[1] ХӀара ду Нохьин кӀентийн Шимин а, Хьамин а, Япатан а тӀаьхьенах хилларг. Лаьттахь хи тӀедалар хиллачул тӀаьхьа церан иштта тӀаьхье хилира.
[2] Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас.
[3] Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат, ТогӀарма.
[4] Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Доданам.
[5] ГӀайренаш тӀехь баха охьахевшинарш массо а Япатан кӀентийн тӀаьхьенах бара. ХӀора кӀентан а шен долахь латта а дара. ХӀора доьзал а алсамболуш, тайп-тайпана къаьмнаш кхолладелира, шен-шен буьйцу мотт а болуш, дӀахӀиттира уьш.
[6] Хьамин кӀентий бара Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан.
[7] Хушин кӀентий бара Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа. РуӀманан кӀентий бара Шеба а, Даддан а.
[8] Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант а вара.
[9] Иза Везачу Элана гергахь воккха таллархо вара, цундела цуьнца дустуш адамашна олуш ду: «Иза, Намрад санна, Везачу Элана гергахь воккха таллархо ву».
[10] Намрад-пачхьалкхана юкъайогӀуш хилла юьхьенца Бавел, Эрахь, Аккад. Уьш ерриш ШанӀар-аренна тӀехь яра.
[11] Иштта цу махкара ваьлла Ашур. Цо хӀиттийна Нунав-гӀала а, Рехьабат-гӀала а, Калахь а,
[12] Расан а цӀераш йолу гӀаланаш а. Нунав-гӀалина а, йоккха йолчу Калахь-гӀалина а юккъехь яра Расан-гӀала.
[13] Мисарх бевлла лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой,
[14] патӀрусхой, шех пӀелаштамхой схьабевлла волу каслахӀамхой, каптӀархой.
[15] КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета.
[16] Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой,
[17] хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой,
[18] арвадихой, цӀемархой, хьаматхой. Цул тӀаьхьа КанаӀанан тӀаьхье дӀасаяьржира.
[19] КанаӀанхойн мохк баьржина бара къилбаседехьа йолчу ЦӀадан-гӀалара дуьйна къилбехьа йолчу ГӀарар-гӀала тӀекхаччалц, ткъа кхузара малхбалехьара Ӏази-гӀалара дуьйна малхбузера Седам а, Ӏамор а гӀаланашна тӀекхаччалц, иштта Удам а, ЦӀабайма а гӀаланашкара дуьйна ЛашаӀ-гӀала тӀекхаччалц.
[20] Иштта яра Хьамин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а.
[21] Шима Япатан воккхаха волу ваша вара. Шимин тӀаьхьенах цхьаъ вара Ӏебар. Иза дерриге а Ӏебархойн тайпа долийнарг вара.
[22] Шимин кӀентий бара Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам.
[23] Араман кӀентий ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Маша а бара.
[24] Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар.
[25] Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилла. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра.
[26] Якхтанан а хилира кӀентий: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь,
[27] ХӀайдарам, Узал, Дикхалла,
[28] Ӏобал, Абумаил, Шеба,
[29] Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш Якхтанан кӀентий бара.
[30] Церан Ӏар дара Мешаъ-махкана а, малхбалехь долчу лаьмнашна а юккъехь долчу лаьтта тӀехь. Ткъа Мешаъ-мохк Сепар-мехкан лаьмнашца бозалуш бара.
[31] Иштта яра Шимин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а.
[32] Иштта яра Нохьин кӀентийн доьзалийн тӀаьхье шен тайп-тайпанана къаьмнашна декъадаларца. Царех даьлла массо а лаьтта тӀехь дӀасадаьржина къаьмнаш, Дала дерриге а латта хьулдеш даийтинчу хил тӀаьхьа кхолладелла долу.