[1] ТӀаккха Аюба, жоп а луш, элира:
[2] «Ма бакъ ду иза! Шу нехан бага ю теша? Шуьца цхьаьна хьекъалалла лийр ма ду!
[3] Ткъа сан а ма ду хьекъал, шун санна. Ткъа со а ма вац шул оьшуш – иза хьанна ца хаьа?
[4] Деле кхойкхуш, Цо жоп луш хилла волчу, сох белам хилла сан доттагӀашна. Нийса а, кхачаме а волчу сох кхардам хилла.
[5] Синтем болчунна моьтту бохамах кхарда веза. Ког тасабелларг чутоттуш ву.
[6] ПаргӀат ду талорхойн хӀусамашкахь, Дела оьгӀазвохуьйтурш а синтеме Ӏаш бу, цара Дела шайн карахь лелош волуш санна.
[7] ТӀаккха хатта акхарошка – цара хьоьхур ду хьуна, стигаларчу олхазарша дуьйцур ду хьуна.
[8] Лаьттаца къамел де – цо хьоьхур ду хьуна, хӀорда чуьрачу чӀерашка а дийцийта хьайга.
[9] Царах массарах а хьанна ца хаьа, Везачу Элан куьйго и дерриг а дина дуйла?
[10] Цуьнан карахь ду хьуна массо а дийначу хӀуманийн синош а, иштта массо а адамийн синош а.
[11] Маттана юучун чам хааре терра, лергана а ца девза ткъа дешнаш
[12] Къеначаьргахь хьекъалалла карор ду хьуна, дукха ваьхнарг кхетам болуш ма хуьлу.
[13] Делехь ду хьекъалалла а, ницкъ а, иштта Цуьнгахь бу хьехам а, кхетам а.
[14] Цо дохийнарг юхаметтахӀотталур дац, Цо чувоьллинарг паргӀатвер вац.
[15] Цо догӀа сацадахь, массо а хӀума якъалур ю, Цо хиш схьахецахь, цара дерриг а латта хӀаллакдо.
[16] Цуьнгахь ницкъ а бу, говзалла а ю, Цуьнан карахь ву Ӏехориг а, Ӏехийнарг а.
[17] Хьехамчаш Цо хьекъалх эшабо, кхелахойх Цо сонтанаш а хуьлуьйту.
[18] Паччахьашна тӀера хаза духарш дӀа а дохий, лейн бедарш царна тӀеюхуьйту Цо.
[19] Динан дай Цо даржах эшабо, чӀагӀбина куьйгалхой херцабо, уьш тоххара дуьйна белахь а.
[20] Тешамечу хьехамчийн къамелаш а сацадо, къеначеран къасторан хьуьнар а эшадо.
[21] Сийлаллехь болчеран сий а дойу Цо, ницкъ болчаьргара ницкъ а дӀабоккху.
[22] Боданехь хьулдинарг а Цо гучудоккху, Цо Ӏожаллин бода а серлонга боккху.
[23] Цо халкъаш доьбуьйту, уьш хӀаллак а до. Къаьмнаш нуьцкъала а до, юха уьш дӀа а дуьгу.
[24] Дуьненан мехкийн куьйгалхошкара хьекъал дӀа а оьций, уьш некъаш доцучу аренгахула буьйлабелла лоьлуьйту Цо.
[25] Куьйган уьшаршца боданехь лела уьш, бехна нах санна, уьш тоьхкуьйту Цо».