Skip to content
Opens in a new window

[1] Адам шен зудчух Хьавах кхийтира. Цо, доьзалхочух а хилла, кӀант вира. Хьавас элира: «Везачу Элан гӀоьнца бер дина ас». Цундела берах цо «Кхаим» элира (Ӏебархойн маттахь иза «дийриг» бохург ду).

[2] Цул тӀаьхьа Кхаиман ваша Хьабул вира Хьавас. Хьабулах жаӀу хилира, ткъа Кхаимах – латталелорхо.

[3] Цхьа хан яьлча, Кхаима шена лаьтто деллачу ялтанах дакъа Везачу Элана хьалха деара.

[4] Ткъа Хьабула шен жена юкъара уггар тоьлла долу дуьххьарлера Ӏахарий деара. Веза Эла резахиларца хьаьжира Хьабуле а, цо деанчуьнга а.

[5] Ткъа Кхаиме а, цо деанчуьнга а реза воцуш хьаьжира Веза Эла. ЧӀогӀа оьгӀазвахана, хьаьжа юккъе шад хӀоттийра Кхаима.

[6] ТӀаккха Везачу Эло элира Кхаиме: «Хьо ма оллавелла ву? Хьо ма оьгӀазе ву!

[7] Ахь диканиг деш хилча, ларамца тӀеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неӀарехь къа лаьтта. И хьо Ӏехо гӀерташ ду, хьо цул тола веза».

[8] ТӀаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гӀой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гӀоьртина, иза вийра.

[9] ТӀаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?» Кхаима элира: «Суна хӀун хаьа? Со гӀарол-м вац сан вешина?!»

[10] ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ахь хӀун дина? Хьан вешин цӀийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара.

[11] ХӀинцачул тӀаьхьа неӀалт кхайкхадо Ас хьуна, хьан карах валар хилла хьан вешин цӀий дӀаоьцучу лаьтта тӀехь.

[12] Ахь латта лелош, цо кхин лур дац, хӀинццалц санна, рицкъа. Ткъа кху лаьттахь, меттиг ца карош, лелар ву хьо».

[13] ТӀаккха Кхаима элира Везачу Эле: «И таӀзар лан ницкъ кхочур бац сан.

[14] Ахьа хӀинца со кху лаьттара а, Хьайн юьхь-дуьхьалара а эккхаварна, со волавелла лела везар ву. Суна дуьхьал мел кхетар волчун со вен таро хир ю».

[15] Везачу Эло элира Кхаиме: «Нагахь санна хьо цхьаммо вехь, цунна ворхӀазза бекхам бийр бу Ас». ТӀаккха Везачу Эло Кхаимна тӀехь тамашийна билгало йира, и билгало хилар бахьана долуш, иза дуьхьал кхетча, цхьаьнгге а ца вейтархьама.

[16] Иштта Кхаим, Везачу Элана хьалхара дӀа а ваьлла, Ӏедан-бешана малхбалехьарчу, Нада цӀе йолчу меттиге ваха охьахиира.

[17] Кхаим шен зудчух а кхетта, церан кӀант хилира. Цунна ХӀанох аьлла цӀе тиллира. Цигахь Кхаима, гӀала а хӀоттийна, шен кӀентан цӀарах ХӀанох элира цунах.

[18] ХӀанохан хилира кӀант Ӏийрад, ткъа Ӏийрадан хилира Махьуяал. Махьуяалан хилира кӀант Матушаал, Матушаалан а хилира кӀант ЛемакӀ.

[19] ЛемакӀа ши зуда ялийра: цхьаннан цӀе Ӏада яра, вукхуьнан – Цилла.

[20] Ӏадас вира кӀант Явал. Четарш чохь Ӏаш а, даьхни лелош а болчеран да хилира цунах.

[21] Ӏадин кхин а цхьа кӀант хилира Ювал, Явалан ваша. Цунах массо зурма а, дечиг-пондар а локхучеран да хилира.

[22] Циллас а вира кӀант, Тубал-Кхаим. Цунах массо тайпана йоьзах а, эчигах а герз деш болчу пхьерийн да хилира. Тубал-Кхаиман йиша яра НаӀмат.

[23] Шен зударшка ЛемакӀа элира: «Ӏада а, Цилла а! ЛемакӀан зударий! ЛадогӀа соьга леррина! Тидам бе сан дешнийн. Сайна чов йича, стаг вийна ас. Цу къонахчо сайна тоьхча, иза вийна ас.

[24] Кхаим вийначунна ворхӀазза бекхам хуьлуш хилча, со вийначунна кхузткъе вуьрхӀиттазза а бекхам хир бара».

[25] Адам шен зудчух Хьавах а кхетта, церан кхин а цхьа кӀант хилира. Цунна ШатӀа аьлла цӀе тиллира (иза Ӏебархойн маттахь «схьавелларг» бохург ду). «Дала кхин цхьа кӀант схьавелла суна. Кхаима Хьабул вийра, ткъа хӀинца сан ШатӀа а ву», – элира Хьавас.

[26] ШатӀин а хилира кӀант, цо цунах Энош элира. Цу хенахь адамаш Везачу Элан цӀе йоккхуш, Цуьнга кхайкха буьйлабелира.

Дуьненан доладалар — Chapters