[1] ЭлихӀус, кхин а шен къамел дӀа а деш, элира:
[2] «Жимма собар де, ас гойтур ду хьуна, Делан цӀарах кхин а хӀума ала дезаш хилар.
[3] Ас сайн ойла тайп-тайпанарчу меттигашкара схьаялор ю, со Кхоьллинарг нийса хилар ас билггала гойтур ду.
[4] Бакъду, сан дешнаш харц ца хуьлу. Кхетам кхоччуш болу со хьоьгахьа ву.
[5] Дела сийлахь ву, ткъа цхьа а дӀа ца тотту Цо. Иза сийлахь ву, Цуьнан кхетам кӀорга бу.
[6] Ӏесаниг Цо дийна ца вуьту, гӀело хьоьгучунна нийса кхел йойту.
[7] Шен лаамехь волчунах бӀаьрг ца бадабо Цо, ткъа паччахьашка санна цуьнга олалла дойту, лекхачу даржехь иза хилийтархьама.
[8] Нагахь уьш, буржалш а тоьхна, Ӏазапехь латтош белахь,
[9] Цо дӀагойту цара мел лелийнарг а, дозаллех буьзна уьш хиларна, церан аьрхалла а.
[10] ТӀехдеттаре ладогӀийта церан лергаш дӀадоьллу Дала, иштта шаьш лелочу зуламех дӀаберзар царна тӀедуьллу Цо.
[11] Цуьнга ла а дугӀуш, Цунна гӀуллакх а деш уьш лелахь, цара шайн дахаран денош беркатехь дохур ду, шайн дахаран шераш самукъане дохур ду.
[12] Нагахь Цуьнга цара ла ца догӀахь, уьш Ӏожаллин хих чекхбевр а бу, кхетам боцурш санна лийр а бу.
[13] Даггара дин ца лелочара шайн дегнаш чохь оьгӀазалла латтайо, цара Цуьнга ца кхойкху, Цо шайна буржалш тоьхча а.
[14] Уьш къона болчу хенахь церан синош леш ду, цӀуйн дуьхьа вовшашца лелачу божаршна юкъахь.
[15] Цуьнан бала хьегарехула пекъар паргӀатвоккху Цо, цуьнан гӀело хьегарехула лергаш дӀадоьллу Цо.
[16] Хьо а ваьккхинера Цо готтачу меттера цхьа а дуьхьало йоцучу шуьйрачу аренга, хьуна хьалха токхе шун а хӀоттийнера Цо.
[17] Амма хӀинца Ӏесачунна догӀу таӀзарх вуьзна ву хьо, цунна леринчу кхело а, таӀзаро а схьалаьцна хьо.
[18] Варелахь, хьоле хьо Ӏеха ма вайталахь! Боккхачу кхоэ хьо тила ма вайталахь!
[19] Хьайн хьал доккха хиларна я хьо чӀогӀа гӀерташ хиларна, баланех кӀелхьарвер ву те хьо?
[20] Халкъаш цӀеххьана меттахдохуш йолчу буьйсане са ма тийса.
[21] Варелахь, вочуьнгахьа ма верзалахь, хӀунда аьлча цунах дӀаверзарна гӀело хьоьгуш ма ву хьо.
[22] Хьажал, мел боккха бу Делан ницкъ! Кхин вуй ткъа Цул воккха хьехамча?
[23] Цунна хьан гойтур ду Цо дан дезарг? Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа дийриг зуламе ду“?
[24] Иллешкахь наха дуьйцуш долчу Цуьнан гӀуллакхашна хастамаш бан виц ма ло.
[25] Уьш массо а адамашна гина ду, амма стагана геннара бен уьш гина дац.
[26] Ма сийлахь ву Дела – Цунах вай кхетар дац. Цуьнан шерийн терахь вайга таллалур дац.
[27] Цо хин тӀадамаш Шена схьагулдо, ткъа, догӀа а литтина, царах дохк до.
[28] Мархаша шайн тӀуналла охьаӀанайо, шортта догӀа охьадогӀу адамашна тӀе.
[29] Цхьа а ца кхета, мархаш муха дӀасаяржайо Дала, иштта Шен хӀусамна тӀера стигал муха къекъайо Цо.
[30] Хьажал, Шена гонах Дала стелахаьштиг туху, ткъа хӀордан бух, дӀахьулбина, къайлабоккху.
[31] Оццу тайпана адамашна кхел йо Цо, царна шортта кхача а ло Цо.
[32] Цо куьйгаца схьаоьцу стелахаьштиг, цунна мича кхета деза а дуьйцу Цо.
[33] Ткъесан гӀовгӀано хаам бо дарц хьакхарх, ткъа бежанашна иза тӀедар хууш ду».