[1] Ӏесаван (я кхечу тайпана аьлча Эдоман) тӀаьхье хӀара ю.
[2] КанаӀан-махкара зударий балийра Ӏесава: Ӏада а, АхӀлибам а, Басамат а. Ӏада яра хьетахочун Эйлонан йоӀ. АхӀлибам яра Ӏанин йоӀ а, хьаьвихочун ЦӀибӀонан кӀентан йоӀ а.
[3] Ткъа Басамат яра ИсмаьӀалан йоӀ а, Набуятин йиша а.
[4] Ӏадас Ӏесавана Элипаз вира, Басамата РаӀал вира.
[5] АхӀлибама ЕӀуш а, ЯӀлам а, Кхорахь а вира. КанаӀан-махкахь Ӏесавана бина кӀентий бара уьш.
[6] Шен зударий а, кӀентий а, йоӀарий а, цӀахь болу ялхой а, даьхни а, КанаӀанахь гулбина бахам а эцна, шен ваша Якъуб волчуьра кхечу метте дӀавахара Ӏесав.
[7] Цу шиннан дуккха а хьал а, даьхни а дара. Уьш тӀебаьхкина Ӏаш болчу лаьтта тӀехь дӀатарвала а, ваха а царна хала дара.
[8] Иштта, дӀавахна, СеӀир-махкахь ваха хиира Ӏесав (я Эдом).
[9] СеӀир-лаьмнашкахь Ӏийначу эдомхойн ден Ӏесаван тӀаьхье хӀара ю.
[10] Ӏесаван кӀентийн цӀераш яра: Ӏесаван зудчун Ӏадин кӀант Элипаз а, Ӏесаван зудчун Басаматан кӀант РаӀал а.
[11] Элипазан кӀентий: Теман, Омар, Цепа, ГаӀтам, Кхеназ.
[12] Ӏесаван кӀентан Элипазан ТамнаӀ цӀе йолуш ялхо яра. Цо Элипазана Ӏамалекх вира. Уьш Ӏесаван зудчун Ӏадин берийн бераш дара.
[13] РаӀалан кӀентий бара Нахьати, Зерахь, Шама, Миза. Уьш Ӏесаван зудчун Басаматан берийн бераш дара.
[14] Ӏесаван зудчо, Ӏанин йоӀа, ЦӀибӀонан кӀентан йоӀа АхӀлибама Ӏесавана бина кӀентий бара ЕӀуш, ЯӀлам, Кхуорахь.
[15] Ӏесаван тӀаьхьенах баьччанаш бара хӀорш: Ӏесаван дуьххьарлерачу кӀентан Элипазан кӀентий: баьччанаш Теман, Омар, Цепа, Кхеназ,
[16] Кхуорахь, ГаӀтам, Ӏамалекх. Уьш Эдомехь Элипазах схьабевлла баьччанаш бара. Иштта Ӏадин берийн бераш а дара уьш.
[17] Ӏесаван кӀентан РаӀалан кӀентий бара: баьччанаш Нахьати, Зерахь, Шама, Миза. Уьш Эдомехь РаӀалах схьабевлла баьччанаш бара. Иштта Ӏесаван зудчун Басаматан берийн бераш а дара уьш.
[18] Ӏесаван зудчун АхӀлибаман кӀентий: баьччанаш ЕӀуш, ЯӀлам, Кхуорахь. Ӏесаван зудчо, Ӏанин йоӀа АхӀлибама, бина баьччанаш бара уьш.
[19] Уьш Ӏесаван (Эдоман) кӀентий а, церан баьччанаш а бара.
[20] Ӏесав вале Эдомехь Ӏийнера хьорихо СеӀир. Цуьнан бара кӀентий: Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана,
[21] Дишон, Эцар, Дишан. Эдомехь болу СеӀиран и кӀентий хьорихойн баьччанаш бара.
[22] Лутанин кӀентий: Хьори а, ХӀейма а. ТамнаӀ Лутанин йиша яра.
[23] Шубалин кӀентий: Ӏалван, Манахьат, Ӏейбал, Шапи, Онам.
[24] ЦӀибӀонан кӀентий: АяхӀу, Ӏана. Шен ден ЦӀибӀонан варраш яжош, яьссачу арахь довха хи карийна Ӏана вара иза.
[25] Ӏанин бераш: Дишон а, Ӏанин йоӀ АхӀлибам а.
[26] Дишонан кӀентий: Хьемдан, Эшбан, Итран, Керан.
[27] Эцаран кӀентий: БилхӀан, ЗаӀван, Ӏакхан.
[28] Дишанан кӀентий: ӀуцӀа, Арани.
[29] Хьорихойн баьччанаш бара Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана,
[30] Дишон, Эцар, Дишан. Уьш СеӀир-махкахь шайн-шайн тобанашкахь хьорихойн баьччанаш бара.
[31] Исраилан махкахь паччахьаш хилале Эдомехь хӀара паччахьаш бара:
[32] БеӀаран кӀант БулаӀ. Цуьнан гӀалин цӀе ДинхӀаба яра.
[33] БулаӀ велча, цуьнан метта Бацар-гӀаларчу Зерахьан кӀант Ябаб паччахь хилира.
[34] Ябаб велча, цуьнан метта теманхойн махкара Хьушам паччахь хилира.
[35] Хьушам велча, цуьнан метта Бедадан кӀант ХӀадад паччахь хилира. Муаби-махкахь маданхошна тӀехь толам баьккхина вара иза. Цуьнан гӀалин цӀе Ӏавит яра.
[36] ХӀадад велча, цуьнан метта Масрекха-гӀалара Самла паччахь хилира.
[37] Самла велча, цуьнан метта хина йистера Рехьабат-гӀалара Шаул паччахь хилира.
[38] Шаул велча, цуьнан метта Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан паччахь хилира.
[39] Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан велча, цуьнан метта ХӀадад паччахь хилира. Цуьнан гӀалин цӀе ПаӀу яра. Мезахьабан йоӀан Матарадан йоӀ Ма-ХӀайтӀабал яра цуьнан зуда.
[40] ХӀорш ю Ӏесаван тӀаьхьенах болчу баьччанийн цӀераш, церан тайпанашка а, лаьттанашка а хьаьжжина: ТамнаӀ, Ӏаьлви, Етат,
[41] АхӀлибам, Эла, Пинан,
[42] Кхеназ, Теман, Мубацар,
[43] Магдаал, Ӏирам. Эдомхойн ден Ӏесавах схьабевлла баьччанаш бара уьш. Шайн долахь долчу лаьтта тӀехь шайн-шайн тайпанашца Ӏаш бара уьш.