Skip to content
Opens in a new window

[1] «Сайн бӀаьргашца бина барт бу сан, уьш зудабере хьарамлонца дӀахьожур бац аьлла.

[2] Иштта хилча, хӀун кхоллам бара те лакхарчу Дала суна кечбинарг? ХӀун кхел йинера те суна стигаларчу Нуьцкъалчо?

[3] Зуламхошна лерина дац те дакъазабовлар, харцонаш лелочарна лерина бац те бохам?

[4] Далла ца го те сан некъаш, массо а сан гӀулч Цо ягар ца йо те?

[5] Ас чӀагӀо йо, со харцонаш еш ца лелла аьлла, мекарниг дан сан ког сих ца белла аьлла.

[6] Дала со бакъдолчу терзан тӀехь узийла, тӀаккха хуур дара Цунна, со цӀена вуйла.

[7] Со нийсачу некъа тӀера галваьллехь, сан бӀаьргаша сан дог вонна тӀе дерзийнехь, сан куьйгаш хьарамчу хӀумано бехдинехь, –

[8] ас дӀадийнарг кхечо доийла, сан зӀийдагаш орамашца цхьаьна хьалайохийла.

[9] Нагахь сан дагна уллорачун зуда а езаелла, сайн уллорачун неӀарехь кӀелонаш ас йинехь,

[10] сан зудчо кхечунна кохьар хьийзайойла, цуьнца буьйшуш кхиберш а хуьлийла,

[11] хӀунда аьлча иза хьарамло хир яра, цунна кхелахой кхел ян езаш хир бара.

[12] Иза массо а хӀаллакдеш йолу цӀе хир яра. Ас къа мел хьегнарг дакъазадоккхур дара.

[13] Нагахь ас сайн ялхошца нийсо лелош ца хиллехь, церан сайца къовсам баьлча,

[14] ас хӀун дийр дара, Дела суна хьалха дӀахӀоьттича? Цо сайга хаттар дича, ас хӀун эр дара Цуьнга?

[15] Со Кхоьллинчо и ялхо а ца кхоьллина те? Тхайн нанойн кийрахь тхойшиъ а Цо ца кечвина те?

[16] Ас чӀагӀо йо, къечун дехар ас дӀа ца теттина аьлла, йисина Ӏачу зудчун бӀаьргаш ас ца кхолийтина аьлла.

[17] Ас чӀагӀо йо, сайн бепиг ас сайна ца дитина аьлла, цунах байлахь бисинчарна дакъа а ца деш.

[18] Со жима волчу хенахь дуьйна байлахь бисинчарна да санна хилла, бисина болчу зударшна ненан кийрахь дуьйна гӀо дина ас.

[19] ТӀедуха хӀума цахиларна стага бала хьегар а, къечу стагана тӀетаса хӀума цахилар а сайна гича,

[20] ас царна тӀедуха хӀума лора, сан уьстагӀийн тӀергӀано уьш бох а бора, ткъа цара даггара баркаллаш а олура.

[21] Нагахь ас боберана дуьхьал буй айбинехь, гӀалин кевнехь болчу кхелахошкара сайна гӀо хир дуйла а хууш,

[22] сан куьг белша тӀера охьадужийла, пхьаьрсан голлец каглойла сан куьг.

[23] ХӀунда аьлча Дала сайна бохам барх со чӀогӀа кхоьруш вара. Цуьнан возаллина дуьхьалвала сан ницкъ хир бацара.

[24] Нагахь санна со деших тешнехь, я цӀеначу дешига ас аьллехь: „Хьо сан чӀагӀо ю“,

[25] нагахь санна ас сайн доккхачу хьолах дозалла динехь, сайн куьйгаша къа мел хьегначух со сакъераделла хиллехь,

[26] нагахь санна маьлхан къегаш хиларе а, беттасин сийлахьчу боларе а хьоьжуш,

[27] сан дог царах къайлаха Ӏеха а делла, уьш лара куьйгана барт ас баьккхинехь,

[28] иза кхел ян дезаш долу зулам хир дара, лакхарчу Далла ас тешнабехк бийр бара.

[29] Сайн мостагӀа валар бахьана долуш воккхавеш хилла со, я цуьнга вон деача, сакъералуш хилла?

[30] МостагӀчунна Ӏожаллин неӀалт кхайкхош, сайн баге къа ца летадайтира ас.

[31] Сан хӀусамна чохь болчара эр ма ду: „Аюба жижигах ца вузийнарг вуй ткъа?“

[32] Ваьлла лелачо цкъа а арахь буьйса ца яьккхина: сан цӀийнан неӀарш цунна массо а хенахь дӀайиллина хилла.

[33] Ас чӀагӀо йо, сайн къинош сайн четахь дӀа ца хьулдина аьлла, кхечу адамаша санна, цкъа а сайн зулам ас къайла ца даьхьна аьлла, хӀунда аьлча адамийн тобанех со дӀакъехкар вара, вист а ца хуьлуш, сайн хӀусама чохь сеццал, тукхамашна дола хетарх кхоьрур а вара.

[35] Соьга стаг ладугӀуш велахьара! Айса мел аьлларг чӀагӀдо ас. Нуьцкъалниг суна жоп луш велахьара! Нагахь санна со бехкевеш волчо сан стенна тӀехь бехк бу яздинехьара,

[36] и йоза ас сайн белшаш тӀехь лелор дара, таж санна, иза сайн коьрта тӀе дуьллур дара.

[37] ТӀаккха айса мел баьккхина ког дӀабуьйцур бара аса, элана санна, Цунна улло гӀур вара со.

[38] Сан лаьтто суна дуьхьал кхайкхош делахь, оханна тӀера хершнаш доьлхуш делахь,

[39] ас царна тӀера ялта мах боцуш диънехь, я цу ахархойн дегнаш ас дохийнехь,

[40] кха тӀехь кӀен метта коканаш долийла, ткъа мекхан метта асар хьалакхуьийла». Цу тӀехь чекхделира Аюбан къамел.

Аюб — Chapters