[1] Теманхо волчу Элипаза, жоп а луш, элира:
[2] «Далла хӀун пайда бу адамах? Ур-атталла хьекъал долчух хӀун пайда бу Цунна?
[3] ХӀун синкъерам бу Нуьцкъалчунна хьо бакъ хиларх? ХӀун пайда хир бара Цунна хьан некъаш цӀена хиларх?
[4] Цунна хьалха хьо ларамах вуьзна хилар дуй те хьуна Ӏиттарш еш а, хьо кхеле вуьгуш а Иза лелар?
[5] Бакъду, хьан вонаш дукха ду, хьан къинош доза доцуш ду.
[6] Бахьана доцуш вежаршкара закъалташ ийдина ахьа, царна тӀера бедарш а яьхна, уьш беркъа а бохуш.
[7] ГӀелвеллачунна мала хи а ца лора ахьа, мацвеллачуьнга бепиг а ца кховдадора.
[8] Ницкъ болчуьнга ахьа латта схьалоцуьйтура, цӀеяхана верг цигахь ваха а хоуьйтура.
[9] Бисина Ӏаш болу зударий даьссачу куьйгашца ахьа дӀабохуьйтура, ахьа байшкахь болу ницкъ а хӀаллакбора.
[10] Цундела ду хьуна гонах хӀиттийна гураш, цундела хьо цӀеххьана къемато Ӏадийна ву.
[11] Цундела хьуна хӀумма а ца галлал бода тӀебеана, цундела хи тӀедаларо хьо къайлавоккхуш ву.
[12] Дела лекхачу стигалшкахь Ӏаш вац ткъа? Хьалахьажал седарчашка, мел лекха ду уьш!
[13] Ткъа ахьа боху: „ХӀун хаьа Далла? Цуьнга адамна кхел ялур юй те юькъачу мархашна юкъара схьа?“
[14] Мархаша хӀума ган Цунна новкъарло йо, Иза стигалан Ӏаьршашкахула лелачу хенахь.
[15] Ткъа гӀур вуй те хьо кхидӀа а ширачу а, зуламхоша баьккхинчу а новкъа?
[16] Уьш шайн хан а кхачале хӀаллакьхилла, ткъа церан цӀенош хино дӀадаьхьна.
[17] Цара Деле баьхна: „ДӀавала тхуна уллора! ХӀун дийр ду тхуна Ницкъболчо?“
[18] Ткъа Цо церан цӀенош хьолах хьаладузура. Амма ас церан хьехамаш тӀеоьцур бац!
[19] Амма бакъахьа леларг, цаьрга а хьоьжуш, церан дакъазадийлар а гуш, сакъералуш хир ву, цӀена верг царах воьлуш а хир ву:
[20] „ХӀаллакьхилла тхан мостагӀий, ткъа царах диснарг цӀаро хӀаллакдина“.
[21] Делаца тайна хилахьа а, Цуьнца барт болуш вахахьа. Иштта хиларца хьуна тӀе дика догӀур ду.
[22] Цуьнгара схьаболу хьехам дӀаэца, Цуьнан дош хьайн даг чу дӀадилла.
[23] Нуьцкъалчунна тӀе верзахь, хьо юхаметтахӀоттийна хир ву. Нагахь санна хьайн хӀусамера къинош ахь дӀалахкахь,
[24] нагахь хьайн деши ахь ченашка дӀакхоссахь, Апаран деши – Ӏаннийн тӀулгашка,
[25] тӀаккха Нуьцкъала Дела хьан деши хилла дӀахӀуттур ву, Иза иштта къегаш долу дети санна хьуна хир ву.
[26] ТӀаккха хьо Нуьцкъалчунах воккхавер ву, хьайн юьхь Далла дуьхьал а ерзор ю ахьа.
[27] Ахьа доӀа дича, Цунна дӀахезар ду, тӀаккха кхочушдийр ду ахьа хьайн нигаташ.
[28] Ахьа дагалаьцнарг дерриг а кхочушхир ду, хьан некъаш тӀехь серло хир ю лепаш.
[29] Адамаш охьатаӀийна делахь, ахь эр ду: „Хьалаайина хила“, ткъа корта охьабахийтинарг Дала кӀелхьарвоккхур ву.
[30] Бехк берг а Дала кӀелхьарвоккхур ву, цуьнан кӀелхьарвалар хьан цӀена куьйгаш бахьана долуш хир ду».