[1] Дала элира Якъубе: «Бетал цӀе йолчу меттиге хьала а валий, хьайн вешех Ӏесавах хьо ведда вогӀучу хенахь хьуна Ша гайтина волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечъе цигахь».
[2] Шен доьзале а, шеца болчаьрга а Якъуба элира: «ДӀакхийса шайгахь болу хийра цӀуш, цӀан а лой, тӀера бедар а хийца.
[3] Цул тӀаьхьа новкъа довла кечло, вай Бетала гӀур ду. Халачу дийнахь сан доӀина жоп а делла, со миччанхьа а вахача, соьца хилла волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйийр ю ас цигахь».
[4] Шайгахь болу хийра цӀуш а, лергара чӀагарш а Якъубе дӀаелира цара. Цо уьш Шехем-гӀали уллохь ножан дитта кӀел лаьттах дӀайоьхкира.
[5] Юха уьш новкъа бевлира. Дала кхерам тесира царна гонах йолчу гӀаланашкарчу нахана тӀе, цундела зуламна Якъубан берашна тӀаьхьа цхьа а ца велира.
[6] Якъуб а, цуьнца берш а КанаӀан-махкахь йолчу Луз цӀе йолчу меттиге (хӀинца Бетал) баьхкира.
[7] Цигахь цо Беталахь волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйира, хӀунда аьлча кхузахь Дала Ша вовзийтира цунна, хӀара шен вешех ведда воьдучу хенахь.
[8] Ребикха кхаьбна йолу Дебира елча, иза Бетална лахо лаьттачу ножана кӀел дӀайоьллира. Цундела тиллина цу меттиган цӀе Ӏалун Бахут (иза «делхаран наж» бохург ду).
[9] Якъуб Падан-Арамера юхавеача, Дала, кхин цкъа а Ша гайтина, декъалвира иза.
[10] Дала элира цуьнга: «Хьан цӀе Якъуб ю, амма хӀинца дуьйна хьох кхин Якъуб эр дац: хьан цӀе Исраил хир ю». Иштта Дала цуьнан цӀе Исраил тиллира.
[11] Дала элира: «Со Нуьцкъала Дела ву. Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба. Халкъ а, халкъийн доьзал а, паччахьаш а схьабевр бу хьох.
[12] ИбрахӀимна а, Исхьакхана а делла латта хьуна дӀало Ас, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас иза».
[13] ТӀаккха цуьнца къамел дечу меттера дӀавахара Дела.
[14] Якъуба Дала шеца къамел динчу метте боккха тӀулг хӀоттийра. Цу тӀе Далла лерина чагӀар а, даьтта а доьттира цо.
[15] Дала шеца къамел динчу меттиган цӀе юха а Бетал тиллира Якъуба.
[16] Беталара дӀа а бахана, Эпрати-гӀалина уьш гена боцучу хенахь Рахьал беро хьовзийра.
[17] ЧӀогӀа холчохь йолуш, бала хьоьгура цо. Бер схьаоьцуш йолчу зудчо элира: «Кхера ма кхера, хьан кхин цхьа кӀант хир ву».
[18] Шен са дӀадалале Рахьала кӀентан цӀе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кӀант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кӀант» бохург ду).
[19] Рахьал кхелхира. Эпрати-гӀала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дӀайоьллира иза.
[20] Цуьнан коша тӀехь чуртана тӀулг хӀоттийра Якъуба. И тӀулг хӀинца а Рахьалан коша тӀехь лаьтташ бу.
[21] Шен некъ кхидӀа а бина, Мигдал Ӏедар олучу меттехь четар хӀоттийра Исраила.
[22] Исраил цу меттехь Ӏаш волуш, Раабан шен ден ялхочуьнца Балхьатца дӀавижира. Исраилна хиира иза. Якъубан шийтта кӀант вара.
[23] Леас бина кӀентий: Якъубан дуьххьарлераниг – Раабан, юха ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, Иссархан, Забул.
[24] Рахьала бина кӀентий: Юсуп а, Бен-Яман а.
[25] Рахьалан ялхочо Балхьата бина кӀентий: Дан а, Наптал а.
[26] Леин ялхочо Залпаа бина кӀентий: Гада а, Ашар а. Уьш Якъубана Падан-Арамехь бина кӀентий бара.
[27] Кхиръят-АрбаӀ (хӀинца Хьеврон) уллохь йолу Мамари цӀе йолчу меттехь Ӏачу шен дена Исхьакхана тӀевахара Якъуб. Цигахь цхьана хенахь тӀевеана Ӏийнера ИбрахӀим а, Исхьакх а.
[28] Исхьакхан бӀе дезткъа шо дара.
[29] Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, кхелхича, шен дайх дӀакхийтира Исхьакх. Цуьнан кӀенташа Ӏесава а, Якъуба а дӀавоьллира иза.