Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀаккха ЭлихӀус шен къамел кхидӀа а дира:

[2] «ЛадогӀа, хьекъалчаш, ас бохучуьнга, шайн лергаш соьга схьадерзаде, кхетам берш,

[3] хӀунда аьлча лергаша дешнаш къастадо, матто юучу хӀуманан чам къастош санна.

[4] Талла а теллина, ваьшна нийса хӀун ду къастор вай, вайна юкъахь диканиг хӀун ду девзар вайна.

[5] Аюба элира: „Со нийса ву, амма Дала сан гӀуллакх кхеле ца диллира.

[6] Со нийса велахь а, харц лоруш ву со. Сан бехк боццушехь, суна йинарг йоьрзур йоцу чов ю“.

[7] Хир вуй ткъа Аюб санна волу стаг? Цо Деле кхардаме хӀуманаш, хи молуш санна, дуьйцу,

[8] иза харцонаш лелочеран накъосталлехь лела, цуьнан некъаш Ӏесачеран некъех дӀакхетта.

[9] ХӀунда аьлча цо боху: „Стагана пайда бац, Далла тамехь хила иза гӀерташ хилча!“

[10] Кхетам берш, ладогӀа соьга! Дала харцдерг лело йиш яц, Ницкъболчо зулам лело а йиш яц.

[11] Цо стагана цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина ло доггӀург, хӀоранна а леларна хьакъ дерг дӀало Цо.

[12] Бакъ ду: Дала харцонца дерг а ца до, Ницкъболчо харцкхел а ца йо.

[13] Хьан хӀоттийна Иза дуьненна Ӏуналла дан? Мила ву дерриг а дуьненна тӀехь куьйгалла деш верг?

[14] Нагахь Цо Шен дог даийтича, Шен са а, садеӀар а Цо юхадаьккхича,

[15] эццахь дуьнен тӀехь мел долу адам, хӀаллак а хилла, чан хилла дӀахӀуттур дара.

[16] Нагахь санна хьайгахь кхетам белахь, со а хезаш, ас бохучуьнга ладогӀа.

[17] Бакъйолу кхел ца езаш верг олаллехь хила йиш юй? Нийса а, сийлахь а волу Дела бехке ван йиш хир ю хьан?

[18] Делан паччахье ала йиш ю: „Хьо – сий доцург ву“, Цуьнан йиш ю элашка а ала: „Шу – Ӏесанаш ду“.

[19] Амма Цо баьччанашка озабезам а ца бо, ткъа хьалдерг къечух а ца къаставо, хӀунда аьлча уьш берриш а Цуьнан куьйгаша кхоьллина бу.

[20] ЦӀеххьана, буьйса юккъе яханчу хенахь, уьш ле. Массо а инзарваьллачохь а вуьтий, уьш дӀакхелха. ПӀелг тӀе пӀелг а тоьхна, Цо ницкъберш дӀалохку.

[21] Везачу Элан бӀаьргаш адаман некъаш тӀехь ду, Цунна адамо мел боккху ког а го.

[22] Яц дуьнен чохь тоьуш бода болу меттиг, харцонаш лелораш къайлабовлалур болуш.

[23] Кхин а леррина адам таллар Цунна ца оьшу, иза Шена хьалха кхеле озадайтархьама.

[24] Таллам боцуш Цо ницкъберш а хьоьший, церан метта кхинаш дӀахӀиттабо,

[25] хӀунда аьлча Цунна хууш ду цара леладо гӀуллакхаш. Буьйсанна царна тӀехь толам а боккхий, уьш дӀахьоьшу Цо.

[26] Ӏесачу нахана санна, царна таӀзар до Дала, массо а нахана уьш гуш болчу меттехь,

[27] Шена тӀаьхьахӀиттинчуьра уьш дӀабирзина дела а, Шен некъийн цара тидам ца бина дела а.

[28] Уьш бахьана долуш, къечеран узарш Далла хьалха ду, ткъа гӀело хьоьгучеран узарш а Цунна дӀахезаш ду.

[29] Иза вист а ца хуьлуш Ӏаш хилча, Цунна хьан бехк буьллур бу? Цо Шен юьхь къайлаяьккхина хилча, Иза хьанна гур ву? Цхьатерра ву Иза халкъана а, адамна а,

[30] диндоцу стаг паччахь вина дӀа а ца хӀоттийна, нахана кӀело йиначуьнга царна тӀехь куьйгалла ца дайта.

[31] Цкъа а Деле аьллий ахь: „Со бехке ву, хӀинца чул тӀаьхьа ас къинош летор дац.

[32] Суна ца хууш дерг Ахь суна Ӏамадехьа? Ас зулам динехь, и саннарг кхин дийр дац“.

[33] Дала деш дерг ахь дӀатоттучу хенахь таӀзар даза Иза Ӏийр ву моьтту хьуна? Хьо ву сацам бан безарг, со вац. Ала хӀинца хьайна хууш дерг.

[34] Кхетам болчара соьга эр ду, со хезна волчу хьекъалчо эр ду:

[35] „Хьекъале къамел дац Аюба дийриг, маьӀна долуш хӀума дац цо бохург“.

[36] Зуламхоша санна, жоьпаш даларна, Аюбана кхоччуш таӀзар динехьара!

[37] Шен къиношна тӀе цо аьрхалла а туху. Вайна юкъахь деза дешнаш а детташ, Деле Ӏеса къамелаш деш ву иза».

Аюб — Chapters