Skip to content
Opens in a new window

[1] И дерриг а хиллачул тӀаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хӀоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Ӏалашвен йолу гӀап ю. Ас хьуна ден долу совгӀат а доккха ду».

[2] Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Со ирс долуш хилийта хӀумма а лойла дац хьан, хӀунда аьлча сан кӀант вац. Цундела со велча, сан лена, Дамасакхера ЭлиӀазарна, кхочур ду дерриг а сан долахь дерг.

[3] Ахьа кӀант ца велла суна, – элира Ибрама, – цундела сан цӀа чохь вина лай хир ву сан тӀаьхье дӀакхоьхьуш верг».

[4] ТӀаккха Везачу Эло элира Ибраме: «Хьан дерг дерриг а оцу лена кхочур дац. Хьан кӀант хир ву, цунах хьан тӀаьхье а хир ю».

[5] Цул тӀаьхьа, Ибрам четар кӀелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДӀахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье».

[6] Ибрам тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира.

[7] Дала элира Ибраме: «Хьо Хашад-махкара Ур-гӀалара араваьккхина Веза Эла ву Со. Иза Аса дина хӀара латта хьуна дӀадалархьама, хьоьга цуьнан дола дайта».

[8] Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Суна муха хуур ду хӀара латта сан дуйла?»

[9] Везачу Эло элира Ибраме: «Суна лерина кхо шо кхаьчна шинар а, кхо шо кхаьчна газа а, кхо шо кхаьчна уьстагӀ а, кхокха а, къоркхокха а ба».

[10] И дийнаташ Везачу Элана хьалха схьа а далийна, царна урс а хьаькхна, юккъехула шина декъе а декъна, церан эхаш дуьхь-дуьхьал охьаехкира Ибрама. Кхокхарчий ца дийкъира цо шина декъе.

[11] Дукха хан ялале цу бежанийн чархашна тӀелетира дера олхазарш, амма Ибрама дӀалаьхкира уьш.

[12] Малх чубузучу хенахь Ибрамна чӀогӀа наб кхийтира. ГӀенах инзаре кхерам бахьаш бода хӀоьттира цунна гонах.

[13] Везачу Эло элира цуьнга: «Хаалахь, хьан тӀаьхьенах берш хийрачу махкахь тӀебаьхкина нах а хилла Ӏийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бӀе шарахь леш а бина, Ӏазапехь латтор бу уьш.

[14] Амма Аса таӀзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тӀаьхьа хьан тӀаьхьенах болу нах цу махкара дӀагӀур бу, дуккха а хьал а эцна.

[15] Хьо а, кхелхина, хьайн дайшна тӀе дӀагӀур ву са паргӀатдаьлла, кӀорггера хенара а волуш дӀа а вуллур ву.

[16] Йиъ тӀаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тӀе юхадогӀур ду, хӀунда аьлча кхузахь Ӏаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хӀинца а».

[17] Малх чубуьзначул тӀаьхьа чӀогӀа бода хӀоьттира. ЦӀеххьана шена чуьра кӀур хьалаоьху кад а, цӀеран хаьштиг а чекхделира екъначу бежанашна юккъехула.

[18] Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тӀаьхьенна дӀалур ду хӀара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀера сийлахьчу Эпрат-хина тӀекхаччалц,

[19] кхенахойн а, кхеназхойн а, кхадманахойн а,

[20] хьетахойн а, перезахойн а, репахойн а,

[21] эмархойн а, канаӀанхойн а, гӀиргӀашийн а, явсайхойн а латта», – аьлла.

Дуьненан доладалар — Chapters