Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀаккха наӀматхо волу Цупар Аюбе вистхилира:

[2] «Дуккха а дийцинчу дешнашна дуьхьал дала жоп дац те? Дукха къамелаш деш верг бакъ ву ткъа?

[3] Хьан даьссачу къамелаша тхо дист ца хуьлуш сацор ду моьтту хьуна? Кхаьрдаш волу хьо цхьаммо а юьхьӀаьржачу хӀоттор вац моьтту хьуна?

[4] Ахьа Деле боху: „Сайн хьехамехь со бакъ ву, Хьан бӀаьргашна хьалха со цӀена ву“.

[5] Суна луур дара, Аюб, Дела хьоьга вистхила, хьуна дуьхьал Цо Шен бага схьаелла.

[6] Шен хьекъалаллин къайленаш Дала хьуна йовзуьйтур елахьара, бакъйолчу хьекъалаллин цхьа агӀо хилла ца Ӏарна. Суна луур дара хьуна хаийта, Далла хьан къинойх цхьадерш дицдалийтина хилар.

[7] Делан кӀоргачу къайленашка хьо билггал кхачало те? Нуьцкъалчу Делан бухбоцучу бакъдолчух хьан кхета ницкъ кхочий те?

[8] Иза стигалел лекха ду – муьлха адам цига кхачалур ду? Иза эхартал кӀорга ду – муьлхачу стагана иза хаалур ду?

[9] Цуьнан барам лаьттал беха бу, иштта иза хӀордал шуьйра бу.

[10] Цо, схьа а веана, милла а набахти чу а воьллина, иза кхеле озийча, Цунна дуьхьал мила вер ву?

[11] Цунна харцонаш лелориг вевза. Нагахь санна Цунна зулам гахь, Цо иза дагахь латтор дац?

[12] Хьекъал доцург хьекъале верзийча, виркхело йинчу вирах адам хир дара.

[13] Хьан дог чӀогӀа Далла тӀетевжаш хила деза, Цуьнга дӀакховдо деза ахьа хьайн ши куьг а.

[14] Хьайн куьйгашна тӀе вониг латийнехь, хьайгара генна дӀакхосса деза ахьа, ткъа хьайн четар чохь зулам а ма Ӏайта.

[15] ТӀаккха хьанна а нийса бӀаьргаш чу хьажалур ву хьо, цхьаннах а ийза ца луш лелар ву хьо, цхьаннах а кхоьрур а вац хьо.

[16] ТӀаккха хьайн гӀайгӀа билггал бицбийр бу ахьа, дӀадахана хи санна бен, иза дага ца лоцуш.

[17] Хьан дахар делкъенан малхал къегар дара, боданах Ӏуьйренан серло хир яра.

[18] Хьайн сатуьйсийла йолу дела, хьо маьрша хир вара. Дала лар а веш, хьо кхерамбоцуш наб кхеташ хир вара.

[19] Цхьаммо а кхера а ца веш, хьо дӀавуьжур вара, дукхахберш хьуна хьалха хьесталуш а хир бара.

[20] Ӏесачеран бӀаьргашна са кӀезиг гур ду, шаьш кӀелхьарбовла церан йиш хир яц. ТӀаьххьара а, садалар бен, церан сатуьйсийла хир яц».

Аюб — Chapters