Skip to content
Opens in a new window

[1] Лаьтта тӀехь массо а адамашна юкъахь буьйцу мотт а цхьаъ бара, цара олуш долу дешнаш а цхьатерра дара.

[2] Малхбалехьара дуьйна доладелла и адам, ШанӀар-махкахь шера аре а карийна, цигахь даха охьахиира.

[3] «Дуьло, кибарчигаш а йина, уьш цӀергахь ягор ю вай», – элира цара вовшашка. Иштта тӀулгийн меттана кибарчигаш а, киран меттана силам хилира церан.

[4] Цара элира: «ГӀала а, цу чохь стигала а кхочуш бӀов а хӀоттор ю вай ваьшна, хӀокху лаьттахь массанхьахула дӀаса ца даржадайта, цӀе а йоккхуьйтур ю вай вешан».

[5] Адамаша кхуллуш йолчу гӀалане а, бӀаьвне а хьажа охьавоьссира Веза Эла.

[6] Везачу Эло элира, цаьрга а хьаьжна: «И массо адам цхьа халкъ а ду, массара а буьйцуш цхьа мотт бу, ткъа хӀун дан буьйлабелла уьш. ХӀинца дерриге а шайна дан дага догӀург ца далуш дуьсур дац церан.

[7] Дуьло, охьа а диссина, цара буьйцу мотт дӀаэбийр бу вай, уьш вовшаша дуьйцучух а ца кхоьтуьйтуш».

[8] ТӀаккха Везачу Эло и халкъ массо а лаьттахула дӀасадаржийра, цара хӀоттош йолу гӀала чекх а ца йоккхуьйтуш.

[9] Цу гӀаланах цара Бавел-гӀала элира (иза ду Ӏебархойн маттахь «Эбина-гӀала»), хӀунда аьлча цигахь Лаьттара массо а къаьмнийн буьйцу мотт Везачу Эло эбина дела. Цигара дуьйна доладелира Везачу Эло хӀокху лаьтта тӀехь массо а маьӀӀе адам даржадар.

[10] ХӀара ду Шимин тӀаьхьенах хилларг. Дала хӀокху дуьненна тӀера массо а хӀума, адам хӀаллакдеш даийтина хи дӀадаьллачул тӀаьхьа, ши шо даьлча, Шимин бӀе шо кхаьчнера. Цу хенахь цуьнан кӀант Арпахшад хилира.

[11] Арпахшад хиллачул тӀаьхьа Шима кхин а пхи бӀе шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.

[12] Арпахшадан ткъе пхийтта шо кхаьчча, цуьнан Селахь хилира.

[13] Селахь хиллачул тӀаьхьа Арпахшад диъ бӀе кхаа шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.

[14] Селахьан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан хилира кӀант Ӏебар.

[15] Ӏебар хиллачул тӀаьхьа Селахь диъ бӀе кхаа шарахь вехира, кхин кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш.

[16] Ӏебаран ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант ПалагӀ хилча.

[17] ПалагӀ хиллачул тӀаьхьа Ӏебар диъ бӀе а ткъе итт шарахь вехира. Цуьнан а кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.

[18] ПалагӀан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан Рахьу хилира.

[19] Рахьу хиллачул тӀаьхьа ПалагӀ ши бӀе исс шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.

[20] Рахьун ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант СерагӀ хилча.

[21] СерагӀ хиллачул тӀаьхьа Рахьу вехира ши бӀе ворхӀ шарахь. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.

[22] Ткъе итт шо кхаьчча, СерагӀан хилира кӀант Нахьир.

[23] Нахьир хиллачул тӀаьхьа СерагӀ вехира шина бӀе шарахь, кхин а кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш.

[24] Нахьиран ткъе исс шо кхаьчча, цуьнан кӀант ТӀахьир хилира.

[25] ТӀахьир хиллачул тӀаьхьа Нахьир вехира цхьа бӀе ткъайоьсна шарахь. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира цуьнан.

[26] ТӀахьиран кхузткъе итт шо кхаьчначул тӀаьхьа, цуьнан хилира кӀентий Ибрам, Нахьир, ХӀарон.

[27] ХӀара ду ТӀахьиран тӀаьхьенах хилларг. ТӀахьиран кӀентий хиллера Ибрам а, Нахьир а, ХӀарон а. ТӀаккха ХӀаронан кӀант ЛутӀа хилира.

[28] ХӀарон дӀакхелхира ша винчу Хашад-махкара Ур-гӀалахь, шен да ТӀахьир дуьненчохь а волуш.

[29] Ибрама а, Нахьира а шайна зударий балийра. Ибраман зудчун цӀе Сарет яра, ткъа Нахьиран зудчун цӀе Малкан яра. Малкан а, Йиска а ХӀаронан ши йоӀ яра.

[30] Сарет доьзалхо хуьлуш яцара, цуьнан цхьа а бер дацара.

[31] ТӀаккха ТӀахьир, шеца шен кӀант Ибрам, шен кӀентан ХӀаронан кӀант ЛутӀа а, нус Сарет а (шен кӀентан Ибраман зуда), эцна, Хашад-махкара Ур-гӀалара КанаӀан-махка ваха аравелира. Амма ХӀаран-гӀала кхаьчча, цигахь севцира уьш.

[32] ХӀаран-гӀалахь шен ши бӀе пхи шо долуш ТӀахьир дӀакхелхира.

Дуьненан доладалар — Chapters