Skip to content
Opens in a new window

[1] Шен некъ кхидӀа а бечу Якъубана дуьхьал Делан маликаш кхийтира.

[2] Уьш гича, Якъуба элира: «ХӀара Делан тоба ю!» Цо и маликаш гинчу меттиган цӀе Махьанайм тиллира (иза «ши тоба» бохург ду).

[3] СеӀир цӀе йолчу махкара Эдом олучу меттехь Ӏаш волчу шен веше Ӏесаве хаам бан нах бахийтира Якъуба.

[4] Цо элира цаьрга: «Сан эле Ӏесаве иштта ала: „Хьан ялхочо Якъуба боху: ‘Со Лабан волчохь хӀара де тӀекхаччалц Ӏийна.

[5] Сан стерчий а, хьелий а, варраш а, уьстагӀий а, гезарий а, ялхой а, гӀарбашаш а бу. ХӀара кхаъ боуьйту ас хьан къинхетаме сатесна’“».

[6] Геланчаша, юха а баьхкина, элира Якъубе: «Хьан ваша Ӏесав волчохь хилира тхо, иза хӀинца хьуна дуьхьал вогӀуш ву, шеца виъ бӀе стаг а валош».

[7] Воьхна а, кхеравелла а хьаьвзинчу Якъуба шеца болу нах а, даьхни а шина тобане дийкъира.

[8] Цо ойла йира: «Нагахь Ӏесав цхьана тобанна тӀелатахь, важа, кӀелхьара а яьлла, дийна юьсур ю».

[9] Якъуба элира: «Сан деден ИбрахӀиман а, сан ден Исхьакхан а Дела, Веза Эла, Ахь элира соьга: „Хьайн лаьтта тӀе, гергара нах болчу юхаверза, Ас дика ваха хаор ву хьо“.

[10] Со хьакъ вац Хьан соьга хедар боцучу безамна а, тешамна а. Со Йордан-хих дехьаваьлча, сан карахь цхьа гӀаж бен хӀумма а яцара, ткъа хӀинца сан шина тобане бекъна бахам бу.

[11] Доьху Хьоьга, сан вешех Ӏесавах со ларвехьа, хӀунда аьлча со кхоьру, ван а веана, иза суна а, зударшна а, берашна а тӀелатарх.

[12] Ахь аьлла ма ду: „Ас хьан аьтто бийр бу, хӀордан гӀум санна, ягар ца яллал тӀаьхье а кхиор ю“».

[13] Якъуба цигахь буьйса яьккхира, шен долчух вешина Ӏесавана совгӀат а кечдира цо:

[14] ши бӀе газа а, ткъа бож а, ши бӀе уьстагӀ а, ткъа ка а,

[15] ткъе итт стен эмкал а, шайн бокъашца, шовзткъа етт а, итт бугӀа а, ткъа виркхел а, итт вир а.

[16] И даьхни тобанашка а декъна, ялхошка дӀа а делла, цо элира: «Сол хьалха дӀагӀо, даьхнина юкъахь меттиг а юьтуш».

[17] Хьалха воьдучу ялхочуьнга Якъуба элира: «Сан ваша Ӏесав дуьхьал а кхетта, цо хьайга хаттахь: „Хьо хьенан ву? Стенга воьду? ХӀара хьенан даьхни ду ахь дуьгург?“,

[18] ахь ала: „Хьан ялхочун Якъубан даьхни ду. Хьуна совгӀатана доуьйтуш ду хӀара, иза ша а ву тхуна тӀаьххье схьавогӀуш“».

[19] Иштта шолгӀачу ялхочунна а, кхозлагӀчунна а, даьхнина тӀаьхьа богӀучу вукхарна а хьийхира цо ала дезарг: «Аша а иштта ала Ӏесаве, иза шайна дуьхьалкхетча.

[20] Кхин тӀе а тоха: „Хьан ялхо Якъуб тхуна тӀаьхьа вогӀуш ву“, – алий». Якъуба ойла йора: «Ас дог кӀаддийр ду цуьнан, сайл хьалха хӀара совгӀаташ а дахьийтина. Юха, тхойша вовшахкхетча, цо со тӀеэца мега».

[21] Иштта совгӀаташ хьалха дӀа а дахьийтина, шаьш севцначу меттехь буьйса йоккхуш Ӏийра Якъуб.

[22] Цу буссехь шен ши зуда а, ши ялхо-зуда а, цхьайтта кӀант а эцна, Ябокх цӀе йолчу хин гечох дехьавелира Якъуб.

[23] Доьзал а, шен бахам а хил дехьа баьккхира цо.

[24] Якъуб ша висинчу хенахь сахиллалц цхьаъ лийтира цунах.

[25] Шега Якъуб эша ца велча, цу стага, кхуьнан хенах чӀогӀа куьг а тоьхна, иза чуьрадаьккхира.

[26] Юха цо элира: «ДӀахеца со, арахь серлайолуш ю». Амма Якъуба элира: «Ахь со декъалваллалц дӀахоьцур вац».

[27] Стага хаьттира: «Хьан цӀе хӀун ю?» «Якъуб», элира Якъуба.

[28] ТӀаккха стага элира: «ХӀинца дуьйна хьан цӀе Якъуб хир яц, Исраил хир ю, хӀунда аьлча хьо, Делах а, нахах а летта, кӀел ца висира».

[29] Якъуба элира: «Доьху хьоьга, хьайн цӀе йийцахь суна». Амма стага хаьттира: «Сан цӀе хӀунда хоьтту ахь?» Цо Якъуб декъалвира.

[30] Якъуба цу меттиган цӀе Пенуал (иза «Делан юьхь» бохург ду) тиллира. Цо элира: «Кху меттехь Делаца юьхь-дуьхьал а нисвелла, дийна висна со».

[31] Малх цунна тӀехула хьалагӀаьттира, иза, астагӀа а лелхаш, Пенуалехула чекхволуш.

[32] Цундела ца юу исраилхоша ха долчуьра хьорзам, хӀунда аьлча Дала Якъубан цу меттигах куьг тоьхна дела.

Дуьненан доладалар — Chapters