[1] Сарахь и ши малик Седам-гӀала деара. ГӀалин кевна йистехь хиина Ӏаш вара ЛутӀа. Уьш шена гича, тӀе а вахана, царна хьалха горавуьйжира иза.
[2] «Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хӀусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидӀа а бер аша», – элира ЛутӀас. «ХӀан-хӀа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», – элира цу шиммо.
[3] Амма ЛутӀас чӀогӀа дехарна, иза волчу хӀусаме ван резахилира и шиъ. ЛутӀас царна яа хӀума кечйира, морза тохаза бепиг а деттира. Цара хӀума йиира.
[4] Цу сарахь уьш дӀабийшале, Седам-гӀалара жимачо а, воккхачо а, массо а маьӀӀера схьа а веана, ЛутӀин цӀенна го бира.
[5] Уьш маьхьарий детта буьйлабелира: «Мичахь ву хьо волчу сарахь веана ши стаг? Араваккха и шиъ. Оха царах зударий бийр бу!»
[6] ЛутӀас, ара а ваьлла, шена тӀаьхьа неӀ тӀечӀегӀира.
[7] Цо элира цу нахе: «Вежарий, ас доьху шуьга, зулам ма дахьара аша!
[8] Боьрша стаг а вовзаза ши йоӀ ю сан. Ас и шиъ дӀалур ю шуна, царна шайна луъург де, амма ас доьху шуьга, оцу шина стагана зе ма дахьара аш. Уьш сан хӀусаме баьхкина бу, царах жоп дала декхарийлахь ву со».
[9] Амма цӀенна го бинчу Седам-гӀалара божарша элира: «ДӀавала новкъара!» Вовшашка цара бохура: «Хьовсийша хӀокху тӀевеана волчу стаге, хӀара висинера вайна тӀехь кхел яза!» Цара элира цуьнга: «Ларлолахь, хьуна царначул алсам кхета мегаш ю хьуна!» Уьш ЛутӀина тӀегӀоьртира неӀ кагъян дагахь.
[10] ЛутӀа волчу веанчу шина стага, дӀакхевдина, иза чоьхьа а такхийна, неӀ дӀакъевлира.
[11] ТӀаккха арахь болчу нехан, жимачун а, воккхачун а, бӀаьрса дайира цара. ЧувогӀу неӀ лоьхуш, нах чӀогӀа гӀелбеллера.
[12] Цу шина стага хаьттира ЛутӀе: «Хьан доьзалх кхин цхьа а вуй хӀокху гӀалахь Ӏаш? Я невцарий, я кӀентий, я йоӀарий – милла велахь а кху гӀалара араваккха.
[13] Оха хӀара гӀала йохор ю, хӀунда аьлча Везачу Элана тӀекхоьхьуш кху гӀалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хӀаллакьян».
[14] Ара а ваьлла, шен йоӀаршна тӀехьийзачу кӀенташна тӀевахара ЛутӀа. «Сиха кху гӀалара дӀагӀо, – элира цо, – Везачу Эло кестта йохор ю хӀара». Амма царна моьттура ЛутӀас забар йо.
[15] ШолгӀачу дийнахь сатосучу хенахь маликаша сихвира ЛутӀа. «Кху гӀалина таӀзар дийр ду, – элира цара, – хьайн цӀахь йолу зуда а, ши йоӀ а схьа а эций, дӀагӀо кхузара. ГӀалахь дисахь, шу хӀаллакьхир ду».
[16] Амма ЛутӀа шина даггахь вара, хӀоьттинчу хьолах дика ца кхетара иза. Амма Везачу Эло ЛутӀех къинхетам бира. Цундела цу шина малико иза а, цуьнан зуда а, ши йоӀ а, куьйгаш а лаьцна, гӀалех араяьккхира.
[17] Уьш гӀалех арабевлча, цхьана малико элира: «ХӀинца довда, шайн синош кӀелхьардаха! ГӀалехьа юха ма хьовсалаш! Цхьана а меттехь тогӀи чохь ма совцалаш, лаьмнашка дӀагӀо, довдий. Нагахь совцахь, гӀалица цхьаьна хӀаллакьхир ду шу!»
