Skip to content
Opens in a new window

[1] «Ткъа хӀинца, Аюб, ас бохучуьнга ла а догӀа, массо а ас олучу дешан тидам а бе.

[2] ХӀинца ас сайн бага дӀайоьллу, сан дешнаш меттан юьххьехь ду.

[3] ЦӀеначу даг чуьра сан дешнаш схьадовлу, суна хууш дерг сан матто цӀена схьабоху.

[4] Со Делан Сино кхоьллина, Нуьцкъалчун Ӏаьнаро суна дахар ло.

[5] Хьайн аьтто белахь, жоп ло суна, соьца къовса кеч а ло, дӀа а хӀоттий.

[6] Далла хьалха со а хьо верриг ву, со-со а ву поппарх вина.

[7] Цундела сох болчу кхерамо хьо Ӏада ма во, хьуна тӀехь болу сан Ӏаткъам беза хир бац.

[8] Суна сайна хезира ахьа мел аьлларг, хьан аз хӀинца а сан лерехь ду:

[9] „Со цӀена ву, зуламаш лелийна а воцуш, со бехказа ву, къинош летийна а воцуш.

[10] Ткъа Далла суна таӀзар дан бахьанаш карадо, со Шен мостагӀа а лору Цо.

[11] Цо сан когашна буржалш тоьхна, ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу“.

[12] Цу тӀехь хьо бакъ вац, Аюб, хӀунда аьлча Дела адамал лекха ву.

[13] ХӀунда къийсало хьо Цуьнца, адамо олучу дешнашна Цо жоп ма ца ло?

[14] Дела адаме юх-юха а вистхуьлуш велахь а, Цо бохург ца тусало стагана.

[15] Цо гӀенах олу стаге я буьйсанан суьртехь, кӀорга наб адамна кхеттачу хенахь я шен меттахь стаг Ӏуьллучу хенахь.

[16] ТӀаккха церан лерг сама а доккхий, дикка гучу тайпана царна лерина долу Шен дӀахьедар до Цо,

[17] стага дан леринарг цуьнга ца дайта а, цуьнан куралла дӀаяккха а,

[18] иштта иза эхартана гена ваккхархьама а, цуьнан дахар Ӏожаллин хих чекх ца далийтархьама а.

[19] Шен меттахь лазарца кхетаво Цо иза, цуьнан даьӀахкашкахь гуттар а тӀом а латтош.

[20] ТӀаккха цуьнан кийрано яа хӀума тӀе ца оьцу, уггар токхе йолу хӀума а цуьнга ца яало.

[21] Цуьнан дегӀ гӀелло, цунах хӀумма а ца дуьсу, хьалха гуш йоцу цуьнан даьӀахкаш гучуйоху.

[22] Цуьнан са эхарте кхочуш ду, ткъа цуьнан дахар – Ӏожалла тӀеяхьаш болчу геланчашка.

[23] Амма нийса муха лела деза гайтархьама, адамна юкъалелаш долу малик делахь, вуно дуккха а долчу маликех цхьаъ,

[24] оцу стагах къинхетам а бина, цо эр ду Деле: „Эхарте кхачарх паргӀатваккхахьа иза, цунах такха дезарг суна карийна“.

[25] ТӀаккха цуьнан дегӀ къона волуш хилларг санна, дӀахӀуттур ду, иза юхавоьрзур ву шен жималлин деношка.

[26] Цо Деле доӀа дийр ду, ткъа Дела цунна тамехь хир ву. Деле Ӏибадат а деш, цо воккхаверца мохь хьокхур бу. Дала цуьнан нийса хьал юхаметтахӀоттор ду.

[27] Нахе дӀадуьйцур ду цо шена хилларг: „Ас къинош летийна сайх, харцдолчух бакъдерг а деш, амма суна догӀу таӀзар Цо суна ца дина.

[28] Эхарте кхачарх со паргӀатваьккхира Цо, хӀинца сан дахар серлонах дуьзна ду“.

[29] И дерриг а Дала адаман дуьхьа деш ду, кхин шозза, кхузза дукхах а деш,

[30] цуьнан са эхарте кхачарх даккхархьама а, цунна дахаран серло лепийтархьама а.

[31] Тидам бе, Аюб, ладогӀа ас бохучуьнга. ХӀумма а ма ала, ткъа аса дуьйцур ду.

[32] Амма хьайн ала хӀума делахь, суна дуьхьал ала. Вист а хила, хӀунда аьлча суна лаьа хьо бехказавоккхийла.

[33] Нагахь хьайн ала хӀума дацахь, вист а ца хуьлуш Ӏе, ас Ӏамор ду хьуна хьекъале дерг».

Аюб — Chapters