[1] ПирӀунна тӀе а вахана, Юсупа элира: «Сан да а, вежарий а шайн даьхница а, бахамца а, КанаӀан-махкара схьа а баьхкина, ГӀашанехь бу хӀинца».
[2] Вежарех, хаьржина, пхи стаг валийнера цо пирӀунна тӀе.
[3] ПирӀуно хаьттира цаьрга: «Шун хӀун корматалла ю?» Вежарша жоп делира: «Тхайн дай санна, Ӏуй ду тхо».
[4] Кхин а элира цара: «Кхуза даха даьхкина тхо, хӀунда аьлча КанаӀан-махкахь луьра мацалла ю, даьхни дажо меттиг яц тхан. Доьху хьоьга ГӀашанехь тхуна даха охьаховша бакъо ялар».
[5] ПирӀуно элира Юсупе: «Хьо волчу да а, вежарий а баьхкина.
[6] Мисар-махкара латта хьуна хьалха ду. Оцу лаьттан тоьллачу меттехь охьаховшабе хьайн гергара нах. Шайна лаахь, ГӀашанехь Ӏан а мегар ду царна. Къаьсттина говзанаш царна юкъахь белахь, сан даьхни Ӏалашдан дӀахӀиттабе уьш».
[7] Шен да Якъуб, вала а вина, пирӀунна хьалха хӀоттийра Юсупа. Якъуба пирӀун декъалвира.
[8] ПирӀуно хаьттира цуьнга: «Хьан маса шо ду?»
[9] Якъуба жоп делира: «Со дуьнен чохь лела бӀе ткъе итт шо ду. КӀезиг а, къаьхьа а хилла сан дахаран шераш, сан дай дуьнен чохь леллачу хене дӀа ца нисвелла со».
[10] ПирӀун декъал а вина, дӀавахара Якъуб.
[11] Да а, вежарий а Мисарахь баха ховшийра Юсупа, царна РаӀамсас олучу гӀалина уллохь тоьлла латта а делла, пирӀуно шена тӀе-ма-диллара.
[12] Шен ден а, вежарийн а хӀусамашкара берашка хьаьжжина, массарна а юучуьнца кхачо йира Юсупа.
[13] Цул тӀаьхьа чӀогӀа мацалла хӀоьттира. Мисар а, КанаӀан-мохк а мацалло гӀелбина бара.
[14] Шегара кӀа оьцуш гулделла Мисарахь а, КанаӀан-махкахь а мел долу ахча вовшахтуьйхира Юсупа. ПирӀунан цӀахь латтадора цо иза.
[15] Мисарахь а, КанаӀан-махкахь а ахча кхачийча, берриг а Мисар-махкарчу наха, Юсупна тӀе а баьхкина, элира: «Тхуна бепиг лохьа, ма далийтахь тхо хьайн бӀаьргашна хьалха. Тхан ахча кхачийна».
[16] Юсупа элира: «Шайн ахча кхачийнехь, даьхни схьадаладе, ас цунна дуьхьал ялта лур ду шуна».
[17] Цара Юсуп волчу даьхни схьадалийра. Говрашна а, уьстагӀашна а, гезаршна а, стерчашна а, хьелашна а, варрашна а дуьхьал цо цу нахана ялта делира. Цу шарахь царна ялта латтийра Юсупа дерриг а церан даьхнина дуьхьал.
[18] Шо чекхдаьлча, цунна тӀе а баьхкина, элира цара: «Оха лечкъор дац тхайн элах: тхан ахча а кхачийна, тхан даьхни а хьан дола даьлла, тхайн догӀмашший, латтий бен хӀумма а ца дисна тхоьгахь.
[19] Хьан бӀаьргашна хьалха тхо а, тхан латта а хӀаллак хӀунда хуьлу? Ялтина дуьхьал дӀаэцахьа тхо. Тхайн лаьттаца пирӀунан лоллехь хила реза ду тхо. Латта даьсса ца хилийта а, тхо хенара довлийта а дӀаден хӀу лохьа тхуна».
[20] Иштта Мисарахь долу дерриг а латта ийцира Юсупа пирӀунна. ХӀора мисархочо шен латта доьхкира, хӀунда аьлча мацаллина дан хӀума дацара церан. Латта пирӀунан дола делира.
[21] Ткъа нахах Мисаран цхьана маьӀӀера вукху маьӀӀе кхаччалц Юсупа леш бира.
[22] Динан дайшкара латта ца ийцира цо, хӀунда аьлча массо а хенахь пирӀуно дакъа а кхочуьйтуш, Ӏаш бара уьш. Цундела цара шайн латта ца доьхкира.
[23] Юсупа элира нахе: «ХӀинца ас шу а, шун латта а пирӀунна эцна. ХӀара хӀу ду шуна латта дӀаден.
[24] Шайн ялта кхиъча, цунах пхоьалгӀа дакъа пирӀунна дӀалур ду аша, ткъа диснарг дӀаден а, шуна а, шун берашна а, шун цӀахь болчарна а даа хир ду».
[25] Наха элира: «Ахьа тхо кӀелхьардехи. ПирӀунан леш хир ду тхо, хьо тхайна резаван лаьара тхуна».
[26] Иштта лаьттах долу Ӏедал хӀоттийра Юсупа. Иза тахана а Мисарахь дӀалелаш ду: лаьттах схьадаьллачух дерригенах а пхоьалгӀа дакъа пирӀунна дӀалуш, динан дайн долахь доцург, важа латта пирӀунан долахь а долуш.
[27] Исраилхой ГӀашан олучу меттехь Ӏаш бара. Церан дола дуккха а хӀума а делира, уьш тӀеттӀа дебаш а бара.
[28] Якъуб Мисарахь вуьрхӀитта шарахь Ӏийра, цуьнан бӀе шовзткъе ворхӀ шо дара.
[29] Ша лечу хенахь, шен кӀанте Юсупе схьа а кхайкхина, цо элира: «Хьо суна реза велахь, сан кога кӀел куьг а диллий, дош ло суна, хьо соьца дика а, суна тешаме а хир ву алий. Со Мисар-махкахь дӀа ма воллалахь.
[30] Со сайн дайх дӀакхетча, Мисарара дӀа а хьой, уьш боьхккинчу дӀаволлалахь». Юсупа элира: «Ахь ма-бохху дийр ду ас».
[31] «Дуй баал», – элира дас. Юсупа дуй биира. Маьнги йистехь волу Исраил Далла хьалха охьатаьӀира.