[1] Ибраман зудчун Саретан бер ца хуьлура. Саретан Мисар-махкара ялхо яра, ХӀажар цӀе а йолуш.
[2] Сарета элира Ибраме: «Везачу Эло суна бер ца делла, цундела сан ялхочуьнца дӀавижа веза хьо. Иза доьзалхочух хилахь, цуьнгахула бер хир ду сан». Ибрама шен зудчуьнга ладуьйгӀира.
[3] И дерриге хилира Ибрама КанаӀан-махкахь итт шо даьккхинчул тӀаьхьа. Сарета шен майрачунна Ибрамна Мисар-махкара ялхо ХӀажар елира, цунах зуда яйта.
[4] Ибрамах доьзалхочух хилира ХӀажар. Цу бахьаненна куралла а йина, Саретал ша лакхара хийтира цунна.
[5] ТӀаккха Сарета элира Ибраме: «Со дегабаам болуш хиларна бехке хьо ву. Аса сайн ялхо хьуна елира, ткъа хӀинца ша доьзалхочух хилча, сол а лакхара хета цунна. Везачу Эло къастадойла, тхойшиннах нийса мила ю».
[6] Ибрама элира Сарете: «Иза хьан ялхо ю, цуьнца хьайна луъург де», – аьлла. Сарета чӀогӀа ницкъ бора ХӀажарна, цундела иза Сарет йолчуьра едира.
[7] Везачу Элера долчу маликана Шур-гӀала боьдучу новкъахь, шовданан йистехь, яьссачу арахь карийра ХӀажар.
[8] Малико элира: «Саретан ялхо ХӀажар, хьо стенгара еана, стенга йоьду?» ХӀажара жоп делира: «Со Сарет йолчуьра едда йогӀу».
[9] Везачу Элан Малико элира ХӀажаре: «Хьайн хӀусамнана йолчу цӀа а гӀой, цуьнга ладугӀуш хила».
[10] Юха а элира цуьнга Везачу Элан Малико: «Ас, тӀаьхь-тӀаьхьа дебош, ягар ца яллал дукха тӀаьхье хуьлуьйтур ю хьан».
[11] Кхин а тӀетуьйхира Везачу Элан Малико: «ХӀажар, хьо хӀинца доьзалхочух ю, хьан кӀант хир ву. Ахьа цуьнан цӀе ИсмаьӀал туьллур ю (иза „Далла хеза“ бохург ду). Везачу Элана хаза ма хезара хьуна ницкъ беш.
[12] ИсмаьӀал, акха вир санна, аьрха а, шен лаамехь а хир ву, иза массарна а дуьхьал хир ву, массо а цунна дуьхьал а хир ву. Шен вежаршца мостагӀалла долуш Ӏийр ву иза».
[13] ХӀажара шеца къамел динчу Везачу Элан керла цӀе яьккхира, цо элира: «Со гуш волу Дела ву Хьо». Цо иза элира, хӀунда аьлча ша ойла йина дела: «Баккъалла а гиний теша суна со гуш Верг?»
[14] Цундела Кхадеш олучу меттигна а, Баред-гӀалина а юккъехь йолчу цу гӀунах олу «Дийначу, со гуш волчун гӀу» (Ӏебархойн маттахь: «Беар-лахьай-рои»).
[15] ХӀажара Ибрамна кӀант вира, Ибрама цуьнан цӀе ИсмаьӀал тиллира.
[16] Ибраман дезткъе ялх шо дара, ХӀажара ИсмаьӀал вича.