[1] «Левиятан караӀамо хьан сатийсам харц хир бу! Иза цкъа схьахьаьжча а, хьо охьавужур ву.
[2] Иза меттахъхьабан ваьхьар волуш цхьа а вац. ТӀаккха Сан юьхь-дуьхьал хӀотта мила ву?
[3] Соьга декхар такхийта Суна хьалха мила хӀуттур вара? Массо а стигална бухахь мел дерг Сан ду.
[4] Цуьнан меженех лаьцна ца олуш Ӏийр вац Со, иштта цо динчу сийлахь гӀуллакхех а, схьахьаьжча, цуьнан кеп товш хиларх а.
[5] Цунна тӀера бедар хьаьнга схьаяккхалур ю? Цуьнан шалхачу гӀаьгӀна хьаьнга хӀума Ӏотталур ю?
[6] Хьан хьалагӀаттор ю цуьнан бага? Гонах йолчу цуьнан цергаша Ӏадаво.
[7] Цуьнан букъ тӀехь турсийн могӀарш ду, готтачу мухӀаро вовшахтоьхна долу.
[8] Уьш юх-юххехь духкуш ду, царна юккъехула хӀаваъ а чекхдер дац.
[9] Цхьаъ вукхунна улло таьӀна ду, дӀаса ца деккъал вовшахтоьхна.
[10] Цо хьоршам тоьхча, ткъес тоьхча санна хета, цуьнан бӀаьргаш сатасаран зӀаьнарш санна лепа.
[11] Цуьнан багара араюьйлуш цӀе ю, суйнаш дӀаса а детташ.
[12] Цуьнан мерӀуьргашкахула кӀур арабуьйлу, кхехкаш болчу яй чуьра Ӏаь ма-яллара.
[13] Цуьнан садеӀаро кӀоранах а цӀе тосу, ткъа багара аракхуьйсуш цӀеран алунаш ю.
[14] Цуьнан вортанехь боккха ницкъ бу, и къемате хиларо стаг Ӏадаво.
[15] Цуьнан дилханан хершнаш готта дӀатоьхна ду. Уьш меттах ца долу лалийна эчиг санна ду.
[16] ТӀулг санна долу цуьнан дог кхерамбоцуш ду, иза, хьеран бухалара кохьар санна, чӀогӀа ду.
[17] Иза хьалагӀоттучу хенахь турпалхой а Ӏадабо, дог доьхна а болуш, уьш цунах юхабоьрзу.
[18] Цунна тӀе тоьхна долу тур латталур дац, гоьмукъо я цамзано, я пхаро цунна зен дийр дац.
[19] Эчиг цунна ча санна кӀеда ду моьтту, цӀаста цунна мурйоьлла дечиг санна хета.
[20] Иза секхаӀодан пхерчех дӀа ца боду, ткъа ширдолаган тӀулгаш цунна кегаш санна ду.
[21] Шена чхьонкар кхетча, чамхалг Ӏоттаелча санна хета цунна, ткъа гоьмукъ кхетча иза боьлу.
[22] Цуьнан гай кхийрачу пхьегӀийн ира геригаш йолуш санна ду, сазз тӀехула иза лелча, цуьнан лар, мекха такхийча санна, хуьлу.
[23] Хин кӀорге цо, яй санна, кхоьхкуьйту, хӀорд, молханийн чорпа санна, дӀахӀоттабо.
[24] Цо шена тӀаьхьа къегаш йолу лараш юьту, хин кӀоргенна тӀехь къежбелла корта санна хилар хоьтуьйтуш.
[25] Оцу экхане нислуш кхин цхьа а экха дац, цунна кхерам бохург хӀун ду а ца хаьа.
[26] Иза майрра хьоьжу массо а дегалчу экханашка, массо а курачу акхарошна тӀехь иза паччахь ду».