Skip to content
Opens in a new window

[1] «ХӀинца сол жимах берш сох буьйлуш бу. Церан дай ас сайн жа лардеш долчу жӀаьлешна улло а буьтур бацара.

[2] Суна хӀун пайда бара куьйгашкахь болчу ницкъах, оцу дайн гӀора цаьргара дӀадаьхьна хилча?

[3] Къоьллех а, мацаллех а гӀелбелла, буьйсанна яьссачу аренгахь декъа орамаш доура цара.

[4] Коьллашна юкъара сорам боккхура цара, ткъа чаьмза жолам-колл царна кхачанна яра.

[5] Адамашна юкъара дӀалоьхкура уьш, къушна тӀе санна, царна тӀе мохь хьоькхура.

[6] Церан Ӏойла дакъаделлачу хин Ӏаннаш чохь ду, лаьттах долчу оьрнашна а, тархашна а юкъахь.

[7] Коканийн коьллашна юкъахь, варраш санна, Ӏоьхура уьш, нитташна юкъахь шаьш дӀахьулбора.

[8] ЦӀе йоцу, пайда боцу, махкара лаьллина лелош йолу арданг!

[9] Цара сох хӀинца кхардаран йиш лоькху, сох лаьцна цара масалш а даладо.

[10] Царна со дегаза а хета, уьш сох къехка а къехка, со шайна гушшехь, туйнаш а кхуьссу цара.

[11] Сан секхаӀодан зӀенар дӀа а яьстина, Дала со гӀел а вина, суна гӀело а йина. Цундела суна дуьхьал дуьрста йоцуш бу уьш.

[12] Аьтто агӀор суна тӀелета и арданг, сан когаш тӀера со бертал ветта цара, со верхьама шайна некъ а боккхуш.

[13] Цара сан кӀелхьарваларан некъ бохийна, со дакъазаваккхарна аьтто бо цара, цхьа а шайна гӀо деш воцуш.

[14] Пенах даьккхинчу доккхачу Ӏуьргах санна, чулелха уьш суна. Пенан дакъош охьадужучу хенахь суна тӀебеттало уьш.

[15] Ӏадош долу къематаш догӀу суна тӀе, сан юьхькӀам, мохо санна, дӀасабаржабо, со кӀелхьарваларан йиш, марха санна, йов.

[16] Сан са дӀадолуш доллу, баланийн денош тӀекхаьчна суна.

[17] Буьйсанна сан даьӀахкаш лозу, сан лазар а дац цкъа а соцуш.

[18] Боккхачу ницкъаца сан бедар хьийза а еш, Дала сан барзакъан кач дӀалоцу.

[19] Цо со хоттана юккъе кхуссу, хӀинца со чан а, овкъарш а санна ву.

[20] Со Хьоьга кхойкху, амма Ахьа суна жоп ца ло, со Хьуна хьалха лаьтташ ву, амма Хьо соьга схьа ца хьожу.

[21] Нуьцкъала Дела, ма къиза ву-кх Хьо соьца, Хьайн нуьцкъала куьг суна дуьхьал даьккхи-кх Ахьа.

[22] Со хьала а айина, сихачу мохе хьовзавайти Ахьа, чӀогӀа хьоькхучу мохаца со дӀаса а ветта Ахьа.

[23] Суна хууш ду, Ахьа со Ӏожалле вуьгуш вуйла, дуьнен чохь вехаш волу массо а стаг кхочур волчу метте.

[24] Декъазачунна тӀе куьг айдеш хуьлу, орца а дохуш, цунна тӀехь хала киртиг хилча?

[25] Хала дахар долчунах воьлхуш вацара те со? Къечунах къинхетам ца бора те ас?

[26] Ас диканах сатуьйсучу хенахь, бала кхечи соьга, ас серлоне сатесча, бода тӀебеа.

[27] Сан кийрара цӀе дӀа ца йолу, баланийн денош ду суна тӀедаьхкина.

[28] Сан чкъор Ӏаржделла, амма иза малхо Ӏарждина дац. Адамийн гуламна хьалха дӀа а хӀоьттина, ас гӀо доьху.

[29] Со хӀинца чангӀалкхийн ваша а, страусийн доттагӀа а хилла.

[30] Ӏаржделла сан чкъор охьадужу, дерриг а сан дегӀ дагаро дӀалаьцна.

[31] Сан мерз-пондар а бу боьлхуш, тийжаш ю сан зурма а».

Аюб — Chapters