Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀаккха Аюба жоп делира:

[2] «Мел хьийзор ву аша со, шайн дешнашца со хьоьшуш?

[3] Хьалха а уьттазза юьхь яьхна аша сан, шаьш са готта хьовзорах оза а ца луш.

[4] Нагахь ас къа латийнехь а, сан гӀалат соьца дуьсур ду.

[5] Нагахь санна со сийсазвина хилар суна тӀех а детташ, суна хьалха шу лакхадовла гӀертахь,

[6] хаалаш: со охьатаӀийнарг Дела ву шуна, Шен гураш суна гонах дӀа а хӀиттийна.

[7] Ас мохь бетта: „Со вуьйш ву!“ – бохуш, амма суна жоп луш цхьа а вац, ас орца доху, амма суна нийсо ца йо.

[8] Суна хьалхара некъ Цо дӀалаьцна, цундела со дӀа ца вахало, сан некъаш тӀе Цо бода хӀоттийна.

[9] Соьга хилла болу ларам Цо дӀабаьккхина, сан коьртара таж а дӀадаьккхина.

[10] Массо а агӀонгара тӀеетта Цо суна, со леш ву! Сан сатуьйсийла дӀаяьккхина, орамашца схьадаьккхина дитт санна.

[11] Иза суна дуьхьал оьгӀазаллех вуьзна ву, Цо со Шен мостагӀа санна лору.

[12] Цуьнан ардангаш суна тӀегӀерта, шайна некъ а боккхуш, цара сан четарна го бина.

[13] Сан гергарнаш суна уллора Цо дӀабаьхна, со вевзарш а сох къехка.

[14] Сан тайпанах берш суна уллора дӀабевлла, со вевзаш хиллачара со вицвина.

[15] Хьешашна а, ялхошна а со хийра хета, царна гергахь со хийра стаг ву.

[16] Сайн ялхочуьнга кхойкху со, амма цо суна жоп ца ло, цуьнга дехарш дан дезаш хуьлу со.

[17] Сан зуда сан Ӏаьнах къехка, сан берашна а со боьха хета.

[18] Божаберашна а со сийсаза хета, со шайна гучуволлушехь, сох кхарда буьйлало.

[19] Сан доттагӀашна а со боьха хета, суна безнарш а суна дуьхьалбевлла.

[20] Сох, чкъор а, даьӀахкаш а бен, хӀумма а ца дисина, валлал бен суна чохь са а дац.

[21] Къинхетам бейша! Къинхетам бейша сох, сан доттагӀий, сох хьакхаделларг Делан куьг ду!

[22] ХӀунда лела шу суна тӀаьхьадевлла, Дела ма-леллара? ХӀунда лела шу суна кхин а мотт бетташ?

[23] Сан дешнаш дӀаяздина делахьара! Уьш тептар тӀехь дӀаяздина делахьара!

[24] Аьчка къоламца дошана тӀехула я массо а ханна тӀулга тӀехь уьш хьаькхна делахьара!

[25] Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а, Иза тӀаьххьара а лаьтта тӀехь дӀахӀуттур вуйла а.

[26] Цамгарша сан чкъор дӀакхаьллинехь а, сайн дилхана юкъара суна Дела гур ву.

[27] Суна сайна гур ву Иза. Сан бӀаьргашна гур ву, тӀаккха Иза суна хийра хир вац. Со хьаьгна ву иза хилийта!

[28] Аша иштта аьллехь: „Цунна тӀаьхьа муха довла деза вай, баланийн бахьанаш цунна чохь карош хилча?“,

[29] кхералаш туьрах, хӀунда аьлча дералло туьре бекхам бойту. ТӀаккха хуур ду шуна кхел юйла».

Аюб — Chapters