Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀаккха Аюба жоп делира:

[2] «Бакъ ду, со дика кхета ахь бохучух. Амма Далла хьалха адам нийса муха хир ду?

[3] Нагахь цунна Цуьнца къовсавала лаахь, эзар хаттарна юккъера цхьанна а адаме жоп далалур дац.

[4] Веза Эла хьекъал долуш а ву, Цуьнгахь ницкъ а бу, Цунна дуьхьал а ваьлла, зен ца хуьлуш виснарг мила ву?

[5] ЦӀеххьана Цо лаьмнаш меттахдоху, Шен оьгӀазаллехь уьш харца а до.

[6] Цо латта меттах а доккху, цуьнан баххаш дега а до.

[7] Цо омра дича, малх а схьакхетар бац, Цуьнан седарчий дӀакъовла а таро ю.

[8] Цо цхьаммо стигал дӀасаяржайо, Иза ву хӀордан тулгӀенаш тӀехула лелаш верг.

[9] Дала кхоьллина ду Ча а, Орион а, ВорхӀ Седа а, иштта къилбехь долчу седарчийн массо куьцаш а.

[10] Цо мел деш дерг кхетам тӀе ца кхочуш ду, Цуьнан тамашийна хӀуманаш дагар а далур дац.

[11] Иза уллохула тӀехваьлча, суна гур а вац, Иза гергахула лелча, суна хаалур а вац.

[12] Цунна хӀума дӀадаккха лаахь, Иза хьаьнга сацалур ву? Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа иза хӀунда до?“

[13] Дала Шен оьгӀазалла сацор яц, хӀордан саьрмик болчу РахӀабан гӀоьнчий а Цуьнан куьйгашна кӀел охьатаӀийра.

[14] Ткъа со муха къовсалур ву Цуьнца? Карор дуй суна Цуьнга ала хӀума?

[15] Со бехк боцуш хилча а, соьга Цунна дуьхьал дош дахьалур дац. Соьга сан Кхелахочуьнга нийсо яр бен дехалур дац.

[16] Ас кхайкхинчул тӀаьхьа Цо суна жоп делча а, со тешар вацара, Цунна со дӀахезна аьлча.

[17] Йилбазмох а хьокхуьйтуш, Иза суна тӀекхета, бахьана доцуш сан чевнаш Цо совйоху,

[18] соьга доккха са ца доккхуьйту Цо, сан дахар баланех хьаладузу.

[19] Ницкъах лаьцна аьлча, Иза уггар Нуьцкъалниг ву. Кхелах лаьцна аьлча, Цо олу: „Со кхеле хьан озор вара?“

[20] Со бакъ велахь а, сан матто суна кхел йийр яра. Со бехке вацахь а, Цо со бехке ву эр дара.

[21] Со бехке вац! Сан бала бац сайна хӀуъа хир делахь а, хӀунда аьлча суна сайн дахар къахьделла.

[22] Аса сайга боху: „Массо а хӀума бен доцуш ду. Бехк боцург а ле, бехк берг санна. Массеран а дахар хадош верг Дела ву“.

[23] Еттачу шедо цӀеххьана Ӏожалла еача, бехк боцург дог доьхна хьовзарх кхаьрда Иза.

[24] Дуьне Ӏесачеран кара дӀаделла ду, ткъа Цо кхелахойн бӀаьргаш дӀакъовлу. Цо дӀакъовлуш ца хилча, хьан къовлу уьш?

[25] Сан денош геланчел а сиха дӀаоьхуш ду, цхьа а дика ца гуш, уьш дӀаоьхуш ду.

[26] Уьш, эрзах дина дайн хинкема санна, тӀехдуьйлуш ду, шен ижуна тӀехьаьдда куьйра санна, сиха тӀехлелха уьш.

[27] Ас Хьоьга ала тарлора: „Сайн аьрзнаш дицдийр ду ас, сайн юьхь самукъане хилийта“.

[28] Амма со керлачу вонех кхоьру, хӀунда аьлча суна хаьа Ахьа бехк суна тӀе буьллур буйла.

[29] Со юха а бехке узур хилча, стенна хьега деза аса эрна къа?

[30] Лайн хица юьхь аса йилича а, сайн куьйгаш аса цӀенна сабанца цӀандича а,

[31] Ахьа со тӀаккха а модашна юккъе вуллур вара. Сан бедаршна а со дегаза хетар вара.

[32] Веза Эла со санна долу адам ма дац. Цундела сан аьтто бац Цунна жоп дала а, со Цуьнца цхьаьна кхеле ваха а.

[33] Тхуна юкъахь юкъалеларг велахьара, шен куьйгаш тхуна тӀедахка.

[34] Шен гӀаж суна тӀера Цо дӀайоккхийла, со Шен къематаца Цо кхера ма войла.

[35] ТӀаккха со Цунах ца кхоьруш вист хир вара, хӀунда аьлча хӀинца со сайна чохь кхиниг ву».

Аюб — Chapters