Skip to content
Opens in a new window

[1] Якъуб шен да ваьхначу КанаӀан-махкахь Ӏаш вара.

[2] ХӀара ду Якъубан тӀаьхьенах хилларг. ВуьрхӀитта шо долу Юсуп шен вежаршца ден уьстагӀий а, гезарий а яжош вара. Цуьнца хуьлуш болу цуьнан вежарий Якъубан шиннан зудчун Балхьатан а, Залпаан а кӀентий бара. Юсупа шен вежарша дина вон хӀума дега дӀадуьйцура.

[3] Исраил (я Якъуб) воккха стаг волчу хенахь дуьнен чу ваьлла вара Юсуп, цундела вукху кӀентел дукхавезара цунна иза. Цо Юсупна хаза кечдина духар делира.

[4] Шайл а алсам дена дукхавезийла хиъча, вежаршна Юсуп ца вийзира, цуьнца бертахь къамел дан а ца лаьара царна.

[5] Цкъа Юсупна гӀан гира. Цо иза вежаршна дийцира, царна Юсуп кхин а чӀогӀа ца вийзира.

[6] Цо элира цаьрга: «ЛадогӀийша, суна хӀун гӀан гина.

[7] Вай кха тӀехь цӀевнаш доьхкуш дара. ЦӀеххьана сан цӀов, айа а белла, дӀанисбелира, шун цӀевнаш, цунна гонах а хӀиттина, цунна охьатаьӀира».

[8] Вежарша элира цуьнга: «Хьо паччахь а хилла, тхуна тӀехь куьйгалла деш хир ву моьтту хьуна?» Цуьнан гӀан а, иза дийцар а бахьана долуш кхин а чӀогӀа ца вийзира царна иза.

[9] Кхин цхьа гӀан а гира Юсупна, иза а вежаршна дийцира цо: «ЛадогӀийша, кхин цхьа гӀан а гира суна: хӀинца суна хьалха охьатаьӀаш малх а, бутт а, цхьайтта седа а бара».

[10] Вежаршна дийцина ца Ӏаш, дена а дийцира цо и гӀан. Дас бехк баьккхира цуьнга: «И хӀун гӀан ду хьуна гинарг? Со а, хьан нана а, хьан вежарий а, дахка а даьхкина, хьуна хьалха охьатаьӀар ду ткъа?»

[11] Вежарий хьоьгура цунах, амма дас дагахь латтадора и хилларг.

[12] Шайн ден жаш дажо Шехем олучу метте бахара вежарий.

[13] Исраила элира Юсупе: «Шехемна уллохь жа дажош бу хьан вежарий, хьо царна тӀевахийта воллу со». «Со кийча ву», – жоп делира Юсупа.

[14] Дас элира цуьнга: «Ваха а гӀой, хьажа хьайн вежарий хӀун деш бу а, жа муха ду а, юха а волий, суна жоп а да цунах лаций». Хьеврон-тогӀи чуьра Шехеме вахийтира цо Юсуп.

[15] Цигахь тила а велла, арахула иза лелачу хенахь цунна дуьхьалкхийтира цхьа некъахо. Цо хаьттира Юсупе: «Ахь хӀун лоьху?» – аьлла.

[16] Юсупа элира: «Ас сайн вежарий лоьху. Алахьа соьга, мичахь бу уьш шайн жаш дажош?»

[17] «Уьш кхузара дӀабахна, – жоп делира цу некъахочо. – Суна хезира цара олуш: „Дотане гӀур ду вай“». ТӀаьхьаваханчу Юсупна шен вежарий Дотан олучу гӀалина уллохь карийра.

[18] Геннахь Юсуп тӀевогӀуш а гина, шайна и тӀекхачале вежарша барт бира иза вен.

[19] «Хьуьлла вогӀу хӀара гӀенаш гуш верг! – элира цара. –

[20] Вен а вийна, гӀуна чу кхосса веза вай иза, цӀахь иза экхано виъна эр ду вай. ТӀаккха хуур ду вайна цуьнан гӀенех хӀун хуьлу».

[21] И къамел хезча, Юсуп кӀелхьарваккха луучу Раабана элира: «ХӀан-хӀа, иза вуьйр вац вай».

[22] Кхин а элира цо: «ЦӀий ма Ӏанаделаш. Яьссачу арара оцу гӀуна чу кхосса иза, амма цунна тӀе куьг ма айа». Царах иза кӀелхьара а ваьккхина, да волчу дӀавахийта лууш вара Раабан.

[23] Юсуп вежаршна тӀевеача, цунна тӀера еза, хаза кечйина бедарш схьаехира цара.

[24] Юха чохь хи доцучу, яьссачу гӀуна чу кхоьссира иза вежарша.

[25] ХӀума яа охьахевшича, царна гира ГалӀад цӀе йолчу меттера эмкалийн къепалца богӀу ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болу нах. Хаза хьожа йогӀучу бецех а, зезагех дина тайп-тайпана хьакхарех а эмкалш а йоьттина, Мисар-махка боьлхура уьш.

[26] ЯхӀуда элира вежаршка: «Вайна хӀун пайда бу, ваша вен а вийна, цунах дерг лачкъийна Ӏийча?

[27] Цул а оцу нахана дӀавухкур ву вай иза, цунна тӀе куьг айа а дезар дац – вайн ваша ма ву иза». Вежарий резахилира цо аьллачунна.

[28] ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болу и маданхойн совдегарш тӀехбовлучу хенахь вежарша Юсуп, гӀуна чуьра хьала а ваьккхина, ткъа детин ахчанах царна воьхкира. Цу наха иза Мисара дӀавигира.

[29] Раабанна ца хаьара хилларг. ГӀуна тӀе вахача, цигахь Юсуп а ца гина, холчу хӀоьттина, шена тӀера хӀуманаш этӀийра цо.

[30] Юха а веана, цо элира вежаршка: «КӀант цигахь вац! Со хӀинца дена хьалха муха гӀур ву?»

[31] ТӀаккха цара, бож а йийна, цуьнан цӀий хьаькхира Юсупан куча тӀе.

[32] Юха, и коч шайн дена тӀе а яьхьна, цара элира: «ХӀара карийна тхуна. Хьажахь, хьан кӀентан юй хӀара?»

[33] Коч евзинчу дас элира: «ХӀара сан кӀентан коч ю! Иза экхано виъна! Юсуп цистина дӀаваьккхина».

[34] Шена тӀера бедарш а этӀийна, Ӏаьржа духар а дуьйхина, дуккха а деношкахь кӀантах белхар дира Якъуба.

[35] Массо а цуьнан кӀентий а, йоӀарий а иза теван гӀертара, амма иза тен дагахь вацара: «Сайн кӀантана сагатдеш, эхарта дӀагӀур ву со», – бохура цо. КхидӀа а белхар дира дас.

[36] Ткъа цу хенахь маданхоша Мисар-махкахь пирӀунан гӀаролан хьаькам волчу Патипарна воьхкира Юсуп.

Дуьненан доладалар — Chapters