Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀаккха Аюбан кхо доттагӀа цунна дуьхьал хӀумма а ца олуш сецира, хӀунда аьлча иза ша бакъ хиларх тешна вара.

[2] Эццахь бузихойх волу Барахиалан кӀант ЭлихӀу оьгӀазвахара. Иза ша Раман доьзалера вара. ЭлихӀу Аюбана оьгӀазвахара, цо ша Делал а чӀогӀа бакъвар бахьана долуш.

[3] Иштта Аюбан кхаа доттагӀчунна а оьгӀазвахара ЭлихӀу, хӀунда аьлча цара, Аюбана дала жоп ца карийнехь а, цунна бехк биллира.

[4] ЭлихӀу Аюб вистхилла валлалц собар деш вара, хӀунда аьлча къамел деш берш берриш а цул баккхий бара.

[5] Амма, важа кхоъ кхин хӀумма а ца олуш сецча, иза оьгӀазвахара.

[6] Бузихо волчу Барахиалан кӀанта ЭлихӀус элира: «Шерашца дуьстича, со шул жима ву, ткъа шу сол даккхий ду. Цундела озавелла, сайна хетарг ца олуш Ӏаш вара со.

[7] Ас сайга бохура: „Хан яьлларш бист хуьлуьйтур бу ас, воккханиг ву хьекъалалла дала дезаш верг“.

[8] Амма адамна хьекъал лург Делан Са ду, Нуьцкъалчун Ӏаьнаро цунна кхетам ло.

[9] Бакъ дац хан яьлла волчун бен хьекъал дац бохург, къоначарна а го нийсонца дерг.

[10] Цундела ас боху: „ЛадогӀа соьга, со а сайна хууш дерг ала воллу“.

[11] Ас собарца ладуьйгӀира шун къамелашка, леррина ладуьйгӀира шун хьекъалечу дешнашка, шаьш ала дезарг аша лоьхучу хенахь.

[12] Дикка хьоьжуш вара со шуьга, амма шух цхьаммо а Аюб къар а ца вира, цо аьллачунна дуьхьал жоп а ца делира.

[13] Аша баха ца оьшу: „Аюбана чохь хьекъалалла карийна тхуна“. Аюб къарвийриг Дела хир ву, адам хир дац.

[14] Аюб соьга луьйш вацара, цундела ас цунна жоп аша санна лур дац.

[15] Уьш дог доьхна лаьтта, кхин хӀумма а алалуш а боцуш. Церан хӀумма а ала ца дисна, уьш дӀасецна.

[16] Со мел хьежарх а, уьш бист хуьлуш бац, кхин хӀумма а ца олуш, дӀасецна уьш.

[17] Цундела ас сайгара жоп лур ду, сайна хууш дерг а эр ду,

[18] хӀунда аьлча дешнех хьалавуьзна ву со, ткъа сан кийрахь долчу сино Ӏаткъам бо суна.

[19] Сан кийра садеӀалуш доцу керла чагӀар санна бу, иза эккха боллуш болу пӀаьлдиг санна бу.

[20] Соьга алийта, суна атта хилийтархьама. Сан балдаш дӀаделлийта, соьга жоп далийтархьама.

[21] Цхьаьнгге а ас озабезам бийр бац, цхьана а адамна хьеста а лур вац со.

[22] Суна хьеставала ца хаьа, амма иза иштта ца хилча, со Кхоьллинчо со сихха дӀавоккхур вара».

Аюб — Chapters