Skip to content
Opens in a new window

[1] Нохьа а, Нохьица хинкеман чохь йолу ерриге акхарой а, дерриге а даьхни а Шена дагахь долу дела, лаьтта тӀе мох бахийтира Дала. ТӀаккха хиш лагӀделира.

[2] Гобаьккхина долу лаьтта бухара хьаладуьйлу хиш совцийнера, стигалш дӀа а къовлаелла, догӀучуьра догӀа а сацийнера.

[3] Цхьа бӀе шовзткъе итт де даьлча, лаьтта тӀера хи, тӀаьхь-тӀаьхьа шен метта а доьрзуш, лагӀлуш дара.

[4] ВорхӀалгӀачу беттан вуьрхӀитталгӀачу дийнахь хинкема Арарат-лаьмнашкахь сецира.

[5] Хи тӀедаларан уьтталгӀа бутт болуш хи лагӀлуш лаьтташ дара, ткъа уьтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь лаьмнийн баххьаш гучудевлира.

[6] Шовзткъа де даьлча, Нохьас дӀадиллира ша дина хинкеманан кор.

[7] ТӀаккха къиг арахийцира цо, иза тӀема а йолуш, юха а йогӀуш лийлира, латта хих дакъадаллалц.

[8] Цул тӀаьхьа кхокха ара хийцира цо, лаьтта тӀера хиш лагӀделла даьллий-те хаархьама.

[9] Амма кхокханна ца карийра шен когаш тӀебилла екъа меттиг, иза юха беара хинкеман чу, хӀунда аьлча хи хӀинца а долуш дара дерриге а лаьтта тӀехь. Нохьас шен куьг а кховдийна, кхокха схьаийцира хинкеман чу.

[10] Кхин а ворхӀ дийнахь собар а дина, Нохьас юха а арахийцира кхокха кеман чуьра.

[11] Суьйренца кхокха юхабирзира, шен зӀакар чохь керла зайт-диттан гӀа а дахьаш. ТӀаккха Нохьина хиира хи лаьтта тӀера дӀадаьллий.

[12] Кхин а ворхӀ дийнахь хьем а бина, юха а кхокха арахийцира Нохьас, цул тӀаьхьа кхокха юха ца бирзира.

[13] ТӀаккха хинкеманан неӀ дӀайиллира Нохьас. ДӀасахьаьжча, латта декъа хилар гира цунна. Иза дара хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь. Нохьин ялх бӀе цхьалгӀа шо дара цу хенахь.

[14] ШолгӀачу беттан ткъе ворхӀалгӀачу дийнахь дерриге а латта дакъаделлера.

[15] ТӀаккха Дала Нохье элира:

[16] «Арадовла хинкеман чуьра хьо а, хьан зуда а, хьан кӀентий а, церан зударий а хьоьца.

[17] Массо а дийнаташ арадаха хьайца, массо а тайпана: олхазарш а, даьхни а, ерриге а лаьттан текхаргаш а. ДӀасадовлийла уьш лаьтта тӀехула. Лаьтта тӀехь дебийла уьш, тӀаьхье а луш».

[18] Нохьа а, цуьнан кӀентий а, цуьнан зуда а, кӀентийн зударий а арабевлира хинкеман чуьра.

[19] Царна тӀаьххье ерриге а акхарой а, массо а боьха хӀуманаш а, дерриге олхазарш а, лаьттахула мел лела са долуш йолу хӀума а араелира цу чуьра.

[20] ТӀаккха Везачу Элана лерина сагӀа доккхучу метте тӀулгаш хӀиттийра Нохьас. Шеца долчу даьхнин юкъара а, олхазаршна юкъара а тоьлла а, хьанал а дерш, цхьацца къаста а дина, Далла хьалха уьш дагийра цо.

[21] И тамехь йолу хаза хьожа дӀакхечира Далла. ТӀаккха Шен дагахь Везачу Эло элира: «Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неӀалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хӀаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хӀума.

[22] ХӀинца дуьйна, латта мел ду, цу тӀехь ялта дӀадер а, хьакхар а, шело а, йовхо а, аьхке а, Ӏа а, де а, буьйса а хийцадалар соцур дац».

Дуьненан доладалар — Chapters