[18] Амма ЛутӀас элира цаьрга: «Элий, ас доьху шуьга сайга ладогӀар.
[19] Соьца, шайн ялхочуьнца, чӀогӀа лараме ду шу. Аша сан дахар кӀелхьардаьккхи, амма со лаьмнашка вадалур вац. ДӀа а ца кхиъна, вала там бу со.
[20] Кхузахь гена йоццуш цхьа жима гӀала ю, цига вахийтийша со. Цига дӀакхаьчча, кӀелхьарвер вара со, иза жима гӀала ма ю».
[21] Малико элира ЛутӀе: «Дика ду, хьан дуьхьа ас йохор яц и гӀала,
[22] амма сиха дӀавада цига, хӀунда аьлча айхьа хаьржинчу метте хьо кхаччалц, Седам-гӀала йохо йиш яц сан». (Цу гӀалин цӀе «Жиманиг» (Ӏебархойн маттахь «ЦӀоӀар») тиллира, ЛутӀас иза жима ю аьлла дела).
[23] Малх хьалагӀаьттинера, ЛутӀа ЦӀоӀар-гӀали чу кхочуш.
[24] Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гӀаланаш Седам а, Ӏамор а, стигалара цӀе а, саьнгал а чу а хецна.
[25] Везачу Эло хӀаллакйира цигахь йолу гӀаланаш а, ерриг тогӀи а, дерриг ораматаш а, цу гӀаланашкахь Ӏийна дерриг адамаш а.
[26] ЛутӀагӀар бевдда боьлхучу хенахь юхахьаьжначу цуьнан зудчух туьхан тӀулг хилира.
[27] Цу дийнахь Ӏуьйрре гӀаьттина, Везачу Элана ша хьалха хӀуттучу метте вахара ИбрахӀим.
[28] Лаха, тогӀи чу, хьаьжначу ИбрахӀимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кӀур гира.
[29] Ша тогӀи чуьра гӀаланаш йохош, Шена ИбрахӀим дагахь волу дела, уьш йохале, цу гӀаланашкахь Ӏаш волу ЛутӀа араваьккхира Везачу Эло.
[30] ЛутӀа ца ваьхьара ЦӀоӀар-гӀалахь Ӏан, цундела шен шина йоӀаца лаьмнашка дӀавахара иза. Уьш цигахь цхьана хьеха чохь Ӏаш бара.
[31] Цкъа йоккхаха йолчу йоӀа элира жимаха йолчуьнга: «Массанхьа а дуьнен тӀехь божарша зударий балабо. Вайн да воккха ву, ткъа божарий кхузахь бан а бац, цхьаннах а вайшиннан бер хуьлийла дац.
[32] ЧагӀар малийна, вайн да ваха а вина, цуьнца дӀайижа еза вайшиъ. Дегахула вайн хӀу Ӏалашдийр ду вай».
[33] Цу буссехь дена чагӀар малийра шина йоӀа. Йоккхаха ерг цуьнца метта дӀайижира. ЛутӀина ца хиира, иза шеца дӀайижча а, хьалагӀаьттича а.
[34] ШолгӀачу дийнахь йоккхаха йолчо элира жимаха йолчуьнга: «Сийсара со йижира вайн деца, тховса кхин цкъа а цунна чагӀар а малийна, хьо йижа еза цуьнца дӀа. Вайн дех бераш а хилла, вешан хӀу Ӏалашдийр ду вай».
[35] Цу буса а дена чагӀар малийра шина йоӀа. Жимаха ерг дӀайижира метта шен деца. Юха а ЛутӀина ца хиира, иза дӀайижча а, хьалагӀаьттича а.
[36] ЛутӀин ший а йоӀ цунах берах хилира.
[37] Йоккхаха йолчу йоӀа кӀант вира, цуьнан цӀе Муаби тиллира цо (иза «дех винарг» бохург ду). Цунах схьабевлла хӀинца болу муабахой.
[38] Жимаха йолчу йоӀа а кӀант вира. Цо цуьнан цӀе Бен-Ӏамми тиллира (иза «сан гергарчун кӀант» бохург ду). Цунах схьабевлла хӀинца болу Ӏамминхой.