Skip to content
Opens in a new window

[1] ЭлихӀу вистхилла ваьлча, дарца юккъера Аюбе вистхилира Веза Эла.

[2] «Сан Ӏалашонаш хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг мила ву?

[3] ДӀаехка хьайн гӀодаюкъ, къонахчо ма-еххкара: Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло.

[4] Мичахь вара хьо, Аюб, Аса латта дӀахӀоттош? Схьаала Соьга, хьайн кхетам цу хӀуманна тӀекхиънехь.

[5] Мила ву цу лаьттан барам нисбинарг? Хьуна-м хууш ма ду иза! Мила ву цунна тӀехула дустаран тӀийраг дӀасаяржийнарг?

[6] Стенна тӀе хӀоттийна дуьненан бух, хьан биллина цуьнан са нисбеш буьллуш болу тӀулг,

[7] дерриг а Ӏуьйренан седарчаша цхьаьна эшарш лекхначу хенахь, стигалара гуламан декъашхой сакъералуш хиллачу хенахь?

[8] Лаьттан кийрара хиш аралилхинчу хенахь хӀордана хьалхара кевнаш дӀа хьан къевлина?

[9] Ас, духар санна, цунна тӀе мархаш ехкира, буькъачу боданна юккъе иза дӀа а хьарчош.

[10] Ас иштта хӀордана доза а къастийра, цунна хьалха догӀа тухуш йолу кевнан неӀарш а хӀиттош.

[11] Ас цуьнга элира: „ХӀокху метте кхаччалц схьабогӀур бу хьо, амма кхузара сехьайовла йиш яц хьан курачу тулгӀенийн“.

[12] Хьан дахарехь ахьа цкъа а Ӏуьйренна омра диний, я Ӏуьйренан цӀийяларна цуьнан меттиг дӀахӀоттийний?

[13] Ахь сатасарна шен йистошца латта дӀа а лоций, цунна тӀера Ӏесанаш охьакхисса аьлла, тӀедожийний?

[14] Ӏуьйренан цӀийяларехь дерриг а латта, мухӀарна бухахь поппар санна, хийцало, лаьттан лакхенаш а, кӀоргенаш а, духар санна, гучуйовлий, дӀахӀуьтту.

[15] Сатасаро Ӏесачу нахана безаш болу бода дӀалоцу, иштта кхечу нахана ницкъбар цаьргара схьадоккху.

[16] Хьо кхаьчний хӀорд схьаболучу меттигашка? Хьо леллий, кӀоргачу хийн къайленаш а толлуш?

[17] Ӏожаллин кевнаш гайтиний хьуна? Эхартан кевнаш гиний хьуна?

[18] Лаьттан барам стенга кхочу хаьий хьуна? Схьадийца, и дерриг а хьайна хаахь.

[19] Серло ехачу метте муха кхочур ву, мичахь ду бода чохь Ӏаш долу цӀа?

[20] Уьш хила безачу метте дӀабигалур буй хьоьга? Шайн хӀусамашка уьш юхадерзоран некъаш девзий хьуна?

[21] Хьуна иза хууш хир ду-кх, хӀунда аьлча хьо и хан тӀекхачале дуьнен чу ваьлла ву ткъа? Хьан дахаран денош вуно дукха ду ткъа?

[22] Лайн сов йолу хӀума дӀаюьллучу чуваьллий хьо, гиний хьуна къора чохь йолу меттиг,

[23] Ас халачу заманна лерина латтош йолу, мостагӀа тӀелатар я тӀом баллалц.

[24] Муха кхача веза шена тӀера стелахаьштигаш дӀасаяьржаш йолчу меттиге я малхбалехьара мох лаьтта тӀехула дӀасадаьржаш йолчу меттиге?

[25] Хьан доху стигалахь догӀанна некъаш, иштта хьан дохку стигал къекъарца детташ долчу ткъесана некъаш,

[26] цаьрга даьссачу лаьтта тӀе а, адам доцучу аренна тӀе а догӀа даийта,

[27] эрна а, яьсса а аре хих Ӏаборхьама а, бецашка зӀийдагаш тасийтархьама а?

[28] Вуй ткъа догӀанан да? Хьан деш ду тхин тӀадамаш?

[29] Хьенан кийрара араболуш бу ша, ткъа стигалара йис хьан йо?

[30] Хиш а, тӀулг санна, чӀагӀ а лой, дӀахӀуьтту, хӀорд а тӀехулара чӀагӀло.

[31] ВорхӀ Седа цӀе йолчу седарчийн куц хьоьга цхьаьна дехкалур дуй? Орион цӀе йолчу седарчийн куьцан буржалш хьоьга малдалур дуй?

[32] Хьоьга арабаккхалур буй шен-шен хеннахь седарчийн гулам, иштта Нана-ча а, Чен кӀорнеш а цӀе йолу седарчийн куьцаш лело аьтто хир буй хьан?

[33] Хаьий хьуна, стигалийн бакъонаш муха ю? Цаьрга лаьттана куьйгалла дайталур дуй хьоьга?

[34] Мархашка хьайн аз айалур дуй хьоьга, цигарчу хине хьо верриг а ваша а войтуш?

[35] Ткъесаш ахьа аьллачу метте дӀагӀур дуй, эр дуй цара хьоьга: „Тхо кийча ду“?

[36] Мархашна хьекъалалла хьан делла, дохк муха хила деза, хьан кхетам белла?

[37] Мила ву стигалара мархаш ягаръяллал хьекъал долуш а, уьш агӀор а яьхна, догӀа даийттал ницкъ болуш а,

[38] цул тӀаьхьа ченах хатт а хилла, цу лаьттах гӀорзанаш еш верг?

[39] Хьо ижуна тӀаьхьаволу те нана-лоьман дуьхьа, мацделла лелачу цуьнан кӀорнеш юзорхьама,

[40] уьш шайн бен чохь дӀатебна Ӏачу хенахь я уьш коьллаш юккъехь кӀело йина Ӏачу хенахь?

[41] Хьан кечйо хьаргӀанна юург, цуьнан кӀорнеш Деле кхойкхуш, юург ца карош лелачу хенахь?»

Аюб — Chapters