[1] Сарат бӀе ткъе ворхӀ шарахь ехира дуьнен чохь.
[2] Иза кхелхира КанаӀан-махкахь йолчу Кхиръят-АрбаӀ цӀе йолчу (хӀинца Хьеврон олучу) гӀалахь. Сарат кхелхича, ИбрахӀима, четар чу а веана, белхар хӀоттийра.
[3] Шен елла зуда Ӏад а йитина, хьетахошца къамел дан вахара иза.
[4] «Со шуна юккъехь тӀевеана стаг ву, со кхузара а вац. Зуда дӀаерзо меттиг яц сан тахана, цхьажимма латта дохкийша суна зуда дӀаерзо», – элира цо цу нахе.
[5] Хьетахоша жоп делира ИбрахӀиме:
[6] «Эла, хьо сийлахьчу элех цхьаъ ву тхуна юкъахь. Хьайн елларг тхан тоьллачу къубба чохь дӀайолла. Хьоьга цигахь зуда дӀайоллийта тхох цхьа а дуьхьал хир вац хьуна».
[7] ИбрахӀим, хьала а гӀаьттина, цу мехкан нахана хьалха охьатаьӀира.
[8] Цо элира цаьрга: «Нагахь шу билггал сан зуда дӀайолла суна гӀо дан лууш делахь, сан цӀарах ЦӀохьаран кӀантаца Ӏепронаца къамел дейша.
[9] Цуьнан латта чекхдоллучохь, шех Махпела олу меттехь йолу хьех эца лаьара суна. Цунах буьззина болу мах а лур бара ас, ткъа латта сайн зуда дӀайолла ас оьцуш хиларан шу тешаш хила а лаьара суна».
[10] Ӏепрон хьетахошна юкъахь хиина Ӏаш вара. ГӀалин кевнна хьалха баьхкинчу массо а нахана юкъара цо жоп делира ИбрахӀимна:
[11] «ХӀан-хӀа, эла, хӀокху сайн вежаршна хьалха ас дӀало хьуна и латта а, цу тӀехь йолу хьех а, хьайн зуда цу чохь хьоьга дӀайоллийтархьама».
[12] Кхин цкъа а хьетахошна хьалха охьатаьӀира ИбрахӀим.
[13] ТӀаккха, массарна а хезаш, цо Ӏепроне элира: «Оцу лаьттах хьуна буьззина мах бала лаьа суна. Соьгара ахча дӀаэцахьара ахь, тӀаккха сайн зуда дӀаюллур яра ас».
[14] Ӏепрона ИбрахӀимна жоп делира:
[15] «ЛадогӀахь соьга, эла: диъ бӀе шекхал дато ахча хьуна а, суна а хӀумма а йоцург ю! Хьайн елларг дӀайоллахь».
[16] Ӏепрона аьллачунна реза а хилла, хьетахошна хьалха лаьттах цӀе тоьхна мах дӀабелира ИбрахӀима. Цо делларг диъ бӀе шекхал дато ахча дара (шекхал совдегаршна юкъахь лелош долчу барамехь дара).
[17] Иштта Ӏепронан латта кхечуьнан дола делира. Мамари олучу меттигна уллохь, Махпелахь дара и латта.
[18] ИбрахӀиман дола делира латта а, цу тӀера хьех а, дитташ а. ИбрахӀиман а, Ӏепронан а хиллачу механ тешаш хилира гӀалин кевна хьалха баьхкина массо а хьетахой.
[19] Цул тӀаьхьа ИбрахӀима шен зуда Сарат оцу лаьтта тӀехь йолчу хьеха чохь дӀайоьллира. И меттиг КанаӀан-махкахь йолчу Мамарина (хӀинца Хьеврон) гена йоццуш яра.
[20] ИбрахӀима хьетахошкара латта а, цу тӀера хьех а эцна, цунах нах дӀабухку меттиг йира.