Skip to content
Opens in a new window

[1] Луьра мацалла яра цу махкахь.

[2] Мисарара деана дерриг а кӀа шаьш диъча, дас кӀенташка элира: «Даха а гӀой, кхин а ялта эца вайна».

[3] Амма ЯхӀуда элира цуьнга: «Цу стага тхоьга буьрса схьахьедина: „Шуна сан юьхь гур яц, нагахь шуьца схьавеана шун ваша ца хилахь“.

[4] Нагахь ахь тхоьца ваша ваийтахь, оха, дахана, хьуна юург оьцур ю.

[5] Амма ахь иза ца ваийтахь, тхо гӀур дац, хӀунда аьлча цу стага аьлла тхоьга: „Шуна сан юьхь гур яц, шуьца шун ваша ца хилахь“».

[6] «И бала хӀунда беана аш суна тӀе, шайн кхин цхьа ваша ву а аьлла?» – хаьттира Исраила.

[7] Цара жоп делира: «Цу стага тхох а, вайн доьзалх а лаьцна дерриг а хоьттура тхоьга: „Шун да хӀинца а дийна вуй? Кхин цхьа ваша вуй шун?“ Оха цуьнан хаттаршна жоп лора. Хьанна хаьара, цо эр дуй: „Схьавалаве кхуза шайн ваша“, – аьлла?»

[8] ЯхӀуда элира шен дега Исраиле: «Ахь кӀант соьца ваийтича, тхо оцу сохьта дӀагӀур дара, тхо а, вайн бераш а лечуьра кӀелхьардаха.

[9] Ас жоп лур ду Бен-Яманах, соьгара хоттур ахь цунах дерг. Нагахь санна ас, схьа а валийна, кӀант хьоьга дӀа ца лахь, хьуна хьалха со хир ву бехке велла дӀаваллалц.

[10] Вай сихо йина хиллехьара, тхо, шозза дӀа а дахана, юхадаьхкина хир дара».

[11] ТӀаккха церан дас Исраила элира: «Нагахь гӀуллакх иштта делахь, хӀокху вайн лаьтто луш долу тоьлла сурсаташ оцу стагана дӀахьо: дарбане хьакхар а, моз а, хаза хьожа йогӀу бецаш а, деза даьтта а, тайп-тайпана бӀараш а. Царах шайн некъан мохь кечбе.

[12] ХӀинца доьлхуш шозза сов дато ахча хьо, хьалха шаьш цӀа деанарг а юха дӀахьо: иза цхьана гӀалатца галдаьлла хила мега.

[13] Шайн ваша схьа а эций, сихонца цу стагана тӀегӀо.

[14] Нуьцкъалчу Дала гӀо дойла шуна, мехкан куьйгалхочунна хьалха шу хӀиттича, шун вукху вешина а, Бен-Яманна а шуьца цӀа ван пурба лойла Цо. Нагахь санна берех вала суна доьгӀнехь, царах волийла со».

[15] СовгӀаташ а, хьалхачул шозза сов дети а, Бен-Яман а схьа а эцна, сиха Мисар-махка дӀабахара вежарий. Уьш, дӀа а кхаьчна, Юсупна хьалха хӀиттира.

[16] Цаьрца веана Бен-Яман гича, Юсупа шен цӀийнан куьйгалхочуьнга элира: «ХӀара нах сан цӀа дӀа а бигий, бежана а дей, яа хӀума кечъе. Делкъахенахь соьца хӀума юур ю кхара».

[17] Цу стага шена тӀедиллинарг кхочуш а дина, уьш Юсупан цӀа бигира.

[18] Вежарий кхерабелира, шаьш цуьнан цӀийне балийча. Царна дагадеара: «Дуьххьара даьхкича, вайн галеш чу дети кхачар бахьана долуш далийна вай кхуза. ТӀелетта, вай эша а дина, вайх леш а бина, вайн варраш дӀаяха гӀерта и стаг».

[19] ТӀе а бахана, Юсупан цӀийнан куьйгалхочуьнга элира цара хӀусаман неӀарехь:

[20] «ЛадогӀахь, эла! Тхо цкъа даьхкинера кхуза ялта эца.

[21] Амма буьйса яккха севцначохь, оха галеш схьадаьстича, тхешан дато ахча ма-дарра карийра тхуна. Цундела хӀинца оха иза юхадеана.

[22] Кхин а деана оха ялта эца дети. Тхуна ца хаьа тхешан галеш чу ахча хьан диллина».

[23] Ялхочо жоп делира: «Шу кхера оьшуш хӀумма а дац. Шун а, шун ден а Дала делла шуна галеш чохь карийна ахча, ткъа ас шуьгара дато ахча хьалха шу даьхкича схьаийцира». Цул тӀаьхьа цо уьш болчу ШимӀа схьавалийра.

[24] ЦӀийнан куьйгалхочо вежарий Юсупан цӀа чу бигира. Царна когаш била хи а, церан варрашна хӀоъ а белира цо.

[25] Юсуп схьавале вежарша совгӀаташ кечдира, хӀунда аьлча цаьрга аьллера, цигахь хӀума юур ю аьлла.

[26] Юсуп цӀа веача, совгӀаташ дӀа а делла, лаьтта кхаччалц цунна хьалха охьатаьӀира уьш.

[27] Цаьрга маршалла а хаьттина, Юсупа элира: «Аш хьалха соьга вийцина шун къена да муха ву? Дийна вуй иза?»

[28] Цара жоп делира: «Хьан ялхо, тхан да, дийна а, могуш а ву». Юсупе болчу ларамна лохха охьатаьӀира уьш.

[29] ДӀасахьаьжначу цунна шен нанас вина ваша Бен-Яман гира. Цо хаьттира: «ХӀара аш вийцина, шун жимаха волу ваша вуй? Делан дика болх хуьлда хьуна, сан кӀант».

[30] Шен веше йолу марзо лачкъорхьама, сихха ара а ваьлла, цхьа а воцучу меттехь вилхира иза.

[31] Юха шен юьхь а йилина, схьавеана, собаре а хилла, цо элира: «Яа хӀума схьая!»

[32] Цунна къастийна елира яа хӀума, вежаршна а, мисархошна а къастийна елира, хӀунда аьлча мисархошна хьарам хетара Ӏебархошца хӀума яар.

[33] Вежарий Юсупна дуьхьал ховшийнера, вокх-воккханиг хьалха а хаош. Уьш, цец а бевлла, хьоьжура вовшашка.

[34] Юсупан стоьла тӀера яа хӀума елира царна, Бен-Яманна луш ерг вукхарна лучул пхоьазза сов яра. Юсупца самукъадаллалц молуш Ӏийра уьш.

Дуьненан доладалар — Chapters