[1] Иштта жоп делира наӀматхо волчу Цупара:
[2] «Сан ойланаша соьга жоп долуьйту, цундела вистхила сихвелла со.
[3] Со сийсазвоккхуш тӀехбеттамаш суна хезаш хилча, сан кхетамо со иракарахӀоттаво царна жоп дала.
[4] Хьуна хууш дац, тоххара дуьйна схьа, лаьтта тӀехь адам кхоьллинчу хенахь дуьйна,
[5] харцволчун синкъерам кӀеззигчу ханна буйла, Ӏесачун самукъадалар йоццачу ханна бен доцийла а?
[6] Цуьнан куралла стигала кхаччалц лакхаяьлча а, цуьнан корта мархех хьекхалуш хилча а,
[7] иза шен боьхалла санна, массо а ханна дӀавер ву, ткъа иза хьалха гина болчара: „Мичахь ву иза?“ – бохуш, хоьттур ду.
[8] ГӀан санна, карор воцучу тайпана къайлавер ву иза, буьйсанан сурт санна, гучуьра дӀавоккхур ву иза.
[9] Иза гина болчу бӀаьргашна кхин гур вац и, ваьхначу меттигашна а кхин гур вац иза.
[10] Цуьнан кӀентий сагӀадоьхучарна хьалха а хьесталуш лелар бу, цо гулдина хьал цара юхадала дезаш ду.
[11] Цуьнан дегӀ дузийна хилла къоналлин ницкъ цуьнца цхьаьна кошан ченала буьжур бу.
[12] Вон цуьнан багахь мерза делахь а, цо маттана бухахь иза дӀалачкъадахь а,
[13] иза лардеш, охьа а ца кхуссуш, шен багахь, стигална буьххьехь латтадо цо.
[14] И санна кхача гай чохь муьста хир бу, цуьнан кийрахь лаьхьанан дӀовш хилла дӀахӀуттур бу.
[15] Цо дӀакхаьллина болу дуьненан бахам схьаӀеттор бу, Дала цуьнга иза цуьнан кийрара схьатосуьйтур бу.
[16] Цо цӀубдеш дерг лаьхьанан дӀовш ду, лаьхьанан матто иза вуьйр ву.
[17] Цо зовкх хьоьгур дац татолех а, мазах а, кӀалдах а дуьзна долчу хих а.
[18] Къахьегарца ша гулдинарг, дӀа а ца кхоллуш, юхадала деза цо, йохкаэцарх ша яьккхинчу санах цо зовкх хьоьгур дац,
[19] хӀунда аьлча цо нах бацийна, ца вешаш, ша дина доцу церан цӀенош схьа а даьхна.
[20] Цуьнан сутаралла бух боцуш яра, цуьнан лаамийн доза а дацара.
[21] Цхьа а хӀума цо дӀакхаллаза дисна дац, цундела цуьнан беркат дукха лаьттар дац.
[22] Шен совбаьллачу бахамна юкъахь цунна готта хир ду, цуьнан синан бала массо а ницкъаца цунна тӀе охьабужур бу.
[23] Шен тӀингар цо эккха йоллуш юзош хилча, Делан оьгӀазалла юссур ю цунна тӀе, догӀа санна, цунна тӀе таӀзарш а доуьйтур ду.
[24] Шаьлтанах кӀелхьарвалар цуьнан хилахь а, цӀестан секхаӀодан пха цунах кхетар бу.
[25] И пха схьабаккха иза хӀоттахь, цуьнан стима юккъера къегаш иза схьабалахь, эццахь евзар ю цунна Ӏожаллин инзаралла!
[26] Ӏаьржа бода бу иза ларвеш цуьнга хьоьжуш. Цхьаммо а серлайоккхуш йоцучу цӀаро дӀакхоллур ву иза, цуьнан четар чохь мел хилла долу хӀума а хӀаллакьхир ду.
[27] Стигало цуьнан харц хилар дӀадоьллур ду, латта а цунна дуьхьалдер ду.
[28] Цуьнан цӀера цо мел гулдинарг дӀадер ду, хи санна, дӀагӀур ду Делан оьгӀазаллин дийнахь.
[29] Иштта хир ду Ӏесачун Делера долу дакъа, иштта Делера кхел а хир ю цунна».