[1] Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хӀоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Ӏамал а е, хьанал ваха,
[2] ткъа Аса вайшинна юкъахь барт а бина, хьан халкъ алсамдоккхур ду».
[3] ТӀаккха Ибрам Далла хьалха суждана вахара. Дала кхидӀа а элира цуьнга:
[4] «ХӀара ду вайшиммо барт барехь Аса тӀелоцун дерг: Аса хьо дукхачу къаьмнийн да вийр ву.
[5] Аса хьан цӀе хуьйцур ю: хьан цӀе Ибрам хир яц, ИбрахӀим хир ю, хӀунда аьлча Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вийр ву.
[6] Аса хьан дукха тӀаьхьенаш хуьлуьйтур ю – хьох схьадевр ду керла къаьмнаш, схьабевр бу паччахьаш.
[7] Гуттаренна а хьан тӀаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тӀаьхьенийн а Дела хир ву.
[8] Хьо тӀевеана лелаш волу КанаӀан-мохк берриг а хьуна дӀалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀа а лур бу, церан Дела а хир ву Со».
[9] Дала элира ИбрахӀиме: «Ткъа хӀара вайшиммо барт барехь ахьа тӀелоцун дерг ду: ахьа а, хьан тӀаьхьенаша а Сан хьоьца хилла барт ларбан беза.
[10] Суна а, хьуна а юкъахь болу, ахьа а, хьан тӀаьхьенаша а ларбан беза барт хӀара бу: массо а шун божарий сунтбина хила беза.
[11] Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дӀахададе – иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю.
[12] КӀентан бархӀ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХӀора шайна вина волу кӀант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза.
[13] Хьан цӀа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догӀмаш тӀехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тӀейогӀучу хенахь гуттара а хир бу.
[14] Муьлхха а сунт ца веш висина боьрша стаг шен халкъо дӀатосур ву, хӀунда аьлча цо Соьца болу барт бохийна».
[15] Дала элира ИбрахӀиме: «Аса хьан зудчунна Саретана керла цӀе туьллур ю. И цӀе хир ю Сарат.
[16] Иза декъал а йина, цунна кӀант лур ву Аса. Цу кӀентан да хьо хир ву. Сарат дуккха а халкъийн нана хир ю, цунах паччахьаш схьабевр бу».
[17] ИбрахӀим бертал вуьйжира, дагахь вела а воьлуш, цо бохура ша-шега: «БӀе шо кхаьчначу сан кӀант хир ву-те? Я дезткъе итт шо кхаьчначу Сарата бер дийр ду-те?»
[18] ТӀаккха ИбрахӀима элира Деле: «ИсмаьӀал мукъана а вахахьара, Ахьа декъал а вина».
[19] Дала элира: «Билггала хьан зудчо Сарата вийр ву хьуна кӀант, ахьа цуьнан цӀе Исхьакх туьллур ю. Аса цуьнца Сайн барт бийр бу, цуьнан ерриг а тӀаьхьенашна гуттаренна а болу барт хир бу иза.
[20] Суна хезира ахьа ИсмаьӀалан цӀе йоккхуш. Аса иза декъалвийр ву, цуьнан дукха тӀаьхьенаш хир ю. Шийтта сийлахьчу элан да хир ву иза, цунах схьадер ду доккха халкъ.
[21] Амма Сарата хьуна тӀедогӀучу шарахь хӀоккху хенахь вен волчу кӀантаца Исхьакхаца бийр бу Аса Сайн барт».
[22] ИбрахӀимца къамел чекх а даьккхина, Дела и волчуьра дӀавахара.
[23] ИсмаьӀал а, шен хӀусамехь бина болу а, ахча делла эцна болу а леш а, берриг а божарий а, кӀентий а схьа а балийна, уьш сунтбира ИбрахӀима. Дала иза шега аьллачу дийнахь уьш сунтбира цо.
[24] ИбрахӀиман дезткъе ткъайоьсна шо дара иза сунтвинчу дийнахь.
[25] Цуьнан кӀентан ИсмаьӀалан кхойтта шо дара цу хенахь.
[26] ИбрахӀим а, цуьнан кӀант а цхьана дийнахь сунтвира.
[27] Цу дийнахь сунтбира ИбрахӀиман хӀусамехь болу массо а божарий: цуьнан цӀа чохь бина леш а, цо эцна леш а.