[1] Иштта жоп делира шуахьахо волчу Билдада:
[2] «Маца совцур ду те шу и къамелаш дечуьра? Ойла ейша, тӀаккха дийр ду вай къамел.
[3] ХӀунда лору тхо бежанаш санна? Шун бӀаьргашна хьалха тхо кхетам боцуш ду хӀунда моьтту?
[4] Хьо оьгӀазвахханчохь хьайн са доу ахьа. Хьо бахьана долуш дуьне дассо деза ткъа, я тарх шен меттера дӀахилийта еза ткъа?
[5] Ӏесачун серло а кхулур ю, цуьнан цӀеран алу а лепар яц.
[6] Цуьнан четар чохь серлонах бода хир бу, цунна тӀехула болу къуьда дӀабовр бу.
[7] Цуьнан чӀогӀа болар а лахлур ду, шен ойланаша иза вужуьйтур ву.
[8] Цуьнан когаша иза бойнна тӀе вуьгуш ву, бойнан машшаш тӀехула иза воьдуш ву.
[9] Цуьнан кӀажа гуро дӀалоцуш бу, кӀелоно иза схьахоьцуш а вац.
[10] Къайлаха речӀанаш цунна лаьттахь йоьгӀна ю, цуьнан некъаш тӀе доьгӀна гураш а ду.
[11] Массо а агӀор цунна тӀегӀерташ кхерамаш бу, иза цхьана меттера вукху метте вуьйлуьйтуш.
[12] Мацалло цуьнан ницкъ дӀакхоллу. Бохам цунна уллохь кийчча лаьтта.
[13] Цамгаро цуьнан чкъор дӀакхоллуш ду, къизачу Ӏожалло дегӀан меженаш юуш ю.
[14] Шен хӀусаман паргӀатонера схьа а ваьккхина, къематийн паччахь волчу вуьгур ву иза.
[15] Цуьнан метта четар чохь кхин стаг Ӏийр ву, цуьнан хӀусамна тӀе тесна саьмгал хир ду.
[16] Лахара цуьнан орамаш а дакъалур ду, лакха тӀера цуьнан гаьннаш а маргӀалдулур ду.
[17] Дуьнен чохь иза дагавойтуш мел долу хӀума йойур ю, урамашкахь цуьнан цӀе кхин яьккхина хир яц.
[18] Серлонгара бодане иза дӀалоллур ву, кху дуьнен чуьра иза дӀавоккхур ву.
[19] Шен халкъана юкъахь бераш я кхин йолу тӀаьхье хир яц цуьнан, иза Ӏийначу меттехь цхьа а дийна вуьсур вац.
[20] Малхбузера берш цуьнан кхолламах инзарбевр бу, малхбалера берш цунна хиллачух Ӏадийна лаьттар бу.
[21] Баккъалла а, иштта хир ю вочун хӀусам, Дела къобал ца винчун цӀа иштта хир ду».