуьца а, дийна мел йолчу хӀуманца а, тӀейогӀучу массо а ханна, барт бар. ХӀара ду и тоьшалла:
[13] стелаӀад хӀоттадо Ас стигалан мархашкахь. И ду тоьшаллина Суна а, Лаьттана а юкъахь бинчу бертан.
[14] Ас лаьттана тӀехула гулйина мархашна юкъахь стелаӀад гучудаьлча,
[15] Суна дагабогӀур бу Ас шуьца а, лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманца а бина барт, кхин цкъа а массо а дийна хӀума хи тӀедаларца хӀаллакйийр яц аьлла.
[16] Стигалан мархашка а хьаьжна, стелаӀад гича, дагабогӀур бу Суна Сайна а, лаьттара дийна мел йолчу хӀуманна а юкъара цкъа а хедар боцу барт».
[17] Иштта элира Дала Нохье: «И стелаӀад лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманна а, Сайна а юкъахь бинчу бертан тоьшаллина хир ду».
[18] Хин кеман чуьра арабевллачу Нохьин кӀентийн цӀераш иштта яра: Шима, Хьама, Япат. Ткъа Хьама КанаӀанан да вара.
[19] И кхоъ Нохьин кӀант вара, ткъа царех хилла лаьттара адамийн тӀаьхье.
[20] Нохьас латта лело а долийра, кемсийн аре а дӀайийра.
[21] Кемсийн чагӀар а мелла, ваха а вехна, верзина а ваьлла, шен четар чохь, тӀе хӀума а тасаза, вижина Ӏуьллуш вара Нохьа.
[22] КанаӀанан дена Хьамина гира шен ден верзина ваьлла хилар, тӀаккха цо ара а ваьлла, цунах лаьцна шен шина веше дийцира.
[23] Ткъа Шима а, Япат а, шайн ден бедар схьа а эцна, шаьшшиннан белшаш тӀе а йиллина, тӀехьа а вирзина, кӀегара шайн дена тӀе вахара. И бедар цунна тӀе а тесна, Нохьин верзина хилар дӀакъевлира цара. Уьш тӀехьа бирзина болу дела, царна шайн ден верзина хилар ца гира.
[24] Ша меллачу чагӀарх васта а велла, самаваьлча, Нохьина хиира, шена тӀехь жимаха волчу кӀанта Хьамас динарг.
[25] ТӀаккха Нохьас элира: «НеӀалт хуьлда КанаӀанна. Шен вежарийн лешна хьалха а лай хир ву иза», – аьлла.
[26] Кхин а элира цо: «Декъала ву Веза Эла, Шимин Дела, ткъа КанаӀан Шимин лай хуьлийла.
[27] Япатан тӀаьхье Дала беркате а йойла, Шимин четарш чохь а Ӏойла Япат. Ткъа КанаӀан Япатан лай хуьлийла!»
[28] Лаьтта тӀехь хи тӀедалар хиллачул тӀаьхьа, кхо бӀе шовзткъе итт шарахь вехира Нохьа.
[29] Дерриге а Нохьа ваьхна шераш исс бӀе шовзткъе итт шо ду. ТӀаккха Нохьа дӀакхелхира.