Skip to content
Opens in a new window

[1] «Сан синна сан дахар къахьделла. Сайна чохь сецор бац аса сайн латкъамаш. Ас буьйцур бу сайн даг чохь болу бала.

[2] Аса эр ду Деле: „Ма ехьа суна кхел. Дийцахьа суна, стенна тӀехь со бехкево Ахь?

[3] Хьуна тамехь ду те суна гӀело яр а, Хьайн куьйгаша виначух кхардар а, ткъа Ӏесачийн ойланех Хьо воьлуш хилар а?

[4] Адаман ши бӀаьрг бу те Хьан, я адамна санна са го те Хьуна?

[5] Тхан дахар санна доца ду те Хьан дахар? Адаман санна ду те Хьан шераш?

[6] Цу бахьаница ас къа латийна хилар Хьо лоьхуш ву те? Цундела ас зулам динийла Хьо леррина толлуш ву те?

[7] Со бехк боцуш вуйла Хьайна хуъушехь, Ахь со дӀа ца хоьцу, со Хьан куьйга кӀелхьара ваккха стаг а вац.

[8] Хьан куьйгаша кеп йина а, кхоьллина а ма ву со, кхачаме а, цӀенна а, ткъа хӀинца хӀаллак хӀунда во Ахьа со?

[9] Дагадаийтахьа, Айхьа со поппарх вина, нисвина хилар. ХӀинца юха а сох чан ян воллу те Хьо?

[10] Ахьа со, шура санна, охьавоьттира, ткъа юха, кӀалд санна, вукъвира Ахьа со.

[11] Дилха а, чкъор а диллира Ахьа суна тӀе, даьӀахкашца, пхенашца вовшахтесира Ахьа со.

[12] Ахьа суна дахар делира, хедар боцу безам а белира, гӀайгӀа барца сан са а лардеш.

[13] ХӀара хилла-кх къайлаха Хьан даг чохь дерг, суна хаьа, иза Хьан даг чохь хиллий.

[14] Аса къа латийча, Ахь цуьнан тидам бийр бара, аса латийнарг таӀзар доцуш дуьтур а дацара.

[15] Со бехке велахь – декъаза хуьлийла со! Со бехке вацахь а, со корта хьалаайа а ваьхьар вац. Эхь хетарх вуьзна ву со, балано со вахийна.

[16] Со жимма хьалатаьӀӀашехь, лом санна, тӀаьхьаволу Хьо суна, Хьайн тамашийна ницкъ юха а суна дуьхьалбоккхуш.

[17] Ахьа суна дуьхьал керла тешаш боху, Хьайн оьгӀазалла чӀагӀ а еш. Юх-юха а керла тобанаш суна дуьхьалйовлуш ю.

[18] ХӀунда ваьккхина Ахьа со сайн ненан кийрара схьа? Цхьана а стеган бӀаьрг кхетале со велла велара!

[19] Со цкъа а хилла а ца хиллехьара! Ненан кийрара схьаволлушехь, коша чу виллина со хиллехьара!

[20] Сан дахаран денойх кӀезиг бен дисна дац те? ДӀаверзахьа соьгахьара, жимма со воккхавейта,

[21] юхавоьрзур воцучу меттиге со дӀакхалхале – бода а, Ӏожаллин ӀиндагӀ а долчу махка,

[22] Ӏаьржа бода лаьттачу а, низам ца хуьлучу а махка, серло а боданах тера йолчу махка“».

Аюб — Chapters