[1] ИбрахӀима шолгӀа а зуда ялийра. Цу зудчун цӀе Къитурат яра.
[2] Къитурата винера Зимран а, Якхешан а, Медан а, Мадани а, Ишбакх а, Шуахь а.
[3] Якхешан Шебин а, Дадданан а да вара. Дадданах схьабевллера ашурхой а, летушхой а, леумхой а.
[4] Ӏейпа, Ӏайпар, Хьанах, АвидаӀ, ЭлдаӀа цӀераш а йолуш, кӀентий бара Маданин. И берриге а кӀентий ИбрахӀимах а, Къитуратах а схьабевлла бара.
[5] Шен долахь дерг дерриге а ИбрахӀима Исхьакхана дитира.
[6] Ткъа шен гӀарбашаша бинчу кӀенташна совгӀаташ а делла, Исхьакхах уьш дӀа а къастийна, малхбалехьа дӀахьовсийра ИбрахӀима.
[7] ИбрахӀим бӀе кхузткъе пхийтта шарахь вехира.
[8] Эххар а иза кхелхира. Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, дика а ваьхна, кхелхинчул тӀаьхьа шен дайх дӀакхийтира иза.
[9] КӀенташа Исхьакха а, ИсмаьӀала а Мамари олучу меттигна уллохь, Махпела цӀе йолчу хьеха чохь, ЦӀохьаран кӀентан, хьетахо волчу Ӏепронан, лаьтта тӀехь дӀавоьллира иза.
[10] ИбрахӀима хьетахошкара эцна латта а, хьех а яра иза. Шен зудчунна Саратна уллохь дӀавоьллира ИбрахӀим.
[11] ИбрахӀим кхелхинчул тӀаьхьа Дала Исхьакх декъалвира. Беар-лахьай-рои цӀе йолчу меттехь Ӏаш вара Исхьакх.
[12] Саратан ялхочо, мисархочо ХӀажара ИбрахӀимна винчу кӀентан ИсмаьӀалан тӀаьхье хӀара ю.
[13] Иштта ю церан цӀераш: дуьххьара винарг Набуяти, цул тӀаьхьа Къедар, Адбаал, Мибасам,
[14] МишмаӀ, Дума, Маси,
[15] Хьадид, Тейма, Етар, Напуши, Къедима.
[16] Уьш ИсмаьӀалан кӀентийн цӀераш ю. Шийтта тайпанан баьччанийн а, уьш баьхначу меттигийн а цӀераш а ю уьш.
[17] Цхьа бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь а ваьхна, кхелхина ИсмаьӀал шен дайх дӀакхийтира.
[18] Цуьнан тӀаьхьенаш Хьавил-лаьтта тӀера Шур-гӀалина тӀекхаччалц ехаш яра. Мисар-мехкан дозанца йолу Шур-гӀала Ашур-махка боьдучу новкъахь лаьттара. Шайн вежаршца бертахь а боцуш, бехаш бара уьш.
[19] ХӀара ду Исхьакхан тӀаьхьенах хилларг. ИбрахӀиман кӀант вара Исхьакх.
[20] Исхьакхан шовзткъа шо кхаьчча, цо Падан-Арама цӀе йолчу меттера Ребикха ялийра. Иза арамхо волчу Бетаалан йоӀ а, арамхочун Лабанан йиша а яра.
[21] Исхьакхан зуда бер ца хуьлуш яра. Амма Исхьакха Везачу Эле шен зудчух лаьцна дехча, Везачу Эло цуьнан доӀина жоп а делла, Ребикха доьзалхочух хилира.
[22] Цуьнан кийрара бераш кест-кеста тохалора. Везачу Эле, доӀа а дина, хаьттира Ребикхас: «ХӀара хӀун ду соьца хуьлуш дерг?» – аьлла.
[23] Везачу Эло жоп делира цунна: «Ши тукхам ду хьан кийрахь, ши халкъ схьадер ду хьох, амма и шиъ декъалур ду. Цхьаъ вукхул онда хир ду, воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву».
[24] Хан тӀекхаьчча, Ребикхас шала ши кӀант вира.
[25] Дуьххьарлераниг цӀиэн вара, дерриг а дегӀа тӀехь чоьш а долуш. Цуьнан цӀе Ӏесав тиллира (иза «чоьшдерг» бохучух тера ду).
[26] ШолгӀаниг дуьнен чу волуш, Ӏесаван кӀажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цӀе Якъуб тиллира (и ду «КӀажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара.
[27] КӀентий баккхий хилира. Говза таллархо волчу Ӏесаван аренашкахь хан йоккхуш самукъадолура. Якъуб тийна, таьӀна стаг вара, дукхаха йолу хан шен четара кӀелахь йоккхура цо.
[28] Исхьакхана Ӏесав дукха везара, хӀунда аьлча Ӏесава дахьаш долу экханан жижиг тайнера цунна. Ткъа Ребикхина Якъуб дукхавезара.
[29] Цкъа кӀадвелла, мацалла гӀора а доцуш, талла ваханчуьра цӀа веара Ӏесав. Якъуб цу хенахь кхоьш кхехкош вара.
[30] Ӏесава элира Якъубе: «Со мацалла гӀелвелла ву, и цӀен кхоьш лохьа суна». (Цундела аьлла Ӏесавах «Эдом», ткъа иза «цӀениг» бохург ду.)
[31] Амма Якъуба элира: «Делахь, суна дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо схьало».
[32] «Со мацалла леш ву, нагахь со лахь, ас хӀун до сайн хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъонах?», – элира Ӏесава.
[33] Якъуба элира: «Цкъа хьалха дуй баа». Якъубана дуй а биъна, шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо йоьхкира Ӏесава.
[34] ТӀаккха Якъуба Ӏесавана кхоьх йина яа хӀума а, бепиг а делира. Ӏесав, яа а йиъна, мала а мелла, дӀавахара. Иштта атта шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀаелира цо.