[1] Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хӀилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хӀокху бешара цхьанна а дитта тӀера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?»
[2] Зудчо жоп делира лаьхьане: «Дитташ тӀера стоьмаш даа мега тхуна,
[3] амма ялсамане юккъехь цхьа дитт ду, цу тӀера стом а ма баа, хьакха а ма ло цу диттах аьлла Дала тхоьга, тхо дала ца далийтархьама».
[4] ТӀаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХӀан-хӀа, лийр дац шу,
[5] амма Далла хаьа, аша оцу дитта тӀера стом биинчу дийнахь дуьйна шун бӀаьргаш дӀабеллалур буй, дика-вон а девзаш, шу Цуьнга дӀатарлур дуй!»
[6] Зудчунна и дитт хаза хилар а, цунна тӀера стоьмаш даа тамехь хилар а гира. Уггаре а хазделира цунна цу дитто кхетам алсам болуьйтург хилар. Зудчо дитта тӀера стоьмаш а баьхна, ша а биира, шена юххехь волчу майрачуьнга а белира. Вукхо а уьш биира.
[7] ТӀаккха дӀаделладелира церан шинне а бӀаьргаш. Шаьшшиъ дерзина дуй хиъна, инжиран диттан даккхий гӀаш а даьхна, уьш вовшах а тегна, цаьрца дӀахьулдира цара шайн догӀмаш.
[8] Дийнан йовхо лагӀъеллачу хенахь бешахь лелаш волчу Везачу Делан аз а хезна, адам а, цуьнан зуда а бешан дитташна юккъехь къайладелира Цунах.
[9] Ткъа Веза Дела кхайкхира адаме: «Хьо мичахь ву?» – аьлла.
[10] Стага жоп делира: «Цу бешахь Хьан аз а хезна, Хьох кхера а велла, со верзина волу дела, дӀалечкъира со».
[11] Везачу Дала хаьттира: «Хьо верзина ву хьан аьлла хьоьга? Аса баа мегар дац аьллачу дитта тӀера стом бииний-те ахьа?» – аьлла.
[12] Адамо жоп делира: «Ахьа суна еллачу зудчо цу дитта тӀера даьхна стоьмаш делира соьга, ткъа аса уьш диира», – аьлла.
[13] ТӀаккха Везачу Дала зудчуьнга элира: «И хӀун ду ахь динарг?» Зудчо жоп делира Цуьнга: «Лаьхьано, хӀилла а дина, Ӏехийра со, ткъа аса и стоьмаш диира», – аьлла.
[14] ТӀаккха Везачу Дала лаьхьане элира: «И вон ахь дарна, хьуна а хир ду вон. НеӀалт кхайкхадо хьуна массо а даьхнина а, ерриге а аренан акхарошна а хьалха. ХӀинца дуьйна хьо баллалц текхар бу хьо гай тӀехь, чан а юуш.
[15] ХӀинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тӀаьхьенна а, цуьнан тӀаьхьенна а юкъахь а мостагӀалла хир ду. Зудчун тӀаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю».
[16] Ткъа зудчуьнга Везачу Дала элира: «Хьо доьзалхочух йолуш лазарш чӀагӀдийр ду хьан, лазаршца доьзалхо а хир ву хьан. ТӀаккха майрачуьнга сатуьйсуш хир ю хьо, ткъа иза хьуна тӀехь олалла деш хир ву».
[17] Адаме Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугӀуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна, хьо бахьанехь неӀалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а. Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду ахьа хьайна напха.
[18] КӀохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тӀе, аренан ораматех хир ю хьуна юург.
[19] Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох».
[20] ТӀаккха Адама шен зудчунна «Дахар луш ерг» (Ӏебархойн маттахь: Хьава), аьлла цӀе тиллира, хӀунда аьлча иза лаьттахь мел дехачу адамийн нана хир йолу дела.
[21] ТӀаккха Везачу Дала Адамна а, цуьнан зудчунна а неӀаран духар дира, иза царна тӀе а духуш.
[22] Везачу Дала элира: «ХӀинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХӀинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тӀера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш».
[23] Цул тӀаьхьа Адам Ӏедан-бешара дӀаэккхийра Везачу Дала, цуьнга ша схьаваьлла волу латта леладайтархьама.
[24] Иза дӀа а эккхийна, Ӏедан-бешана малхбалехьа агӀор, чу волучохь, Везачу Дала дӀахӀоттийра дахаран диттана Ӏуналлина каруб-маликаш. Оцу диттана тӀе ца гӀортийта, цӀе санна къеггина догуш а, меттахъхьеш а долу тур а хӀоттийра.