[1] ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болчу совдегарша Мисар-махка валийра Юсуп. ПирӀунан гӀаролан хьаькам а волуш, цунна уллорчех цхьаъ волчу мисархочо Патипара ийцира иза цаьргара.
[2] Веза Эла вара Юсупца, цуьнан дика аьтто хилира. Хьолахо волчу мисархочун хӀусамехь вехаш вара иза.
[3] Цуьнан хӀусаман дена гора Веза Эла Юсупца хилар а, цо дечу гӀуллакхаш тӀехь гӀо деш Иза хилар а.
[4] Патипар реза вара Юсупна. Цунах хьалхара ялхо вира цо, цӀа а, берриг бахам а Юсупе лело дӀа а белла.
[5] ХӀусамдас Юсуп куьйгалла дан хӀоттийчхьана дуьйна, Везачу Эло декъалйира мисархочун хӀусам Юсупан дуьхьа. Везачу Элан беркат доьссира Патипаран долахь долчунна дерригенна а тӀе: цӀенна а, аренна а.
[6] Цундела цо Юсупах тешна дитинера доллу хӀума а. Юсуп бахьана долуш цхьана а хӀуманна гӀайгӀа яцара цунна, ша юучун бен. Юсуп куц долуш а, хаза а вара.
[7] Дукха хан ялале хӀусамден зуда кхуьнга хьежа елира. Цо элира Юсупе, шеца дӀавижа аьлла.
[8] Амма Юсуп реза ца хилира, цо бохура: «Со волчохь сан эло цхьана а цӀа чохь йолчу хӀуманна гӀайгӀа бан ца оьшу, шен долахь дерг дерриг а сох тешна дитина цо.
[9] Кху цӀа чохь со коьртаниг ву. Сан эло оьшург дерриг а луш ду суна, цхьа хьо йоцург, хӀунда аьлча хьо цуьнан зуда ю. Ас муха бийр бу вон болх, Далла хьалха къа муха латор ду?»
[10] ХӀора дийнахь цу зудчо доьххушехь, цуьнца дӀавижа а, хила а реза ца хуьлура иза.
[11] Цкъа цӀеранаш чохь боцучу хенахь, цхьа гӀуллакх а хилла, чувеара Юсуп.
[12] Цуьнан бедар схьа а лаьцна, зудчо элира: «ДӀавижа соьца!» Амма тӀехулара бедар зудчун карахь а юьсуш, ведда араиккхира Юсуп.
[13] Шегахь бедар а йитина, иза дӀаведдийла а гина,
[14] зудчо, ялхой схьа а кхайкхина, элира: «Хьовсийша, хӀара Ӏебархо вайн цӀа чу валийна, ткъа хӀара вай сийсаздеш ву! Кху чу а веана, соьца дӀавижа гӀерташ вара иза, амма со мохь хьекха хӀоьттича,
[15] шен бедар соьгахь а йитина, веди иза».
[16] Юсупан тӀеюху хӀума шегахь йитира зудчо, хӀусамда цӀа валлалц.
[17] Цунна а изза дийцира цо: «Ахь валийна Ӏебархойн лай со йолчу а веана, со хьийзо гӀерташ вара,
[18] амма ас мохь хьаькхча, шен бедар соьгахь а йитина, ведира иза».
[19] «Хьан лай сан сий дайа гӀоьрти!» – бохура зудчо. Цо дуьйцучуьнга ла а доьгӀна, чӀогӀа оьгӀазвахара Патипар.
[20] Схьа а лаьцна, паччахьан тутмакхаш болчу набахти чу воьллира цо Юсуп. Иштта набахти чу кхечира иза.
[21] Амма цигахь а Веза Эла вара цуьнца. Гуттар а кхуьнан дола деш Ша хиларна, набахтин коьртачу хьаькамана хӀара дикачу агӀор гайтира Везачу Эло.
[22] Набахтин коьртачу хьаькамо массо а тутмакхашна тӀехь куьйгалла дан а, набахтехь долчу хьолах жоп дала а хӀоттийра Юсуп.
[23] Цунна ша тӀедиллинчу гӀуллакхна сагатдан ца оьшура набахтин коьртачу хьаькамо, хӀунда аьлча, Юсупан массо а хӀуманна тӀехь аьтто беш, Веза Эла вара цуьнца.